Урок №8 Чолхечу-карарчу предложенехь т1етухучун меттиг а ,сацаран хьаьркаш а

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Буьйцуш берг бу
Нохчийн мотт.
Ахь д1аяккха лергара потт.
(халкъан кица)
Керла тема йийца вай дуьйладалале, вай доцца дуьйцур ду  чолхе-карарчу предложених лаьцна.
Чолхе-карарчу предложенера цхьа предложени вукхунах йозушший, кхеташший хуьлу, 
Масала:
Юьртахь дуьйцуш дара, Ахьмада к1анта толам баьккхина  бохуш.  
Юьртахь дуьйцуш дара,  (коьрта предложени) Ахьмада к1анта толам баьккхина  бохуш. (т1етуху предложени, бохуш –карара хуттург)
Х1инца вай,  дика тидам т1е а бахийтина, дуьйцур ду чолхе-карарчу предложенехь т1етухучун меттиг мичахь ю а, цаьргахь сацаран хьаркаш яхкаран бакъонех  лаьцна а.
Т1етуху предложени латта тарло коьртачунна т1ехьа а, цунна хьалха а, цунна юккъехь а.
Нагахь санна т1етуху предложени коьртачунна т1ехьа я хьалха лаьтташ  елахь, иза цунах къастайо запятой йилларца, нагахь санна коьртачунна юккъехь лаьтташ елахь, иза къастайо шина аг1ор запятойш яхкарца.
Тхуна, тхаьш т1елаьцна болх, чекхбаккхалур бу аьлла, хета.(т1етуху предложени юккъехь ю, и запятойца къастайо)
Шен еррига а к1оргаллица гучуделира суна, со мел т1аьхьависина.
(х1окху чолхе-карарчу предложенехь т1етухург  коьртачунна т1ехьа лаьтташ ю)
Нагахь хьо юьрта баба йолчу водахь, со а вог1ур ву хьоьца.
 (х1окху чолхе-карарчу предложенехь т1етухург  коьртачунна хьалха лаьтташ ю)
1амийнарг т1еч1аг1деш, т1едиллар кхочуш а деш, ялийнчу предложенеш юкъара чолхе – карара предложенеш билгалъяха хьовсур ду вай.
Мел хан елира, билгал дага ца дог1у суна.
Ас дуьйцур ду хьуна, мила ву кху юьртахь ц1е йоккхуш стаг.
Ц1еххьана мох а белира, берда йистехь долу хин-кема тулг1енашца д1а а даьхьира.
Хьанна хаьа, ламанца д1атарделла х1ара адам кхузахь деха мел хан ю.
Цхьа хенак1ур яра шен болх  беш, ткъа иштта цхьанхьа акха котам цкъа шок а тоьхна, юха а д1атийра.
Билгалъяьхна предложенеш чолхе-карара ю, х1унда аьлча царна чохь йолу цхьалхе предложенеш цхьаъ вукхунах йозушший, кхетошший ю. Уьш вовшех хутту –мел, мила-бохучу хуттургийн дешнаша.
Дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш, йолийна чолхе-карара предложенеш т1етухучу предложенешца чекхъяха.
Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?)
(х1ун бахьана долуш?), …со школе д1а ца ийцира-кх деша.
Г1аларчу девеше, (х1ун?) … аьлла, хаам бира нанас.
Гергарчу хьесапехь иштта чекхъяха мегар дара и т1етухучу предложенеш.
Т1аккха цунна дагадеара, (х1ун?)  шен кхана мангала  ваха дезар.
Йоза ца хаьа аьлла, со школе д1а ца ийцира-кх деша. Х1ун бахьана долуш?
Г1аларчу девеше, деша вог1у аьлла, хаам бира нанас.
Вайна тахана евзи  чолхе-карарчу предложенехь т1етухучун меттиг а, сацаран хьаьркаш а.
Вайна хии т1етуху предложени латта тарло коьртачунна т1ехьа а, цунна хьалха а, цунна юккъехь а.
Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, барта далор ду вай масалш:
Ехаш-1аш яра карара хуттургаш. Уьш дукха яцара, цундела 1уьйранна сарралц бечу балхо ницкъ бора царна.
Т1етухурш дукхе дукха ю, бохура цара. Чолхе-карара предложени дукха еза чалх ю, тхан эг1азчу белшаш т1е  йоьжна йолу. Х1ун дер ца хууш, холчу х1иттина 1аш ю тхо, цундела х1оттаман хуттургаш еара тхуна г1онна, амма цунах а г1уллакх ца хилира.
Гена доццуш лаьтташ долу къамелан дакъош, кортош а айъина ладег1а дуьйлира карарчу хуттургаша бечу латкъамашка, амма юххе ца дог1ура. Хуттургашна а хиира шайн тидам бинийла.
Х1ей!- бохуш, мохь беттара цара т1аккха.
Хьоме къамелан дакъош! Шу дукха а ду, шайн лаамехь а ду, г1одейша тхуна.
Ц1ердешнаша х1ара ду аьлла х1ума ца элира цунах лаьцна, билгалдешнаш а ц1ердешнийн бага а хьуьйсуш 1адда 1ара. Урхалла деш дохкучу хандешнийн йиш яцара церан ойлаян, терахьдешнаш цхьацца дагардарш кхочуш деш дара. Куцдешнаш а, кхечу къамелан дакъойн метта лела 1емина долу ц1ерметдешнаш а, шайна и дагах хьакхаделла  хилар лачкъа ца луш 1ара.
Хуттургийн дагахь цхьа сатийсам кхоллабелира т1аккха. Ц1ерметдешнашца къамел дан юьйлира уьш. «Хьоме ц1ерметдешнаш! Даккхий г1уллакхаш ду аш деш дерш. Аш оццул девзаш долу къамелан дакъош хуьйцу, масала, ц1ердош, билгалдош, терахьдош. Оццул говзалла шайгахь йолчу аш, тхан меттана цхьажимма г1уллакх дийр дацара?»
Ц1ерметдешнаша жоп делира: «Цхьацца юкъаметтигаш кхочушъеш г1уллакх дан реза ду тхо тхайн куьцах а ца духуш».
Эццахь хаьржира хуттургийн дешнийн г1уллакх шайна т1елоцур долу ц1ерметдешнаш а, куцдешнаш а.
Карара хуттургаша ч1ог1а резахилла бохура: «Шуна бен хуур дацара кхечеран г1уллакх шайна т1елаца. Аш дика гойту и тайпа юкъаметтигаш». Х1етахь дуьйна хуттургийн дешнийн кепехь лелачу ц1ерметдешнех юкъаметтигалин ц1ерметдешнаш олу. Тахана а мила, х1ун, муьлха, маца, х1унда, муха бохуш, чолхе предложенешкахь хуттургийн декхарш кхочушдеш лелаш ду цхьадолу ц1ерметдешнаш а, куцдешнаш а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла шу!
Пайда эцна литература:
Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н.- Нохчийн мотт 10-11 кл.
Эсхаджиев Я.У.-9 классехь нохчийн мотт хьехар.
Эдилов С.Э.- Самукъне грамматика 5-11 классашна дешаран пособи.

Close
Яндекс.Метрика