Урок №18 Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маь1наш а,сацаран хьаьркаш х1иттор а

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Х1окху урокехь шуна девзар ду хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешна юкъа йоьлхучу цхьалхечу предложенийн маь1наш а, сацаран хьаркаш  х1итторан пунктуацин бакъонаш а; таро хир ю ненан маттехула пунктуацин цхьайолу къайленаш йовза.
Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешна юкъайоьлхучу цхьалхечу предложенешна юккъе х1отто  сацаран хьаьрк хоржучу хенахь цхьа а хало х1уттий? Х1утту. 
Цу предложенешкахь тайп-тайпана хьаьркаш хуьлу: запятой; запятойца т1адам, тире, ши т1адам.
Уьш кхераме ю, пунктуацин бакъонаш а ца хууш, ойла а ца еш, массанхьа запятойш яхка 1еминчунна.
«Кхетаман ницкъо ца дохку сацаран хьаьркаш», — яздина оьрсийн грамматикан бухбиллархочо Ломоносовс.
Х1инца хьовсур ду вай хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь йолчу цхьалхечу предложенийн маь1наш билгал а дохуш, цаьрца йог1у сацаран хьаьркаш х1итто.
Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йолчу цхьалхечу предложенийн тайп-тайпана маь1наш хуьлу:
1.Нийсачу кхачаман маь1на:
Масала:
Цунна моьттура х1ара дуьне шен дуьхьа кхоьллина.
Иза шина цхьалхечу предложених лаьтташ йолу хуттургаш йоцу чолхе предложени ю. И ши предложени вовшаххутту интонацино.
Х1ун? Боху хаттар дала деза хьалхарчу декъа т1ера.
Цунна моьттура (х1ун?) х1ара дуьне шен дуьхьа кхоьллина.
Нийсачу кхачаман маь1нехь ю шолг1а предложени.
Иштта кхоллаеллачу хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь цхьалхечу предложенешна юккъе сацаран хьаьрк ца х1оттадо.
2.Хенан маь1нехь: 
Шолг1ачу предложенехь дуьйцучун хан билгальеш хьалхарниг хилахь, шина предложенина юккъе тире юьллу.
Масала:
Б1аьсте т1екхочур ю — олхазарш схьадог1ур ду.
Иза шина цхьалхечу предложенех лаьтташ йолу хуттургаш йоцу чолхе предложени ю.  Цу чохь йолу  ши предложени вовшаххутту интонацино.
Маца? боху хаттар дала деза шолг1ачу декъа т1ера.
олхазарш  схьадог1ур ду (маца?)
Ишттачу предложенехь цхьалхечу шина предложенина юккъе тире юьллу.
3.Дуьхьлара маь1на:
Хьалхарчу предложенин чулацаман маь1нина дуьхьал шолг1ачун чулацам хилахь, цхьалхечу шина предложенина юккъе тире юьллу
Масала:
Аьхкено схьагулдо — 1аьно д1адуу. (Кица)
Предложенин хьалхарчу декъан чулацамна дуьхьлара маь1на ду  шолг1ачу декъан чулацамехь (чолхечу предложенин шина декъа юккъе хуттург ткъа, амма йилла мега)
4.Бехкаман маь1нехь: 
Шолг1ачу предложенехь дуьйцучун бехкам билгалбеш хьалхарниг хилахь, цхьалхечу шина предложенина юккъе тире юьллу
Масала:
Гонахара 1алам ахь х1аллакдо-кх — наха наь1алт  олу.
Шолг1ачу предложенехь дуьйцучун бехкам билгалбеш чулацам бу хьалхарчу предложенин (предложенин хьалхарчу декъана хьалха хуттург нагахь санна йилла мега)
5.Т1аьхьалонан маь1нехь:
Масала: 
Аьхкенан йовха хан т1екхаьчнера-дешархой Къоьзан-1ам т1е баханера. 
(шина декъа юккъе- цундела –боху хуттург йилла мега)
Ишттачу предложенехь цхьалхечу шина предложенина юккъе тире юьллу, нагахь санна.
