4 класс. Урок №22 «Билгалдешнийн хьалхара а, шолгIа легарш».

Урокан  ц1е: «Билгалдешнийн хьалхара а, шолг1а легарш».

Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

— Вайна тахана девзар ду хьалхарчу, шолг1ачулегарна чудог1у билгалдешнаш.

-Евзар ю оцу билгалдешнийн башхаллаш, 1емар ду уьш предложенешкахь каро, билгалдаха.

Иштта 1емар ду хьалхарчу а, шолг1ачу а легарна чу дог1учу билгалдешнийн дожарш билгалдаха а.

Х1етал-метал хаийла шуна:

Слайд:

Ло сана к1айн, моз сана мерза.         (шекар)

— Х1инца, билгалдаьхна дешнаш а доцуш деший вай х1етал-метал:

Слайд:

Ло санна ….., моз санна…. .

— Иштта дешча ца хаьа вайна, юьйцург х1ун ю.

-Муьлхачу дешнаша г1о ди вайна и х1ун ю хаа?

Нийса ду:  к1айн, мерза бохучу дешнаша.

К1айн, мерза-оцу дешнаша йовзуьйту вайна шекаран билгалонаш.

Слайд:

-Х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу.

Билгалдешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу. Билгалдешан ши легар ду: хьалхара легар; шолг1а легар.

-Яханчу урокехь вай 1амийра билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хиларх лаьцна..

Слайд:

Хьалхарчу легарна чу дог1у муха? бохучу хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.

-Хьалхарчу легарна чудог1учу билгалдешнийн легаран тидам бийр бу вай.

Слайд:( кепехьовса)

Дожарш         Цхьаллинтерахь                   Дукхаллинтерахь

Ц1.                    Керла         коч                      керла        кучамаш

Дл.                    керлачу   кучан                  керлачу   кучамийн
Л.                       Керлачу  кучана                керлачу   кучамашна

Др.                    керлачу   кучо                    керлачу    кучамаша

К.                       керлачу   кучаца               керлачу   кучамашца

Х.                       керлачу    кучах                 керлачу   кучамех

М.                      керлачу    куче                    керлачу   кучамашка

Дс.                     керлачу    кучал                 керлачу    кучамел

-Д1айоьшу вай хьалхарчу легарна чудог1учу билгалдешнийн кеп.

-Муьлха чаккхенаш ю билгалдешнийн цхьаллин, дукхаллин терахьехь лач дожаршкахь хьовсур ду вай.

Слайд:

Хьалхарчу легарна чу дог1учу билгалдешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь лач дожаршкахь чаккхе –чу хуьлу.

-Далор ду вай хьалхарчу легарна чудог1учу билгалдешнийн масалш.

Можа цициг, сийна йовлакх, хаза туьйра.

-Барта легаде и билгалдешнаш.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ц1. Можа      цициг               сийна    йовлакх                хаза     туьйра

Дл. можачу  цициган          сийначу  йовлакхан      хазачу    туьйранан

Л. Можачу   цицигна           сийначу йовлакхна       хазачу     туьйранна

Др. можачу   цициго          сийначу    йовлакхо        хазачу   туьйрано

К. можачу     цицигца       сийначу     йовлакхца      хазачу   туьйранца

Х. можачу      цицигах       сийначу     йовлакхах      хазачу   туьйранах

М.можачу     цициге           сийначу     йовлакхе        хазачу    туьйране

Дс.можачу    цицигал        сийначу      йовлакхал     хазачу    туьйранал

-Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Къовларшна юккъера билгалдешнаш, оьшшучу дожаре а дохуш, т1ера схьаязъе предложенеш.

Слайд:

Султан, вист а ца хуьлуш, (воккха) стагана т1аьхьа волавелира. Царна дуьхьала кех араиккхира ведда вог1у(жима) к1ант. ( Хаза) х1уманийн хама ца хууш яцара иза. Довха де хийцаделира г1еххьа(шийла) суьйренца.

