Урок №7 Чолхечу-карарчу предложенех лаьцна юкъара кхетам

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Х1окху урокехь вай  чолхе-карарчу предложенех лаьцна юкъара кхетам лур бу.
Нагахь санна со йо1 хилча,
Хан ца яйа ю со кийча:
Чохь дан дезарг дийр ду ас,
Цхьанадена ца еш вас.
(С.Эдилов)
Чолхе-карарчу предложених лаьцна дийца вай дуьйладалале, карлаяккха вай чолхе предложени?
Шина я масех цхьалхечу предложенех лаьттачух чолхе предложени олу.
Сихха къайлаболура малх, г1еллой макхлора дуьне.
Чолхе предложени екъало кхаа тобане:
Чолхе-цхьанакхетта предложенеш;
Чолхе-карара предложенеш;
Хуттургаш йоцу чолхе предложенеш.
Х1инца вай, дика тидам т1е а бахийтина, дуьйцур ду чолхе-карарчу предложених лаьцна.
Чолхе-карарчу предложенера цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший хуьлу. Т1етуху предложени шех йозуш а, цо кхетош а йолчух коьрта предложени олу.​
Суна хезнера,театрехь кестта «Бож-1ела» спектакль х1оттор ю бохуш.
Масална вай ялийначу  предложенехь коьрта ю-суна хезнера,
т1етуху предложени ю – театрехь кестта «Бож-1ела» спектакль х1оттор ю   бохуш.(бохуш-карара хуттург ю)
Суна хезнера (коьрта предложени) (х1ун?)театрехь кестта «Бож-1ела» спектакль х1оттор ю бохуш (т1етуху предложени).
Тидаме эца деза т1етухучу предложенин коьрта ши билгало хилар.
Дуста вай.
Хьо нана йолчу ца ваг1ахь, цунна халахетар ду. (бехкаман латтамца йолу цхьалхе предложени)
Нагахь санна хьо нана йолчу ца ваг1ахь, цунна халахетар ду (шеца карара хуттург елахь а, иза а  ю бехкаман латтамца йолу цхьалхе предложени)
Т1етуху предложенешца х1ара карара хуттургаш хуьлу:
​Х1унда аьлча, нагахь санна (нагахь), бохуш, аьлла-уьш предложенин меженашца хуьлу.
Масала:
Дада тахана мангала ца ваханера, х1унда аьлча иза хьошалг1а кхайкхина вара.
Барт хилира кегийрхойн, доккхачу маьждигехь цхьанакхетар ду аьлла.
Ша дуьйцург шена гинарг ду бохуш,  дуйнаш буура цо.
Хуттургийн дешнийн кхин ц1е а ю-юкъаметтигаллин дешнаш.
Царна юкъа доьлху х1ара юкъаметтигаллин ц1ерметдешнашший, куцдешнашший: мила, х1ун, муьлха, маца, х1унда  и. д1. кх.
Уьш т1етуху предложенеш коьртачарах д1ахуттуш а хуьлу, цул сов, т1етухучу предложенин меженаш а хуьлу. Масала:
Т1аккха дийцира цо, и г1алат муха нисдан деза
Т1етухучу предложени чуьра юкъаметтигаллин куцдош-муха – даран суьртан латтам бу.
Хьо стенга ваханера, дийцахьа тхуна.
Т1етухучу предложени чуьра хуттурган дош-стенга-меттиган латтам бу.
Хьанна хаьа, цуьнан дагахь х1ун дара.
Т1етухучу предложени чуьра юкъаметтигаллин ц1ерметдош —х1ун-подлежащи ду.
Хьоме дешархой, х1инца шуьга са а до1уьйтуш, аса шуна кицанаш далор ду, ткъа аша ойлае, юй цу юкъахь чолхе-карара предложенеш?
Дикачу лулахочул дика х1ума а дац, вочул- вон х1ума а дац.
Нагахь санна стаг вовза лаахь(лаьий, лаьа-кх), цуьнан уьйрашка хьажа. (чолхе-карара предложени)
Кепекан меха вац стаг, нагахь санна шех йоллу вон амал эшалуш и вацахь.(чолхе-карара предложени)
Тахана харц дерг ахьа дийцахь, кхана хьох тешар бац.(чолхе-карара предложени)
Х1оранна а шена дика хуур ду, шен могашалла муха ларъян еза.
Вайна тахана девзи керланиг:
Чолхе-карарчу предложених лаьцна юкъара кхетам
Вайна хии чолхе-карарчу предложенера цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший хуьлий а.
Т1етухучу предложенешца карара хуттургаш юйла а.
Хуттургийн юкъаметтигаллин  дешнаш дуйла а.
Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, барта далор ду вай масалш:
Жима бер а карахь, къона нана хилла йог1уш. Исмайлан Дуда а гина, бер охьа а диллина, юьстахъяьлла иза.
Дудас, бер схьа а эцна, т1екхайкхина цуьнан нене.
Дудас, и к1ант вуй хиъча, цунна юххе ахча а, тапча а йиллина.
Воккха хиллачу цу к1антана зуда ялийча, верта а, герз а кхидолу совг1ат а дохьуш, той-ловзар д1адирзича, цу к1ентан ц1ийннана  Дудина т1ееана, ша мила ю хаьий хьуна аьлла.
Рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду чолхе-карарчу предложенехь т1етухучун меттиг а,сацаран хьаьркаш а аьлла йолчу темех лаьцна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
Вешан матте лерам а болуш, могуш-маьрша Даймахкахь дехийла-кх вай.
1одика йойла шун.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н.- Нохчийнмотт 10-11 класс
Эсхаджиев Я.У.- 9 классехьнохчийнмоттхьехар
Эдилов С.Э.- Самукъне грамматика 5-11 классашнадешаранпособи
Эшаев У., Эжаева Р.-   I-радакъаНохчийн литература 9 класс

Close
Яндекс.Метрика