Урок № 6 Чолхе-цхьанакхеттачу предложенешкахь: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургаш

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
Урокан ц1е ю «Чолхе-цхьанакхеттачу  предложенешкахь дозаран, дуьхьалара,  къасторан хуттургаш.»
Д1аяханчу урокехь чолхе-цхьанакхеттачу предложенех лаьцна дийцира вай. Чолхе-цхьанакхетта предложени олу цхьатерра бакъо йолуш цхьанакхеттачу цхьалхечу предложених .
И цхьалхе предложенеш вовшех юзу цхьанакхетаран хуттургаша.
Нехан  шуьнехь къонах а верстар вац, нехан  хьаьвди  т1ехь  дин  а берстар  бац.
Тахана вай шуьца дуьйцур ду чолхе-цхьанакхеттачу предложенешкахь хуьлучу хуттургех а, церан маь1нех а, цаьргахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонех  а лаьцна.
Чолхе-цхьанакхеттачу предложенешкахь лела цхьанакхетаран хуттургаш.
а- а –бохучу дозаран хуттургаца йолчу чолхе- цхьанакхеттачу предложенеша гойту х1ора предложени чохь дерг цхьаъ кхечунна т1аьхьа я цхьана заманчохь кхочушхилар.
1уьйранна дашо малх схьа а кхийтира, дуьне серла а делира.
Малх мархашна т1ехьа къайла а белира, арахь кхоьлина д1а а х1оьттира.
Амма, ткъа, делахь а, бакъду(цхьабакъду), х1етте а бохучу дуьхьаларчу хуттургашца йолчу чолхе-цхьанакхеттачу предложенеша гойту цхьана предложенехь дуьйцуш дерг вукхунна дуьхьал  маь1на хилар.
Дикачу стагана  корта ца кхоо а мегар ду, амма цхьаволчунна-м м1аран юьхьиг а ца йог1у.
Цхьана сохьтехь бен йина хир яцара цо наб, делахь а дег1е г1ора деара цунна.
я- бохучу къасторан хуттургаца йолчу чолхе-цхьанакхеттачу предложенеша гойту шайгарчу предложенешкахь дуьйцуш дерг хийцалуш хилар я кхочушхила тарлуш долчарах  цхьаъ къастош хилар.
Луиза герггарчу деношкахь юьрта г1ур ю я цо Мареме кехат яздийр ду
-Х1инца вай шун  хаарш т1еч1аг1даран  болх  бийр бу.
Т1едиллар: Схьаязъе, цкъа хьалха дозаран хуттургаш йолу чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш, т1аккха дуьхьалара хуттургаш ерш, цул т1аьхьа-къасторан хуттургаш ерш.
1.Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гонд1арчу ярташкара кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.
2. Сийсарчул сакъералуш ла а дуг1ура Вассас, делахь а цкъацкъа лаамаза ойла   акхайолура.
3. Чов а йирзина, х1инца талуш вог1ура З1ока, х1етте а кхин  де а дог парг1атдала ца дуьтуш, т1ейирзинчу ойланаша б1арзвинера воккха стаг.
4.  Адамийн б1аьрг хьасто я уьш цецдаха санна, ишттачу мехаша маь1-маь11ехь  лайн  гунаш х1иттадора.
5. Х1айт-аьлла турпалалла яцара цуьнгахь, делахь а дерриге а коьрта чохь латто ,дерриге а дага  дог1уш а, тайп-тайпана ойлаян хууш вара иза
6. «Я машар беза шуна,я дов деза шуна.
7. Шу машарна даьхкинехь, тхан хьошалла а гур шуна, т1ом бахьаш даьхкинехь, тхан хьуьнар а зоьр-кх аш.»
Нийса жоп:
дозаран хуттургашца йолу чолхе-цхьанакхетта предложенеш:
Шу машарна даьхкинехь, тхан хьошалла а гур шуна, т1ом бахьаш даьхкинехь, тхан хьуьнар а зоьр-кх аш.
дуьхьалара хуттургаш йолу чолхе-цхьанакхетта предложенеш:
Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гонд1арчу ярташкара кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.
Сийсарчул сакъералуш ла а дуг1ура Вассас, делахь а цкъацкъа лаамаза ойла акхайолура.
Чов а йирзина, х1инца талуш вог1ура З1ока, х1етте а кхин  де а дог парг1атдала ца дуьтуш, т1ейирзинчу ойланаша б1арзвинера воккха стаг.
Къасторан:
Я машар беза шуна, я дов деза шуна.
Х1ара  урок  ерзош, вайн къоман поэта Арсанукаев Шайхис  нохчийн  маттана  лерина язйинчу байтан мог1анаш дало лаьа суна:
Ларбе  мотт, хазбе  и,
Ца  еш  мало.
Т1аккха,  хьайн  весет  деш,
К1анте  д1ало.
Тахана вай  чолхе-цхьанакхеттачу  предложенешкахь хуьлучу хуттургех а, церан маь1нех а, цаьргахь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонех  а лаьцна дийцира.
Ц1ахь бан болх:
Муьлххачу а цхьана исбаьхьаллин произведени т1ера схьаязъе чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургашца ерш, х1ора кепана кхоккха предложени.
1одика  йойла, марша  1ойла  шу!
Дала вешан меттан  сий-пусар деш, доггах  безаш 1амо  а, цуьнан  исбаьхьалла йовза   а  болу  лаам совбоккхийла  вайн.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З. Д. Вагапова Т. М., Эсхаджиев Я.У  «Нохчийн мотт» 8-9кл Соьлжа-г1ала  ГУП  «Книжни  издательство»  2007
2.З.Д.Джамалханов « Нохчийн  мотт » II дакъа   Синтаксис Нохч-Г1алг1айн АССР-н педучилищан 3-4-чуй курсийнстуденташна учебник Грозный Нохч-Г1алг1айн Книжни издательство  1985
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2005  шо
4.Эдилов С. Э. «Самукъане  грамматика» 5-11кл  Соьлжа-г1ала  2012  шо.
5. Эдилов С. Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа- Пресс» 2011 шо.
Кечйинарг: Грозни-г1алин № 56  йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан,  литературинхьехархо АбуеваТовманИльмадиевна

Close
Яндекс.Метрика