Авторханов Iабдурахьман

АВТОРХАНОВ  IАБДУРАХЬМАН  (1908 – 1997шш.) 

            Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь, ахархочун, Гиназан доьзалехь 1908-чу шеран эсаран беттан 25-чу дийнахь. И терахь шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна. Шен дагалецамашкахь автора йаздо: «…я родился Бог весть когда, что-то между 1908 – 1910 годами» (Мемуары».1983). Делахь а цуьнан дахарх лаьцна йаздечохь массанхьа лелош дерг 1908 шо ду.  
Йуьхьаьнца шайн йуьртарчу хьуьжарехь дешна Авторханов Iабдурахьмана. Оцу хенахь Нохчийчохь ишколаш башха дукха а ца хилла. Лаха-Неврехь халкъан хьехархочо, серлончас, Хакишев Солтас схьайиллинера ишкола, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь дешар долуш. Хьуьжаре леларца цхьана оцу ишколехь а дешна Iабдурахьмана.
            Шинахьа  (хьуьжарехь а, школехь а) цхьаьна хенахь  дешар йуьхьаьнца мелла а чолхенаш йолуш хиллехь а, Къуръан дагахь Iамор а, шен логикица, дош кхолларан хьелашца Iаламат башха йолу Iаьрбийн грамматика Iамор а, хьекъал кхиаран гимнастика санна а хилира, оьрсийн меттан грамматика Iамор дустаран хьесапехь дIадоло  таронаш а хилира шен бохуш, йаздо Авторханов Iабдурахьмана. Лаха-Неврера ишкола пхеа классах лаьтташ йара, хьуьжарехь иттех шарахь деша дезара. Ишкола чекхйаьккхина ваьлча, хьуьжарера шен дешар дIахьош вара Iабдурахьман. Хьуьжарехь Iаьрбийн моттий, Iаьрбийн литературий Iаморал совнаха, философих дозаделла долу Iилманаш (логика, диалектика, астрологи, космографи, метафизика), ислам (Къуръан), шариIат  Iамош хилла.  Амма шайн дешарца догIуш долу жайнаш бен, кхийолу литература йешар магош ца хилла хьуьжарехь. МутаIеламаша къайлах йоьшуш-м хилла Iаьрбийн маттахь йолу кхин литература а, масала, «Эзар а, цхьаъ а буьйса», «Зулкъарни Искандерах легендашший, цуьнан леламашший», Турпала Iелех а, цуьнан кIентех а лаьцна дийцарш. Уьш хьуьжарехь дешарна лакха бевллачарна бен деша хууш ца хилла. Iабдурахьман ца кхиъна Iаьрбийн дешаран лакхенашка кхача, кхуьнгахь  дешарца ца  догIуш долу жайнаш а, книгаш а гучу а йевлла, дIаваьккхина хьуьжарера.
Iабдурахьман жима волуш нана кхелхина цуьнан. Да кIантаца башха кIеда-мерза а ца хилла. ЦIера ваьлла Соьлжа-ГIала а вахна, цигара муьлххачу а цхьана ишколехь деша лууш хилла Iабдурахьман. Аьтту а баьлла 1923 шеран  мангалан беттан 2-чу дийнахь, интернатан тайпанчу берийн цIийне дIаэцна иза. Цхьа-ши бутт балале «Детский учебный городок» аьлла, цIе а тиллина Асланбековски (хIинца Энахишка) дIайаьхьна кхера интернат. Iабдурахьман, кхиамца экзаменаш дIа а йелла, интернатерчу Эльдарханов Таьштамаран цIарах йолчу шолгIачу даржан ишколан лакхарчу классе ваьлла. Ишколехь хьоьхура лаккхара говзалла йолчу хьехархоша. ХIара ишкола чекхйаьккхина волучу хенахь Соьлжа-ГIалахь схьайилира партийни ишкола. Цига деша ваха атта а дара, дешархошна дерриге маьхза а дара: йукъарIойла, духар, йаар, цул совнаха доккха стипенди а дара. Партийни ишкола чекхйаьккхина ваьлча, Москва КУТВ (Коммунистический университет трудящихся востока) деша а вохуьйтура. Оцу хьелаша Iехийна Соьлжа-ГIалахь хIетта схьайиллинчу партийни ишколе деша вахна Iабдурахьман. Кхиамца чекхйаьккхина партийни ишкола а. Цул тIаьхьа деша хIоьттина Соьлжа-ГIаларчу рабфаке. Рабфакехь шолгIачу курсе ваьллачу хенахь, иза деша хьажийна Москвахь йолчу ИКП (Институт красной профессуры). Институтан кечамбаран отделенин хьалхарчу курсе деша дIаэцна Iабдурахьман. Хьалхара курс чекхйаьккхинчул тIаьхьа Институт а йитина цIа а веъна, шен йуккъера образовани чекхйаккхархьама рабфаке йуха деша дIахIоьттина иза. Рабфакан тIаьххьарчу курсехь доьшуш волуш областан а, крайн а изданешкахь арайийлина цуьнан дуьххьарлера статьяш. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, 1930-чу шарахь, арайаьлла  цуьнан дуьххьарлера книга «К основным вопросам истории Чечни». Оцу книги тIера цитаташ йалийна, авторан цIе а ца йоккхуш,
