Абуева Товман

Абуева Товман Ильмадиевна – Соьлжа-ГIалин №56 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1986-чу шарахь дикачу кхиамца чекхъяьккхира цо юьртара школа.
1994-чу шарахь Л.Н.Толстойн ц1арах йолу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь дешна елира. Дуьххьара болх бина шен дай баьхначу Нажай-Юьртарчу кIоштан ГIалитIерчу юккъерчу школехь.
2004 шарахь дуьйна №56 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературан а хьехархочун болх беш ю Товман.
Ша къахьоьгучу кху ткъе итт шарчохь шен белхан накъосташна хьалха а, дешархошна хьалха а ледарло ца йолуьйтуш хьанал болх бина цо. Цундела иза езаш а, лоруш а ю. Школехь нохчийн меттан а, литературан а методически цхьанакхетараллин куьйгалхо а ю Абуева Товман.
Шен урокашкахь цо шуьйра пайдаоьцу вайн заманан хьехаран технологех. Цуьнан дешархоша 1-ра меттигаш йоху Iилманан-практически конференцешкахь, олимпиадашкахь а.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна цуьнан болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца.
2015 шарахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» къовсадаларехь -1-ра меттиг баьккхина.
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.
2015-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017-шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.

Close
Яндекс.Метрика