Урок 17. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь запятой а, запятойца т1адам а

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
-Вайн урокан тема ю «Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь запятой а, запятойца т1адам а».
«Запятая и точка с запятой в бессоюзном сложном предложении».
-Х1окху урокехь шуна евзар ю хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь запятой а, запятойца т1адам а х1отторан бакъонаш;тарохир ю ненан маттехула пунктуацин цхьайолу къайленаш яста.
-Сацаран хьаьркаш нийса ца х1иттийначу йозанан къамелах кхета хала ду.
-Предложенин маь1на духу, нагахьсанна сацаран хьаьрк юкъахь йитинехь а, нийса ца х1оттийнехь а.
Масала:
Со кевне вахара самукъанечу летарца; суна дуьхьал дедира ж1аьла.
Х1унда хилла ишттаниг?
Пунктуацин и къайле яста хала дац: цхьана цхьалхечу предложенин дешнаш вукху цхьалхечу предложенин дозанна сехьадевлла.
Со кевне вахара; самукъанечу летарца суна дуьхьалдедира ж1аьла.
-Чолхечу предложени чохь х1ора цхьалхечу предложенин шен доза ду.И доза билгалдоккху хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йолчу цхьалхечу предложенийн маь1но а, интонацино а.
-Интонаци хезаш хиларо  а г1о до, сацаран хьаьркаш х1итточу хенахь, амма тешам боллуш таро-м цакхуллу .
-Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йолчу цхьалхечу предложенийн маь1наш билгалдан хааро кхуллу уггаре а тешам болу хьал.
Цхьаьнакхетаран а я карара а хуттургаш а йоцуш я хуттургийн дешнаш а доцуш, цхьана эшарца (интонацица), маь1нин уьйраца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолчу чолхечу предложенех хуттургаш йоцу чолхе предложени олу.
Масала:
Цухенахь малх схьахьаьжира, цо шен з1аьнарш лаьтте кховдийра, цара серладаьккхира 1алам.
И предложени кхаа декъах (кхаа цхьалхечу предложенех) лаьтташ ю.
Х1ораннан шен-шен грамматически бух бу (сказуеми, подлежащи):
хьалхарчун — малх схьахьаьжира;
шолг1ачун — цо кховдийра;
кхоалг1ачун — цара серла даьккхира;
-Кху предложенехь цхьа хилам вукхунна т1аьхьа хилар гойту.
Предложений оьшу и хиламаш багарбечу интонацица, ткъа йозанехь цу цхьалхечу предложенешна юккъе запятой юьллу.
-Цхьаьнакхетаран ая карара а хуттургаш а йоцуш, я хуттургийн дешнаш а доцуш, эшарца (интонацица), маь1нин уьйраца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолу хуттургаш йоцу чолхе предложени ю иза.
-Кхоъ цхьалхе предложени вовшах хутту эшаро а (интонацино), маь1нин уьйро а.
Ишттачу хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятой (ц1оьмалг) юьллу, нагахьсанна церан вовшашца ч1ог1а уьйр а елахь, уьш дукха яьржина а яцахь.
Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам х1оттабо, уьш вовшех к1езиг йозуш а, ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь.
Масала:
Лам т1ера охьахьаьжча, б1аьрго схьалоцу Къоьзан-1ам; куьзгана нэкъ а санна, чубузучу малхехь къега хи.
-Х1окху хуттургаш йоцчу чолхечу предложенин ший дакъа а запятойшца (ц1оьмалгашца) ду, цундела цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца т1адам х1оттийна
Наггахь хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам х1оттабо, маь1ница уьш вовшех к1езиг йозуш елахь.
Масала:
Олхазарш саццаза дека; марг1ал буц къега б1аьстенан малхехь.
Иза шина цхьалхечу предложенех лаьтташ ю. Х1ораннан шен-шен грамматически бух бу
(сказуеми, подлежащи):
хьалхарчу декъан — олхазарш дека;
шолг1ачу декъан — буцкъега;
Ши предложени вовшаххутту интонацино. Уьш вовшех маь1ница к1езиг йозуш а, ша-шакъастийча, кхачаме долуш маь1на луш а ю, цундела оцу цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам х1оттабо.
-Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду вай,
Къовларийн метта сацаран хьаьркаш а х1иттош, д1аязъе предложенеш.
Юкъа-кара мархаш а йолуш, гуьйренан хаза де деанера (?) г1арг1улеш, жут а йина, къилбехьа йоьлхура.
Къилбехьа лахлуш, генна д1абахло къегина арц (?) цуьнан йистош цайозуш, шерра яьржина нийса аре.
Шийлачу шовданна юххехь соцура иза (?) хих къурд бора цо.
Суьйре,1уьйре юлуш, сайн юкъйихкина, некъах тилларг вицвеш, говрас хихкина (?)
пана махкахь буьрса дарцо хьовзийча, ирсах дог цадуьллуш,хийла некъбина.
Хьовсур ду вай нийса кхочушдинчу т1едилларе.
Юкъа-кара мархаш а йолуш, гуьйренан хаза де деанера; г1арг1улеш, жут а йина, къилбехьа йоьлхура.
Къилбехьа лахлуш, генна д1абахло къегина арц; цуьнан йистош цайозуш, шерра яьржина нийса аре.
Шийлачу шовданна юххехь соцура иза, хих къурд бора цо.
Суьйре, 1уьйре юлуш, сайн юкъйихкина, некъах тилларг вицвеш, говрас хихкина; пана махкахь буьрса дарцо хьовзийча, ирсах дог цадуьллуш, хийла некъбина.
Х1окху урокехь шуна евзира хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь запятой а (ц1оьмалг), запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам а х1отторан бакъонаш. Шун таро хилира ненан маттехула пунктуацин цхьа–ши къайле яста.
Даймехкан 1аламах лаьцна жима сочинени язъе.
 Запятой а, запятойца т1адам а х1оттош йолчу хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех пайда эца сочинени язъеш.
Урок цу т1ехь чекхйолу.
1одика йойла шун.

Close
Яндекс.Метрика