         Рабфак чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Iабдурахьман деша вахна Соьлжа-Г1алара маьхкдаьттан институтан химически факультете. Амма цигахь доьшийла ца хилира. Дешар долийна дукха хан йалале, партин Обкоме кхайкхина дIа а вигна, орготделан куьйгалхо хIоттийна, кхуьнан дуьхьало тидаме а ца оьцуш. Иза жоьпаллин болх бара, цу хенахь Обкоман секретаран дарж цхьаъ бен ца хилла, орготделан куьйгалхо, Обкоман секретаран заместитель ларалуш хилла. Авторханов Iабдурахьман, болх жоьпаллин белахь а, шен балхаца дика ларалуш вара.           Авторханов Iабдурахьман партин политика а йевзаш, шен болх дика дIакхехьа а хууш, доьналла а долуш белхахо хилла.    Иза, Нохчийчоьнан «Пролетарски йаздархойн ассоциацин» куьйгалхо хаьржина а хилла. Цо гIо дина нохчийн йаздархойн произведенеш зорбанехь арахеца, нохчийн литературех лаьцна статьяш йазйина.            Авторханов Iабдурахьман пачхьалкхан чиновникан дарж башха дезаш, цунах самукъадолуш вацара, иза даим кхоллараллин балхана тIегIерташ, литературни болх бан лууш хилла. Ша дехар а дина ОблОНО куьйгалхочун балхара дIа а ваьлла, Нохчийн къоман театран директор вахна иза. Авторханов Iабдурахьман куьйгалле веъча, къоначу нохчийн театрехь хаъал хийцамаш хилла диканехьа.      
      Авторханов Iабдурахьман шен даймохк а битина дозанал дехьа валар, ца ваьлла дина хIума хилла.      Авторханов Iабдурахьмана «Набат» цIе йолу журнал арахецна, цу тIехь зорбатоьхна шен «Философия тирании» корта  а болуш йоккха цикл статьяш.  Цул тIаьхьа «Свободный Кавказ» журнал арахеца а долийна. 1950 шарахь Мюнхенехь «Институт по изучению истории и культуры СССР» кхоьллинчарна йуккъехь а хилла, оцу институтан директоран заместитель а хаьржина иза.          Радио «Освобождение» (тIаьхьа «Свобода» цIе тиллина) кхуллуш дакъа а лаьцна Авторханов Iабдурахьмана.      1948-чу шарахь, Авторханов Iабдурахьмане цхьана ханна кхайкхина Гармиш гIалахь йолчу американски армин ишколе, Советски Союзах лаьцна лекцеш йеша.      Эмиграцехь йоккхачу эвсараллица болх бина Авторханов Iабдурахьмана. Iабдурахьманан эмиграцехь дуьххьара арайаьлла книга «Покорение партии» хилла.  И книга 1951-чу шарахь «Сталин у власти» цIе а йолуш  арайаьлла Парижехь французийн маттахь. Книгин Iаламат боккха кхиам хилла. ТIаьхьа цунна зорбатоьхна ингалсан, испанин, италин меттанашкахь. Цунах пайдаэцна политикин баккхийчу охIланчаша, иза лелош хилла университеташкахь а. И книга бахьана долуш Берияссий, Сталиний Iожаллин кхел кхайкхина шена, йаздина автора.  
            Авторханов Iабдурахьманан рогIера книга «Происхождение партократии» зорбатоьхна 1973 шарахь Франкфурт-на-Майне гIалахь. Иза боккха, шина томах лаьтташ болх бу.  «Партократия» боху термин Авторханов Iабдурахьмана йукъайаьккхина йу. Советски Союзехь коммунистически партин диктатура, пачхьалкхехь куйьгалдаран хьелаш теллина автора. «Партократия» аьлла билгалйаьккхина цо советски пачхьалкхехь куьйгалдаран форма.

                        Нохчийчохь сий-ларам бу Авторханов Iабдурахьмане. Соьлжа-ГIалахь коьртачу урамех цхьаъ, Авторханов Iабдурахьманан цIарах бу. Iилманча винчу йуьртахь Лаха-Неврехь а цуьнан цIарах урам бу, иза вина а, ваьхна а цIенош хиллачу меттехь керла динчу цIеношна Iилманчин сийнна тIе тоьхна ду мемориалан ун. Музейхь Авторханов Iабдурахьманна лерина чоь а йу. Нохчийн Республикин Iилманан Академис, йаздархойн союзо, Соьлжа-ГIалахь дуьненайукъара конференцеш дIахьо Авторханов Iабдурахьманан кхоллараллехула.
  Ответить Переслать Создать событие ПозвонитьВсе понятно, спасибо за информациюОк, спасибоПринято к сведению

Close