Нохчийн меттан интернет урокан х1оттам.
Карладакккхар. Ц1ердош а, билгалдош а.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
— Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
— Д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг карладоккхур ду вай.
— Стенах олу ц1ердош?
Слайд:
Ц1ердош — иза къамелан дакъа ду.
Цо х1ума билгалйо, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттарна жоп ло.
Масала : мила? к1ант, муьлш? дешархой, х1ун? дитт.
— Билгалдош стенах олу?
Слайд:
Х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? муханиг? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах билгалдош олу.
Масала: къена, хаза, йишин, аннийн.
— Ткъа х1инца, бераш, хьовсур ду вай х1ун ду ц1ердешан, билгалдешан цхьатера а, вовшех къаьстарг а?
Слайд:
-Х1ун ю ц1ердош, билгалдош?
-Х1ун билгалйо ц1ердашо а, билгалдашо а?
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?
-Дукхахьолахь предложенехь муьлха меженаш хуьлу уьш?
Слайд: (Нийса жоп).
-Ц1ердош а, билгалдош а къамелан дакъош ду.
-Ц1ердашо х1ума билгалйо, ткъа билгалдашо х1уманан билгало гойту.
-Ц1ердашо мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп ло, ткъа билгалдашо муха? муьлха? муханиг? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп ло.
-Дукхахьолахь предложенехь ц1ердош подлежащи хуьлий лела, ткъа билгалдош къастам хуьлий лела.
Слайд:
Масала: Дешархоша школан низам лардо.
Тхан юьртахь баьллийн бошмаш ю.
Хьалхарчу предложенехь х1ун до? лардо — сказуеми ду, лардо хьан? дешархоша – подлежащи ду.
Шолг1ачу предложенехь ю – сказуеми ду, ю – х1ун? бошмаш – подлежащи ду, бошмаш стенан? баьллийн – къастам бу.
— Вайна ма- гарра предложенехь билгалдешнаш ц1ердешнашца уьйр йолуш хуьлу.
— Ткъа х1ун башхо йолуш хуьлу те оцу шина къамелан декъан дожаршца а, терахьашца а хийцадалар?
Слайд:
Лардо – сказуеми
Дешархоша- подлежащи
Ю- сказуеми
Бошмаш – подлежащи
Баьллийн – къастам
— Ц1ердешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьашца хийцало.
Слайд:
Зезаг – зезагаш
Кор-кораш
Полла – полларчий
Бер – бераш
К1ант –к1ентий
— Цхьадолчу ц1ердешнаша дукхаллин терахье довлуш шайн кеп хуьйцу.
Слайд:
Стаг- нах
Етт- хьелий
Йо1 – мехкарий
Ехк — ахкарш
— Цхьаллин а, дукхаллин а терахьан ц1ердешнаш дожаршца хийцало.
Слайд:
Ц1. Кор кораш
Дл. коран корийн
Л. корана корашна
Др. коро кораша
К. кораца корашца
Х. корах корех
М. коре корашка
Дс. корал корел
-Лаамаза билгалдешнаш цхьадерш бен ца хийцало терахьашца.
Слайд:
Лекха керт
йишин коч
вешин сахьт
ломара зезаг
-Лааме билгалдешнаш дерриш а хийцало дожаршца, ц1ердешнаш санна.
Слайд:
Ц1.воккханиг баккхийнаш
Дл.воккхачун баккхийчеран
Л.воккхачунна баккхийчарна
Др.воккхачо баккхийчара
К.воккхачуьнца баккхийчаьрца
Х.воккхачух баккхийчарах
М.воккхачуьнга баккхийчаьрга
Дс.воккхачул баккхийчарал
—Ц1ердош долччу дожарехь хуьлу билгалдош.
-Масала
Слайд:
Дарин кучан – доланиг дожар;
аннийн кертах – хотталург дожар.
-1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
— Х1ара ц1ердешнаш дукхаллин терахье даха:
Слайд:
Лам, к1ант, седа, 1ам, буц, кетар, шад, г1аж.
-Нийса жоп:
Слайд:
Лам- лаьмнаш
Седа- седарчий
1ам – 1аьмнаш
Г1ала- г1аланаш
Буц – бецаш
Кетар – кетарш
Шад – шодмаш
Г1аж – г1ожмаш
-Лахахь далийна билгалдешнаш шина б1ог1амалге декъа. Хьалхарчу б1ог1амалге язде терахьашца хийцалурш, шолг1ачу б1ог1амалге – ца хийцалурш.
Слайд:
1аьнан буьйса, йоккха г1ишло, генара хьаша, юткъа шок, жима гали, т1улган некъ, буткъа сара, шийла мохь, исбаьхьа сурт, хаза коч, маьлхан з1аьнарш, стомма аз, воккха стаг, деха т1ай.
-Нийса жоп:
Слайд:
Йоккха г1ишло 1аьнан буьйса
Юткъа шок генара хьаша
Жима гали т1улган некъ
Буткъа сара шийла мохь
Стомма аз исбаьхьа сурт
Воккха стаг хаза коч
Деха т1ай маьлхан з1аьнарш
— Тахана вай ц1ердашах а, билгалдашах а лаьцна 1амийнарг карладаьккхира.Евзира церана башхаллаш.
— Кху т1ехь вай ерзайо вешан рог1ера урок . — 1одика йойла шун. Марша 1ойла!