Абулханова Аза

Абулханова Аза — Соьлжа-Г1алин №2 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1989 – чу шарахь дIаболийна цо шен къинхьегаман некъ.
Муьлххачу а бакъволчу хьехархочо санна, шен хан а, могашалла а ца кхоош къахьоьгуш схьайогIуш ю иза. Шен дешархойн дог эца хууш, гIиллакх-оьздангалла гойтуш, Даймахке, ненан матте а кIоргге безам кхиош къахьоьгу цо.
Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартийн лехамашца догIуш, керланиг юкъадалош, ламасталлин а, инновационни а дешаран говзаллех пайда оьцуш говза дIахьо цо шен болх. Абулханова Аза автор ю 7-чу классан нохчийн меттан хьехархошна гIоьнна язйинчу методически пособин.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтаран Азин болх билгалбаьккхина бу дуккха а Сийлаллин грамоташ яларца.
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017 — шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза. 

Close