Слайд: ( нийса жоп иштта хир ду)

Султан, вист а ца хуьлуш, воккхачустагана т1аьхьа волавелира. Царна дуьхьала кех араиккхира ведда вог1у жима к1ант. Хазачу  х1уманийн хама ца хууш яцара иза. Довха де хийцаделира г1еххьа  шийлачу суьйренца.

— Х1инца легор ду вай цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь лаамаза билгалдешнаш: т1улган некъ, йишин йовлакхаш.

Стенан?  т1улган;   хьенан?  йишин.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Ц1. т1улган некъ           йишин  йовлакхаш

Дл. т1улган некъан     йишин   йовлакхийн

Л. т1улган некъана     йишин   йовлакхашна

Др. т1улган некъо         йишин   йовлакхаша

К.  т1улган некъаца      йишин   йовлакхашца

Х.  т1улган некъах          йишин    йовлакхех

М.  т1улган некъе          йишин   йовлакхашка

Дс. т1улган некъал        йишин   йовлакхел

-Цхьаллин а, дукхаллин терахьехь хьенан? стенан? хаттаршна жоп лучу билгалдешнийн чаккхенаш дожаршца хийца ца ло.

Сдайд:

Дагахь латтаде: Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш цхьаллин, дукхаллин терахьашкахь дожаршца хийца ца ло.

-Х1инца шолг1ачу легарна чудог1учу билгалдешнийн легаран тидам бийр бу вай.

-Вай легор ду шолг1а легар чу дог1у билгалдешнаш:

Хьовсур ду церан чаккхенаш муха хийцало.

Слайд:

Цхьаллин     терахь                     Дукхаллин   терахь.

Ц1. муханиг?  хазаниг                муханаш? хазанаш

Дл.мухачун?   хазачун               мухачеран? хазачеран

Л.мухачунна? хазачунна         мухачарна? хазачарна

Др.мухачо?  хазачо                      мухачара?    хазачара

К.мухачуьнца? хазачуьнца     мухачаьрца?  хазачаьрца

Х.мухачух? хазачух                     мухачарах?   хазачарах

М.мухачуьнга?  хазачуьнга     мухачаьрга? хазачаьрга

Дс.мухачул?   хазачул                мухачарал?хазачарал

-Х1окху кепа т1ехь вайна го: шолг1а легарна чу дог1учу билгалдешнийн чаккхенаш тайп-тайпана хилар.

Слайд:

Шолг1ачу легарна чу дог1у муханиг? Бохучу хаттарна жоп луш долу массо а лааме бидгалдешнаш.

Шолг1ачу легарна чу дог1учу билгалдешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь тайп-тайпана чаккхенаш хуьлу.

-Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:

Цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь легаде билгалдешнаш:

диканиг, диканаш; билгалъяха церан чаккхенаш.

Слайд: ( нийса иштта хир ду)

Цхьаллин терахь                                   Дукхаллинтерахь

Ц1.муханиг? диканиг                       муханаш?     диканаш

Дл.мухачун?   дикачун                     мухачеран?     дикачеран

Л.мухачунна?   дикачунна             мухачарна?   дикачарна

Др.мухачо?дикачо                             мухачара?   дикачара

К.мухачуьнца?  дикачуьнца         мухачаьрца?  дикачаьрца

Х.мухачух?   дикачух                        мухачарах?  дикачарах

М.мухачуьнга?  дикачуьнга         мухачаьрга?   дикачаьрга

Дс. мухачул?   Дикачул                      мухачарал?   дикачарал

-Тахана вайна девзи билгалдешнийн хьалхара а, шолг1а а легарш.

Уьш дожаршца лего а, церан чаккхенаш билгалъяха а 1еми вайна.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю. 1одика йойла шун!

Марша 1ойла шу.

Close
Яндекс.Метрика