Рашидова Малика

Рашидова Малика йина 1968-чу шеран, хIутосург беттан 23-чу дийнахь, Гуьмсе кIоштарчу Энгель-Эвлахь.
Дукха ойланаш йан ца йийзира сан корматалла хоржуш.
Ишкола чекхйаьккхинчу шарахь деша йахара, Гуьмсе-ГIалин хьехархойн училище. Училище чекхйаьккхинчул тIаьхьа хьехархочун болх дIаболийра. Духхьарлерчу шерашкахь шайн йуьртахь бира, цул тIаьхьа Гуьмсе кIоштан ишколашкахь.
Карарчу хенахь болх беш йу йуккъерчу лакхарчу классашкахь. «Хьехархочо кхуллу къам» — аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Шайн хаарш, похIма, корматалла тIейузу цо. Республикин тегIанехь дIахьучу нохчийн меттан къовсамашкахь толаме меттигаш а йаьхна.
Дикачу хьехархочун белхан бух, бераш Iамо лаар ду, ткъа цуьнан белхан некъ, берашца йолу уьйр йу. 

Close
Яндекс.Метрика