Ахметханова Малика

Пайзуллин кIентан ВахIабан Малика – Грозненски кIоштан Первомайскера йуккъерчу ишколин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йу. Малика йина 1971-чу шеран мангалан беттан 2-чу дийнахь, Веданан кIоштан Элистанжахь. 1990-чу шарахь Гуьмсера хьехархойн училище чекхйаьккина, Элистанжерчу йуккъерчу ишколехь балха хIоьттина. 1995-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша а хIоьттина, Галнехь нохчийн меттан хьехархочун болх бан йолайелла.

1995-чу шарахь дуьйна 2002-чу шаре кхаччалц болх бина Галнерчу йуккъерчу ишколехь.

2002-чу шарахь дуьйна болх беш йу, Первомайскера йуккъерчу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.

Хьехархочун болх бен 30 шо ду. Даима говзалла лакхайаккхарехь къахьоьгуш йу, Малика. Лакхара категори йу Маликин. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн цхьаьнакхетараллин куьйгалхо йу иза. Цо къахьоьгу керланиг довзуьйтуш, нохчийн матте а, литературе а дешархойн болу лаам а, безам а совбоккхуш. Цундела цуьнан берийн а бу лаккхара кхиамаш-уьш толамхой бу кIоштан нохчийн меттан, литературин олимпиадийн.

Малика «Дайн мотт» цIе йолчу Къаьмнашна йуккъерчу къовсаман экспертан декъашхо йу.

2015-чу шарахь, Маликас куьйгалла дечу, «Нийсархой» цIе йолчу тобано шайн хааршца хьалхара меттиг йаьккхира «Хаарийн бIов» телевизионни къовсамехь.

2014-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана сийлаллин кехатца совг1ат делла.

2015-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «За трудовое отличие» сийлаллин ц1е йаларца билгалбаьккхира, Маликин хьехархочун болх.

Close
Яндекс.Метрика