Арсанов Саь1ид-Бей

Арсанов СаьIид-Бей вина 1889-чу шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIахь,ахархочун Арсанбекан доьзалехь. 1905-чу шарахь СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907-чу шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. 1921-чу шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь. Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло» цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь. Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу шарахь. Цу хенахь «Советский юг», «Известия» газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930-чу шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе а йолуш араелира и роман. 1930-чу шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат» цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а. Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литературина юкъа. Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран 12 июлехь.

Close
Яндекс.Метрика