Цундела боху хуттург ца олуш йитахь.
6. Бахьанин маь1нехь: 
Хьалхарчу предложенехь дуьйцучун бахьана шолг1ачу преложенино гойтуш хилахь, цхьалхечу шина предложенина юккъе ши т1адам буьллу
Масала: 
Иза ц1ийвеллера: цунна эхь хетара.
Шолг1ачу декъо бахьана гойту хьалхарчу декъехь дуьйцучун (шина декъа юккъе-х1унда аьлча — боху хуттург йилла мега)
7. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятой юьллу.
Масала: 
Дог1а д1аделира сиха, мархаш кхин д1аяхара, малх схьакъедира.
И предложени кхаа декъах (кхаа цхьалхечу предложенех) лаьтта.
Кху предложенехь цхьа хилам вукхунна т1аьхьа хилар билгалдо. Предложени йоьшур ю вай и хиламаш багарбечу интонацица, ткъа йозанехь цу предложенешна юккъе запятой юьллу. 
Цхьаьнакхетаран а, карара а хуттургаш а йоцуш я хуттургийн дешнаш а доцуш, еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолу хуттургаш йоцу чолхе предложени ю иза. Кхоъ цхьалхе предложени вовшаххутту эшаро (интонацино).
Ишттачу хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятой (ц1оьмалг) юьллу, нагахь санна церан вовшашца уьйр а елахь, уьш дукха яьржина а яцахь. 
8. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам х1оттабо, уьш вовшех к1езиг йозуш а, ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь.
Масала:
Юкъа-кара мархаш а йолуш, гуьйренан хаза де деанера; г1арг1улеш, жут а йина, къилбехьа йоьлхура.
Х1окху чолхечу предложенин ший дакъа а запятойшца ду, цундела цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца (ц1оьмалгаца) т1адам х1оттабо.
Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Къовларийн метта сацаран хьаьркаш а х1иттош, д1аязъе предложенеш.
Малх хьалаг1еттира (?) дохк д1асаелира.
Малх гуш бацара (?) ерриге стигал д1алаьцнера мархаша.
Со г1ийла хетара (?) юххехь доттаг1ий бацара.
Иза хьаша ву (?) со ц1ийнан да ву.
Со кхийтира (?) селхана хиллачух лаьцна дара къамел. 
Сих-сиха ше туьйсуш, г1улч шуьйра йоккхуш, охьанехьа уьду са сихаОрга (?) парг1ато лоьху цо.
Гаьннаш д1аса тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш (?) царех орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша.
Хьовсур ду вай нийса кхочуш динчу т1едилларе:
Малх хьалаг1еттира, дохк д1асаелира.
Малх гуш бацара: ерриге стигал д1алаьцнера мархаша.
Со г1ийла хетара: юххехь доттаг1ий бацара.
Иза хьаша ву — со ц1ийнан да ву.
Со кхийтира: селхана хиллачух лаьцна дара къамел.
Сих-сиха ше туьйсуш, г1улч шуьйра йоккхуш, охьанехьа уьду са сиха Орга — парг1ато лоьху цо.
Гаьннаш д1аса а тийсина, шуьйрра къерза хенара нежнаш: царех орамаш хьерчадо куьцечу пепнаша.
Х1окху урокехь вай дийцира хуттургаш йоцчу чолхечу предложенехь йолчу цхьалхечу предложенийн  тайп-тайпанчу маь1нех а, интонацех а лаьцна. Оцу буха т1ехь сацаран хьаьркаш нийса х1итторан бакъонаш а евзира; ненан маттехула пунктуацин цхьайолу   къайленаш а яьстира. 
Урок цу т1ехь чекхйолу. 1одика йойла шун.
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Юххедиллар.«Нийсанигхаржар».(Тестировани)
1. Хуттургашйоцчучолхечупредложенехьйолчуцхьалхечупредложенийнмаь1наш хуьлу:
а.нийсачукхачаман
б.тайп-тайпана
в. дуьхьлара
2. Хуттургашйоцчучолхечупредложенешкахьцхьалхечупредложенешнаюккъезапятойца т1адам х1оттабо:
а.нагахьсаннауьшвовшех к1езиг йозуш а,ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь
б. нагахьсаннацеранвовшашца ч1ог1а уьйр а елахь,уьшдукхаяьржина а яцахь.
