Чагаева Хадишт

Чагаева Хадишт йина 1964-чу шеран хIутосург беттан 25-чу дийнахь Гуьмсе-ГIалахь.

1972-чу шарахь Гуьмсерчу № 2 йолчу ишколе хьалхарчу классе деша йахна иза. 1982-чу шарахь ишкол чекхйаьккхина, оццу шарахь деша йахна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университете, филологин факультете. 1988-чу шарахь чекхйаьккхина университет.

Болх бан йолайелла 1985-чу шарахь.

Гуьмсе-ГIалин № 3 йолчу гимназехь болх беш йу 2001-чу шарахь дуьйна, нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Белхан мах хадош, совгIаташ дина:

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин Грамотица — 2013-чу шарахь.

НР-н Парламентан Грамоташца 2008-чу а, 2014-чу а шерашкахь.

НР-н Дешаран, Iилманан Министерствон Грамоташца 2003-чу а, 2004-чу а шерашкахь.

НР-н Правительстван Баркаллин Кехатца 2019-чу шарахь.

Дешаран Урхаллин, гимназин грамоташца.

«РФ-н йукъара дешаран Хьакъйолу белхахо» цIе йелла 2014-чу шарахь.

Close
Яндекс.Метрика