Илясова Зина — Соьлжа-ГIалин №42 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Цо берашца къахьоьгу шовзткъе ши шо ду, царех вуьрх1итта шо Соьлжа-гIалин 42-чу школехь болх беш йолу ду.
Цуьнан дешархоша сих-сиха толаман меттигаш йоху тайп-тайпанчу Республикански къовсадаларшкахь.
Хьанал къинхьегам, лаккхара говзалла гайтарна, ненан матте болу безам алсамбаккхарна цуьнан болх билгалбаьккхина Правительствон, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствон Сийлаллин грамоташ яларца.
2014-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» ц1е а тиллина цунна.
2017-чу шарахь «Тоьлла нохчийн меттан хьехархо» Соьлжа-гIалахь д1аяьхьначу Республикин конкурсехь кхоолгIа меттиг яьккхира цо.
2015-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2017-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза. 

Close
Яндекс.Метрика