Де дика хуьлда шун.
Вай д1айолор ю вешан рог1ера урок.
Таханлерчу урокан тема: Кхачаман т1етуху предложенеш.
Вайна евзира т1етухучу предложенин кепаш, уьш кхаа тобане екъалуш хилар а девзира.
Тахана вай дуьйцур ду кхачаман т1етухучу предложенех лаьцна.
Хьалхарчу урокехь вай йийцаре йира чолхе – карара предложенеш а, царна чохь цхьаъ я масех т1етуху предложени хилар а девзира.
Т1етухучу предложенин коьрта ши билгало ю:
Иза коьртачух д1ахуттуш болу синтаксически г1ирс
(карара хуттург я хуттурган дош) хилар а,
цу чуьра сказуеми муьлххачу а цхьана саттамехь хилар а билгалдира вай.
Нохчийн маттара т1етуху предложенеш екъало кхаа тобане:
кхачаман (я кхеторан) т1етуху предложенеш;
къастаман т1етуху предложенеш;
латтамийн т1етуху предложенеш (хенан, бахьанин, 1алашонан, даран суьртан, бараман, бехкаман).
Масала:
Оцу ворх1е а гила барзана ницкъ беш цхьа гила борз хилла бохуш, хезна суна.
Кхузахь хезна суна-коьрта предложени,
хезна х1ун? оцу ворх1е а гила барзана ницкъ беш цхьа гила борз хилла бохуш-
кхачаман т1етуху предложени.
Коьртачу предложени чохь долу дош я дешнийн цхьаьнакхетар
(дукха хьолахь хандош я хандешан форма) кхетош йолчарах кхачаман т1етуху предложени олу.
Царна луш долу хаттар ц1ерниг дожаран хаттар а ду, уьш кхачаман маь1нехь а хуьлу.
Уьш коьртачу предложенех д1ахутту хуттурган дешнаша
(юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаший, куцдешнаший:
(х1ун, маца, мел, муха, х1унда) а, аьлла, бохуш карарчу хуттургаша а.
Ша цига муха кхаьчна, Хадиштана шена а ца хаьара.
Шегара ледарло ша х1унда ялийтира, Ахьмад ша а ца кхетара.
Шуьга дийца лаьа суна, х1ун хийцамаш хилла сайца х1окху т1аьхьарчу хенахь.
Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.
Деша вог1у аьлла, ма веана иза а школе.
Кхачаман т1етухучу предложенера бохуш, аьлла хуттургаш цуьнан чаккхенгара меттиг д1алоцуш хуьлу.
Нийсачу кхачамца юстур вай кхачаман т1етуху предложени:
Суна хиира и (нийса кхачам).
Суна хиира, иза маца веана (кхачаман т1етуху предложени).
Шиммо а х1ун? бохучу ц1ерниг дожаран хаттарна жоп ло.
1амийнарг т1еч1аг1деш иштта т1едиллар кхочушдан хьовсий вай:
Х1окху предложенешкахь оьшучохь сацаран хьаьркаш а йохкуш, хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а къовларшна юкъа а лоцуш, билгалъяха хьовсур ду вай кхачаман т1етуху предложенеш,
Ас дийцира садовш лома жа1уй болчу со муха кхечира.
Сахабатана шена а ца хаьара шен дахар иштта голатухуш х1унда керчина.
Расулна шена а ца хаьара ша т1еваьлла гу мел лекха бу.
Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду бохуш хезира суна.
Тешнабехк бина техьа шена аьлла хийтира эсалчу йо1ана.
Хаийтира йо1а шена зезагаш мел дукха деза.
Т1едилларца нийса ларийнехь иштта хир ду:
Ас дийцира, садовш лома жа1уй болчу со (муха) кхечира.
Сахабатана шена а ца хаьара , шен дахар иштта голатухуш (х1унда) керчина.
Расулна шена а ца хаьара, ша т1еваьлла гу (мел) лекха бу.
Х1окху беттан денош йочана йоцуш хир ду (бохуш), хезира суна.
Тешнабехк бина техьа шена (аьлла), хийтира эсалчу йо1ана.
Хаийтира йо1а, шена зезагаш (мел) дукха деза.
Х1окху урокехь вай шуна йовзийтира кхачаман т1етуху предложенеш, бовзийтира уьш коьртачу преложенех д1ахутту г1ирсаш а.
Ц1ахь:
Иштта хаттар а х1оттош, кхачаман т1етухучаьрца чекхъяха х1ара чолхе-карара предложенеш:
1 Селхана суна хиира, (х1ун?)
2 Аса дийцира, (х1ун?)
3 Амма цунна ца хаьара, (х1ун?)
4 Х1ан, алахьа, (х1ун?)
5 Т1аккха хуур ду хьуна (х1ун?)
Цу т1ехь вешан рог1ера урок ерзор ю вай.
1одика йойла. Марша 1ойла.