Эльсанова Петимат

Эльсанова Пет1амат йина а, кхиъна а йу, Ножай-Йуьртан кIоштарчу Беной-Веданахь. Циггахь чекхйаьккхина йуккъера ишкол. Дешна Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультетехь. Карарчу хенахь болх беш йу, Беной-Веданарчу йукъарадешаран ишколехь, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.
Дакъалоцу тайп-тайпанарчу хьехархойн къовсадаларшкахь.
2015-чу шарахь республикерчу «IT-мастер-2015» къовсадаларехь 3-г1а меттиг йаьккхира.
2016-чу шарахь республикерчу нохчийн меттан хьехархошна йукъахь дIадаьхьначу къовсадаларехь, «Къона хьехархо» номинацехь толамхо хилира.
2019-чу шарахь, Нохчийчохь дIабаьхьначу кхоллараллин ненан меттан хьехархойн къовсамехь, «Сан дуьнене хьежам» номинацехь толам баьккхина.
  Цул сов, Нохчийн Республикин правительствон а, дешаран а, Iилманан а министерствон а, Ножай-Йуьртан кIоштан дешаран урхаллин а грамоташца совг1аташ а дина.
2018-чу шарахь Россин Федерацин йукъарадешаран «Сийлахь белхахо» аьлла цIе а йелла!

Close
Яндекс.Метрика