Рашидов Шаид

Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь доьшуш волуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язйина стихотворени Мамакаев Мохьмадна гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворени зорбане елира 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язйина. Дуьххьарлера  д1ааьлла  илли  ду «Ломара  зезаг». Шен  хазчу  озаца  и  илли  д1аэлира  Магомедов  Султана.

Дуккха  а  ладог1архошна  дукха  дезаш  ду  Шах1идан  дешнаш  т1ехь  даьхна  безамах  долу  иллеш. Царех  ду «Илланча  сох  винарг», «Чов», «И  туьтеш  сийна», Дог  дитна  воьду  со»…
Рашидов  Шах1ид  тахана  а  к1ад  ца  луш, къахьоьгуш  схьавог1у.

Close
Яндекс.Метрика