Ошаев Халид

Ошаев Халид вина 1898 шеран 1-чу январехь Йоккха-АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. Шен 11 шо долуш Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша вахна Халид. Советан Iедал дIахIоьттинчул тIаьхьа Ошаев Халид пачхьалкхан жоьпаллин белхашка хIиттаво. 1920  шеран июнь баттахь, Владикавказехь совпартшколехь  кхаа беттан курсаш чекхъяьхна цIа веана Халид, РКП(б)-н Соьлжа-ГIалин комитетехь нохчийн секцин инструктор вохуьйту. Оцу хенахь язйина цо нохчийн йозанан литературехь дуьххьара йолу баллада. 1925-1930 шерашкахь ша Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан куьйгалхо  лаьттинчу хенахь Ошаев Халида доккха гIуллакх дина  Нохчийчохь школаш схьаеллар, хьехархой кечбар, дешархошна оьшуш йолу нохчийн меттан учебникаш, кхийолу дешаран книгаш язъяр, уьш зорбанехь арахецар вовшахтухуш. Владикавказехь, Соьлжа-ГIалахь араюьйлу цуьнан произведенеш. «Бюрократаллин синтар», «Веччалг», «Къийсам дIахьош бу» цIераш йолу пьесаш зорбанехь араевлира. Оцу хенахь алссам  Iилманан статьяш язйина Ошаев Халида. Царах ю «Мюридизм в Чечне», «Малхиста: к характеристике пережитков родового строя», «Народные развлечения у чеченцев». Царна зорбатуьйхира Ростовхь арахоьцучу «Революция и горец» журнала тIехь. Литературоведенин статьяш а язйо Ошаев Халида. «Молодая колонна: о первых советских чеченских и ингушских писателях» цIе йолу статья зорбатуьйхира «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь. Яздархочо оцу муьрехь масех очерк а язйина. Дуккха а Iилманан статьяш язйина цо вайнехан фольклорах, маттах, литературих лаьцна. Царах ю нохчийн маттах лаьцна: «К вопросу о рудиментарных классных показателях в чеченском и ингушском зыках», «О частицах отрицания в чеченском языке», «Для этимологии слов «Жайна» и «Дешар» в чеченском языке»; фольклорах, литературих, этнографих лаьцна: «Фольклорные заметки», «К истории чечено-ингушского эпоса», «Мотивы дружбы народов в чечено-ингушских героических песнях», «О чеченском фольклоре», «К истории возникновения историко-героических песен». Ошаев Халид кхелхина 1977 шеран 3 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь.

Close
Яндекс.Метрика