Урок №10 Даран суьртан т1етуху предложени

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вайн урокан  тема ю «Даран суьртан т1етуху предложени»
Даран суьртан т1етуху предложени стенах олу а, цуьнан  хаттарш а, уьш коьртачух д1ахутту г1ирс а бовзар 1алашо ю вайн.
Рог1ера цхьаьнакхетар  вай д1ахьур ду  чолхе – карарчу предложенеш карчу т1етухучу предложенийн тайпанех лаьцна долу хаарш довзуьйтуш .
Хьалхарчу урокехь вай дийцира латтамийн т1етухучу  предложенин цхьана  тайпанах — хенан т1етухучу предложених лаьцна.
Коьртачу предложени чохь дуьйцучун хан гойтуш, маца? мича хенахь? бохучу хаттаршна жоп лучух хенан т1етуху предложени олу.
Мел, мосазза  бохучу хуттурган дешнаша коьртачарах д1ахутту хенан т1етуху предложени.
Х1инца вай дуьйцур ду даран суьртан  т1етухучу предложених.
Коьртачу предложени чохь дуьйцучун сурт,кеп гойтучу предложенех даран суьртан т1етуху предложени олу.
Цара жоп ло муха? мича кепара? бохучу хаттаршна.Уьш коьртачух д1ахутту бохуш,аьлла  бохучу  карарчу хуттургаша. Масала:
Шечуьнга кхочуш кхин хаза мохк карор бац шена аьлла, ц1авирзира  жима стаг.
ц1авирзира  (муха?мича кепара?)
шечуьнга кхочуш кхин хаза мохк карор бац шена  аьлла (даран суьртан т1етуху предложени)
аьлла-карара хуттург
Даран суьртан т1етуху предложенеш къастаман т1етухучу предложенешна  герга ю предложени т1ера луш долчу (муха? ) бохучу хаттарца  а,т1етуху предложени коьртачух д1ахуттучу г1ирсаца а (аьлла, бохуш)  карарчу хуттургашца а.
Амма къастаман т1етуху предложени йозуш хуьлу коьртачу предложени чохь долучу ц1ердашах,ткъа даран суьртан т1етуху предложени –хандашах а, хандешан форманах а. Масала:
Кица ду вайн къоман,хьоза мел лекхадаьлча а, лечане кхочур дац бохуш.
кица ду вайн къоман (коьрта предложени)(хаттар ц1ердашна т1ера ло)
х1ун кица?
хьоза, мел лекха даьлча а, лечане кхачалур дац бохуш (къастаман т1етуху предложени, йозуш ю кица бохучу ц1ердашах )
бохуш –карара хуттург ю.
Махкахь а г1араваьллера иза, массо а мискачу а, цомгашчу а  нахана г1о лоцуш, аьтто беш ву бохуш.
махкахь а г1араваьллера иза(коьрта предложени )(хаттар хандашна т1ера ло
г1араваьллера муха? массо а мискачу а, цомгашчу а  нахана г1о лоцуш, аьтто беш ву бохуш. ( даран суьртан т1етуху предложени, йозуш ю г1араваьллера бохучу хандашах-сказуемих)
бохуш-карара хуттург ю
Билгалдаккхар: нохчийн маттахь х1ун? боху хаттар муха? бохучу хаттаран маь1нехь а хуьлу.
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду  вай,
т1етухучу предложенийн тайпанаш билгал а дохуш:
Ла мел дийг1и а, татанаш дукха хезара.
татанаш хезара (маца?) ла мел дийг1и а. (хенан т1етуху предложени ю мел — иза хуттурган дош ду)
Шина вашас  вижале барт бира, 1уьрре г1еттина, мангала ваха веза вайшиъ аьлла .
шина вашас  вижале барт бира, х1ун? 1уьрре г1еттина, мангала ваха веза вайшиъ  аьлла (кхачаман т1етуху предложени, аьлла – карара хуттург ю).
Мохо и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла, хоьтуьйтура.
хоьтуьйтура х1ун? мохо и бун кху йист йоцчу арахула д1асахьур ю аьлла (кхачаман т1етуху предложени, аьлла –карара хуттург ю).
Пхьоьхана гулбеллачу баккхийчу наха хьехамаш бора, собаре хила деза вай, доха мегар дац бохуш .
баккхийчу наха хьехамаш бора муха? → собаре хила деза вай, доха мегар дац бохуш. (къастаман т1етуху предложении ю, бохуш – карара хуттург).
Дийцахьа тхуна, х1окху юьртан  къонахий муха баьхна. (кхачаман т1етуху предложени).
Х1окху беттан денош йочуна йоцуш хир ду бохуш, хезира суна.(кхачаман т1етуху предложени)
И екхна суьйре а гой техьа аьлла, дог доьхна яра йоккха стаг.
дог доьхна яра йоккха стаг →муха? и екхна суьйре а гой техьа аьлла (даран суьртан  т1етуху предложени).
Тахана вай дийци даран суьртан т1етухучу предложених лаьцна,  иштта церан  хаттарш а, уьш коьртачух д1ахутту г1ирс а бевзи.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна:
Шаьш ешначу муьлххачу а текста  юкъара даран суьртан т1етуху предложени шайца йолу чолхе- карара предложенеш схьаязъян хьовса.
Вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика