Чемирзаева Яха

Чемирзаева Яха — Соьлжа-ГIалин Н.А.Назарбаевн цIарах №1 йолчу лицейн нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1978-чу шарахь болийна Яхас шен къинхьегаман некъ.
1992-2006-чуй шерашкахь дешаран декъан куьйгалхочун а, дешаран декъехь кхетош-кхиоран куьйгалхочун а белхаш бина.
1997-2000-чуй шерашкахь школин куьйгалхочун болх бина. Оцу ерриге а хенахь, саццаза Яхас хьехнарг ненан мотт а, тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман гIиллакх-оздангалла а ю.
Шен коьртачех долу декхар лору Яхас — къона тIаьхье Iилманехь, гIиллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор, шена тIаьхьа, ша юьхьарлаьцна некъ дIакхехьа къона хьехархой кхиор. ХIунда аьлча, уьш бу вайн къоман кхане, къоман дозалла хилла дIахIитта безарш.
Ненан меттан дозалла, сийлалла, цуьнга дешархойн а, церан дай-нанойн безам кхиорца дIахьо Яхас шен болх.
Чемирзаева Яха нохчийн меттан хьехархочун болх беш йолу 41 шо ду. Iедалан векалша билгал баьхна Яхин толамаш, кхиамаш Сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца.
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совгIат дина цунна.
Чемирзаева Яха автор ю 11- чу классан нохчийн литературин хьехархошна гIоьнна язйинчу методически пособин а, белхан тетрадан а.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.2019-чу шарахь совгIат дина «Нохчийн Республикин Хьакъйолу хьехархо» аьлла ц1е тилларца. 

Close
Яндекс.Метрика