Пайтаева Хадишт

Пайтаева Хадишт — Шелара №4 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан, литературин хьехархо.
Оцу школехь 1983-чу шарахь дIаболийна цо шен къинхьегаман некъ. Таханлерчу дийне кхаччалц даггара шен болх беза а безаш, дешархоша а, церан дайша-наноша а, белхан накъосташа а лерам беш, тIекхуьу тIаьхье ненан меттан, дайн оьздачу гIиллакхийн сий дан Iамош, вайн къоман гIиллакх-оьздангаллин бух тIехь синъоьздангаллица кхетош-кхиош, нохчийн меттан, литературин хьехархочун декхарш кхочушдеш схьайог1уш ю иза. Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца догIуш, керланиг юкъадалош, ламасталлин а, инновационни а дешаран говзаллех пайда оьцуш говза дIахьо цо шен болх. Пайтаева Хадишт автор ю 6-чу классан нохчийн меттан хьехархошна гIоьнна язйинчу методически пособин а,
7- чу классан нохчийн меттан белхан тетрадан а. 2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни
комиссин декъашхо а ю иза. Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна Пайтаева Хадиштан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца. 2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совгIат дина цунна. 

Close
Яндекс.Метрика