Заурбекова Мадина

Заурбекова Мадина йина 1997-чу шарахь, хьаьттан беттан 27-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь.
         2003-чу шарахь З.А.Кадырова ц1арах йолу Соьлжа-ГIалин йуккъерчу № 5 йолчу ишколехь дешна. Иза кхиамца чекхйаьккхина цо.
         2012-чу шарахь деша йахна Соьлжа-ГIаларчу экономикан техникуме. Говзалла эцна «социальни белхахо». Иза чекхйаьккхина 2015-чу шарахь.
         Цул тIаьхьа деша йахна Нохчийн Пачхьалкхан Университете, факультет географин а, геэокологин а.
         Цул сов, 2019-чу шарахь чекхйаькхина дешаран говзалла лакхайаккхаран курсаш. «Нохчийн мотт хьехар а, Iамор а». ФГОС-ца тIедиллина декхарш кхочушдар.
         Карарчу хенахь къахьоьгуш йу «Буммат-йуьртара йуккъерчу ишколехь, М.М. Мержуева цIарах йолчу». Нохчийн меттан а, литературан а хьехархо йу, Мадина.

Close
Яндекс.Метрика