Ахмадова Ракият

Ахмадова Рукъет  йина  1947-чу шеран, кхолламан беттан 12-чу дийнахь, Целиноградски областехь,  Интернациональни йуьртахь.
     1957-чу шарахь хьалхарчу классе деша йахна  Энахишкара    йуккъерчу №1 йолчу  ишколе. Ишкол чекхйаьккхина 1967-чу шарахь. Цу шарахь  балха йахара  меттигерчу йуккъерчу №2 йолчу ишколе, библиотекехь болх бан.
    1970-1974-чуй шерашкахь дийшира Нохч-ГIалгIайн  хьехархойн училищехь. 1971-чу шарахь , ша дешначу ишколе йуьхьаьнцарчу классашна хьехархо йахара.
   1992-чу шарахь чекхйаьккхира Нохч- ГIалгIайн хьехархойн институт. 1979-чу шарахь  дуьйна нохчийн меттан хьехархо  болх беш йу, Энахишкарчу №1 йолчу ишколехь.1997-2013-чуй шерашкахь, директоран болх бина Рукъета цу ишколехь.
      Бинчу белхан мах  хадийна йуьртан а, кIоштан  а куьйгалхоша, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а  министерствос сийлаллин грамоташ йаларца.
    2003-чу шарахь цуьнан къинхьегам  билгалбаьккхира  «Нохчийн Республикин Хьакъйолу Хьехархо» цIе тилларца.

Close
Яндекс.Метрика