Бадуев СаьIид-Салихь прозаик, драматург, поэт, нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо вара. Иза вина 1903 шеран 28 августехь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан да махбархо вара. Жима волуш да-нана доцуш висира Саь1ид-Салихь. Соьлжа-ГӀалин реальни училищехь доьшуш вара. Цигара иза дӀаваьккхира цуьнан дешарх дӀадала ахча цахилар бахьанехь. 20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь Бадуев СаьIида язйина кIорггера идейно-исбаьхьаллин чулацам болу произведенеш. Царна юкъахь ю «ЦIеран арц», «Бешто» цIераш йолу повесташ а, «Iимран», «ГIу» боху дийцарш, «МаргIала синтар» цIе йолу стихотворени, 1930 шарахь зорбанера араяьлла «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман, кхийолу произведенеш а. 20-гIа шераш чекхдовлуш ша язйина цхьайолу произведенеш Бадуевс, гул а йина, арахийцира «Хабарш, иллеш, поэмаш» цIе йолчу книги тIехь. 1938 шарахь Ӏедало цунна таӀзар дира. Веллачул тӀаьхьа иза юхаметтахӀоттийра. Яздархочун исбаьхьаллин корматалла зазадоккхуш, кхуьуш йолчу хенахь хедира цуьнан кхоллараллин некъ.