Урок 16. Хуттургаш йоцчу чолхечу предложених кхетам балар

Де дика дойла шун.
Вай д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок. Дуьйцур ду хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех лаьцна.
Хьалха дагадоуьйтур  ду вай, стенах олу чолхе предложени.
Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачу предложених чолхе предложени олу. Масала:
Генарчу махкахь вехаш вара к1ант, х1етте а х1ора шарахь шен дай, наний долчу вог1ура и.
-И предложени чолхе ю, цу чохь шиъ цхьалхе предложени ю.
-Маса тайпана хуьлу чолхе предложенеш хьовсий вай?
Чолхе предложенеш кхаа тайпана хуьлу.
Чолхе предложенеш:
Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш
Чолхе-карара предложенеш
Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш
Оьрсийн маттахь царех сложносочиненное предложение, сложноподчиненное предложение, бессоюзное сложное предложение.
Дагадоуьйтур вай муьлхачу предложених олу чолхе-цхьаьнакхетта а, чолхе-карара а предложени.
Цхьатерра бакъо а йолуш, шина я масех цхьалхечу предложених лаьттачух чолхе-цхьаьнакхетта предложени олу. Масала:
Хьаша схьа а кхечира, цара синкъерам а бира.
Цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший йолчух чолхе-карара предложени олу. Масала:
Вина мохк мазал а мерза бу бохуш, кица ду вайн къоман.
-Еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьтташ йолчу чолхечу предложених хуттургаш йоцу чолхе предложени олу.
-Хуттургаш йоцчу предложенехь цхьаьнакхетаран а, я карара хуттургаш а  ца хуьлу я хуттургийн дешнаш а ца хуьлу. Масала:
Гуьйре т1екхочур ю – ялташ чудерзор ду.
И хьун  сенъелла лаьттара, иза мохо г1ийла лестайора.
Ас не1 т1екъевлира: арахь шийла яра.
1амийнарг т1е а ч1аг1деш, ялийнчу текст т1ехь болх бан хьовсур ду вай чолхе предложенеш билгал а йохуш.
К1ентан йо1 кхиъча…
Малх схьакхетале г1аьттинера йоккха стаг. Асар сихха чекхдаккха дезара, амма кхунна г1о дан цхьа а вацара. Цхьаъ бен воцу к1ант г1алахь 1аш вара. Наггахь бен ца нислора цуьнан нана йолчу вар. Несо асаран мур боккхур бу бохург-м хьехочохь а дацара…
Масех сахьт даьллера цо асар дан долийна. Малх дикка лакхабаьллера, х1инца а йохъялаза яра. Малх тахана, кхунах къинхетам бан дагадеъча санна, эсала хьоьжура.
Шен к1адбеллачу букъе сада1ийта хьалатаь1инчу йоккхачу стагана шайн кет1ахь машен соцуш санна хийтира. Шен асар а сацийна, веънарг мила ву хьажа яхара и. Баьхкинарш муьлш бу шена гича, цуьнан юьхь екхаелира. Кхуьнан к1ант а, цуьнан доьзал а бара уьйт1ахь. К1ентан йо1а ша аьхкенан каникулашкахь денана йолчохь 1ийр ю аьлла, баьхкина хиллера уьш.
Чай меллачул т1аьхьа, к1ентан йо1 дененаца асар дан х1оьттира, нус а, йоь1ан нана, царна улло х1оьттира…
Йоккхачу стага к1иранах дийр долу асар сарале дина бевлира уьш…
Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш:
1. Малх дикка лакхабаьллера, х1инца а йохъялаза яра.
2. Чай меллачул т1аьхьа, к1ентан йо1 дененаца асар дан х1оьттира, нус а, йоь1ан нана, царна улло х1оьттира…
Вай тахана урокехь дийцира хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех лаьцна.
Карладаккхарца т1еч1аг1дира чолхе -цхьаьнакхеттачу а, чолхе -карарчу а предложенех лаьцна долу хаарш.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна : шаьш ешначу муьлххачу а цхьаьна произведени  кийсак юкъара  5-6 чолхе предложени схьаязъян хьовса, хуттургаш йолуш а, йоцуш а.
Вай х1инца вешан рог1ера урок ерзор ю.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт 8-9 класс». Грозный, ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013
Окуев Ш. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» Соьлжа – Г1ала, ГУП «Книжни издательство», 2008.
А. Исмаилов «Дош», Соьлжа-г1ала-2005 шо.

Close
Яндекс.Метрика