в.хьалхарчупредложенинчулацамнадуьхьал шолг1ачун чулацамхилахь
3. Билгалъяккхасацаранхьаьркнийса х1оттийна предложени :
а. Со г1ийла хетара:юххехь доттаг1ий бацара.
б. Зезагдоккхахилламелачу,махолестадоиза.
в.Дог1а ,д1аделира сиха ,мархашанайисте, д1аяхара 
4.Хуттургаш йоцчучолхечупредложенешкахьцхьалхечупредложенешнаюккъе запятой юьллу:
а.нагахьсаннацеранвовшашца ч1ог1а уьйр а елахь,уьшдукхаяьржина а яцахь.
б. чолхепредложени шина цхьалхечупредложенихлатташелахь
в. нагахьсаннауьшвовшех к1езиг йозуш а,ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь
5. Билгалъяккхасацаранхьаьркнийса х1оттийна хуттургашйоцучолхепредложени:
а.Ихьунсенъелла ,лаьттара б1аьстенан махолестайораиза.
б.Изахьашаву-со ц1ийнан да ву.
в. Гуьйре т1екхочур ю-цо д1аболор бушенхийцамаш
                                       Дог1а.
Тест «Нийсанигхаржар»
1. Хуттургашйоцчучолхечупредложенехьйолчуцхьалхечупредложенийн
маь1наш хуьлу:
а.нийсачукхачаман
б.тайп-тайпана
в. дуьхьлара
2. Хуттургашйоцчучолхечупредложенешкахьцхьалхечупредложенешнаюккъезапятойца т1адамх1оттабо:
а.нагахьсаннауьшвовшех к1езиг йозуш а,ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь
б. нагахьсаннацеранвовшашца ч1ог1а уьйр а елахь,уьшдукхаяьржина а яцахь.
в.хьалхарчупредложенинчулацамнадуьхьал шолг1ачун чулацамхилахь
3. Билгалъяккхасацаранхьаьркнийса х1оттийна предложени :
а. Со г1ийла хетара:юххехь доттаг1ий бацара.
б. Зезагдоккхахилламелачу,махолестадоиза.
в.Дог1а ,д1аделира сиха ,мархашанайисте, д1аяхара 
4.Хуттургаш йоцчучолхечупредложенешкахьцхьалхечупредложенешнаюккъе запятой юьллу:
а.нагахьсаннацеранвовшашца ч1ог1а уьйр а елахь,уьшдукхаяьржина а яцахь.
б. чолхепредложени шина цхьалхечупредложенихлатташелахь
в. нагахьсаннауьшвовшех к1езиг йозуш а,ч1ог1а яьржина а, кхачаме маь1на долуш а елахь
5. Билгалъяккхасацаранхьаьркнийса х1оттийна хуттургашйоцучолхепредложени:
а.Ихьунсенъелла ,лаьттара б1аьстенан махолестайораиза.
б. Изахьашаву-со ц1ийнан да ву.
в. Гуьйре т1екхочур ю-цо д1аболор бушенхийцамаш
Пайдаэцна литература
«Нохчийнмотт»  8-9кл. З.Д.Джамалханов, Т.М. Вагапова, Я.У.Эсхаджиев.
«Юккъерчушколехьнохчийнметтанорфографиа,пунктуаци а 1амор» Я.У.Эсхаджиев
«Самукъане грамматика» С.Э.Эдилов.
«Нохчийнмотт» Джамалханов З.Д.,Чинхоева Т.Н.
«Пунктуацинкъайленаш» Г.Г.Граник ,С.М.Бондаренко
«Русский язык» 9кл. Л.А.Тростенцова, Т.А.Ладыженская,А.Д.Дейкина,О.М.Александрова.
«9 классехьнохчийнмоттхьехар» Я.У.Эсхаджиев

Close
Яндекс.Метрика