4 класс. Урок №24 «Терахьдош. Юкъара кхетам».

24. Терахьдош. (Юкъара кхетам)

-Де дика дойла шун, дешархой. Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург 1амо, дицделларг карладаккха? Шу кечам бина девлехь, вай  д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.  Тахана урокехь вайна девзар ду керла къамелан дакъа…

-Амма и муьлха къамелан дакъа ду алале,  суна аш х1ара текст еша лаьа.

 Слайд:

 Со классехь доьшуш ю. Сан шо ду. Соьца доьшуш сан доттаг1 ю. И Мадина, Седа ю. Мадинин шо ду. Седин а ду шо. Сан доттаг1 ч1ог1а дика ю.

— Дешархой, шу кхийтирий шаьш ешначу текстах?

-Х1унда ца кхийтира шу текстах?

-Вайна кхета оьшуш долу дерриге а дешнаш яздина дуй цу т1ехь?

-Муьлха дешнаш ду предложенешкахь яз а ца деш дитина?

-Ойла йин аш ас деллачу хаттаршна? Хиирий шуна и муьлха дешнаш ду?

Слайд:

Уьш терахьдешнаш ду.

-Дешархой, вайна девзар долу керла къамелан дакъа муьлхарг ду хиин шуна?

-Иза терахьдош ду.

Слайд:

Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Терахьдашо жоп ло маса? масалг1а? бохучу хаттаршна.

Масала: ши 1аж, ворх1 к1орни, шолг1а де, ворх1алг1а буьйса.

Маса? бохучу хаттарна жоп ло масаллин терахьдешнаша.

Мосалг1а? бохучу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдешнаша.

-Цунах лаьцна кластер х1оттор ю вай.

Терахьдешнаш

 Слайд:

рог1аллин
масалг1а?
масаллин
маса?

-Дешархой, вай х1инцца дийцинчух пайда а оьцуш, лакхахь вай ешна текст д1анисъян хьовсий.

Слайд. (слайдера текст гойту)

Со классехь доьшуш ю. Сан шо ду. Соьца доьшуш сан доттаг1 ю. И Мадина, Седа ю. Мадинин шо ду. Седин а ду шо. Сан доттаг1 ч1ог1а дика ю.

Слайд: (Нийса жоп иштта хила тарло)

Со йоьлг1ачу классехь доьшуш ю. Сан итт шо ду. Соьца доьшуш сан ши доттаг1 ю. И шиъ Мадина, Седа ю. Мадинин цхьайтта шо ду. Седин а ду цхьайтта шо. Сан ши доттаг1 ч1ог1а дика ю.

-Текст юкъара схьаязде терахьдешнаш.

-Царна хаттарш х1иттаде.

Слайд: (Нийса жоп)

Йоьалг1ачу – масалг1ачу?

Итт – маса?

Шиъ – маса?

Цхьайтта  — маса?

Цхьайтта —  маса?

Ши – маса?

-Дешархой, аш дика болх бина. Х1инца вай садо1ур ду. Физминутка вай кху кепара д1ахьур ю. Ас терахьдош аьлча аш куьйгаш вовшахтоха иштта. (Гойту) Кхин дош алахь х1умма а ма де. Шу кхийтирий? Терахьдош аьлча, куьйгаш вовшахтуху, кхин дош аьлча, ца туху.

Слайд:

Ч1ара, пхиъ, 1уьйре, итт, барх1, суьйре, б1аьсте, ткъа, пхоьалг1а.

-Садаь1ин аш? Кхин а болх бан кийча дуй шу х1инца?

 Слайд:

-Х1ара терахьаш дешнашца шина б1ог1амалге  д1аязде.  (масаллин, рог1аллин.)

2, 4, 6, 8, 10

-Нийса жоп иштта яздина хир ду.

Слайд:

Шиъ                                            Шолг1а

 Диъ                                            Доьалг1а

 Ялх                                            Йолхалг1а

Барх1                                         Борх1алг1а

Итт                                            Уьтталг1а

-Дешархой, вайна тахана девзира керла къамелан дакъа терахьдош. Карладоккхур вай цунах лаьцна тахана 1амийнарг.

Слайд:

Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

Терахьдашо жоп ло маса? масалг1а? бохучу хаттаршна.

Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.

— Цу т1ехь вай ерзор ю вешан рог1ера урок.

-1одика йойла шу! Марша 1ойла!

                Урок х1оттийнарг: Хамзатханова Милана Ханибовна

Урокан тренажер.

1. Х1ума билгалъечу къамелан декъах олу…

а) терахьдош

б) ц1ердош

в) билгалдош

г) хандош

2. Х1уманан масалла гойтучу къамелан декъах олу…

а) ц1ердош

б) хандош

в) билгалдош

г) терахьдош

3. Терахьдешнаш хуьлу…

а) масаллин, рог1аллин

б) дийцаран, айдаран

в) хаттаран, дийцаран

4. Х1окху терахьдешнийн орамехь ОЬ яздо.

а) цхь…йтталг1а, в…рх1алг1а

б) пх…алг1а, д…алг1а

в) й…лхалг1а, б…рх1алг1а

Close
Яндекс.Метрика