5 класс Урок№17 I. Гайсултанов Кегий йийсарш

I-ра урок.

ДIадолор.

пв кадре: Де  дика хуьлда шун.

Тахана вайн  урок  йу  нохчийн гоьваьллачу йаздархочун Гайсултанов Iумаран   дахарх  а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта вай дийцаре дийр ду цуьнан «Кегий йийсарш» повестан дакъа а.

слайд: —-Iумар  Гайсултанов шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна йазйечу йаздархойх хьалхарниг вара. Иза вина I920-чу шарахь Шелахь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Жимачу Iумарна дуьйцуш хилла цо уьш. ХIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хетта шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.

Йуьртара  школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Грозненски  рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар.

в кадре: I94I–I943-чуй шерашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан  тIамехь дакъа лоцу цо. Нохчийн къам махкахдаьккхинчу хенахь,  Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историн-филологин факультет.  I958-чу шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран киншкаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан белхаш дина.

     слайд:  I959-чу шарахь арайолу Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар”.

Цуьнан произведеш: “Кавказан лаьмнашкахь”,“Сема лергаш”, “Керлачудахаре”“Тешаме доттагI” .

Оцу произведенийн коьрта тема, берийн, кегийрхойн дахар дара, церан уьйраш, лехамаш бу авторан тидамехь.

в кадре: Масех лачдийцарш а юду Iумаран кхоллараллехь. Царах ду «Барзо амал цахуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIерашйолу. 

Нохчийн Республикин тайнигин театрехь йеххачу хенахь кхиамца хIиттийна йаздархочун пьесаш:  «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа».

     слайд: I974-чу шарахь зорбане йаьлла Гайсултанов Iумаран, исторехь хиллачийн буха тIехь йазйина  йолу повесть “Александр Чеченский”.  Исторически тема ойъу автора шен керлачу  произведенехь.

    в кадре:  «Кегий йийсарш»  оцу повестан цхьа дакъа ду, амма иза дийцар лара мегар ду, хIунда аьлча, дийцарехьсанна повестан декъехь турпалхочун дахаран кIеззигчу хиламех лаьцна дуьйцу цо. Дакъалоцурш    а дукха бац, ткъа и хиламаш йоццачу хенан гурашка берзийна бу.    

Повестан декъа тIехь буьйцург шайх Мансур коьртехь волуш,

Нохчаша шайн маршонехьа Россин паччахьан эскарца дIахьош болу къийсам бу. Оьрсийн паччахьан эскаро   БухIан-Йурт йохош церан каравахана жима кIант Iали.

«Кегий йийсарш» Повестан дакъа довзуьтур ду вай шуна.

слайд:

Йаздархочо шен  «Кегий йийсарш»  декъа тIехь цу заман дахаран къеггина долу сурт хIоттийна. Бовхачу безамца кхоьллина авторо коьртачу турпалхочун васт. И ву жимачохь нана  а кхелхина,  да кест-кеста бIоца тIаме а воьдий, гергара кхин цхьа а стаг воцуш, лулахочо Асмаа,  йуъучуьнца-молучуьнца тергойеш волу  жима Iали.

в кадре: Иштта Iалин доттагI, цул ши шо жима,  Асмаан кIант Хьасин. Дийнна де шина беро хи тIехь луьйчуш йа бешахь долчу комаран дитта тIехь доккхура, дитта тIе валардихкина доллушехь. (Нанас дов дора, кIант дитта тIера охьакхетарна кхоьруш). Амма цамагош долу хIума марзлуш хуьлу.

Маьрша йацара зама. Иштта хIара шиъ комаран дитта тIехь Iаш, цIаьххьана оьрсийн бIо тIелета йуьртана.

Слайд:

..Сихйина йуьйлура тоьпаш, декара «ура», йеттара вота…

 ЦIераш тийса йолийра эвларчу цIенойх  маьI-маьIIехь.

в кадре: —-Повестан декъа тIехь вайна го оьрсийн цхьаболчу салташкахь къизаллийца цхьаьна къинхетам хилар а.

Слайд:

Мироныч Iали  тIехь  волчу дитта тIе вахара…

Липат Иванович вукху дитта тIе вахара. Хьалакхевдинчу цо Хьасин схьалецира,  ларвеш охьаваьккхира. Хецна воьлхучу йуьхь тIера хиш, хьалха охьа а лахвелла, куьгхьаькхна дIадехира цо. Хьоьстуш бохура:

-Ма велха, жиманиг. ХIумма а дийрдац хьуна. Хьоьца беш баций и тIом.

в кадре: -Ши кIант жима велахь а,  авторо церан амалш гойту цу шиммо дечуьнца. Оьрсийн салташна каравахале а, йийсарш хуьлуш а, хиллачул тIаьхьа а  шина кIанта дийригдуьстича, вайна доьналлица, майраллица къаьста Iали. Цунна тоьшалла ду оьрсийн салтичо Мироныча цунах лаьцна олуш дерг:

Слайд:

— И Iаьржаниг  чIогIа  майра кIант  ву. Кара цаван, дитта буьххье хьалавелира,  дуткъачу гатIехь лестара. И шен жима накъост воьлхуш цахиллехьара, караван дагахь а вацара.

Дитта тIера охьавоьссича, жимачун куьг а лаьцна, ведира иза. Ткъа тIаьхьа а кхиъна аса схьалаьцча, сан пхьаьрсах цергаш йоьхкира…

в кадре —-Оьрсийн кара воьду ши кIант, амма йаздархочо коьрта тидам Iалина тIе бохуьйту. Ша жима велахь а, мостагIашна хьалха бIо ца къажош, къарвала цатуьгуш, майра хиларца билгалволу  и.

Авторо иштта йаздо цунах лаьцна:

ГIопа схьавалийра Iали а, Хьасин а.

Слайд:

Оцу хенахь керта балийра кхин йийсарш. Мансуран бIоца  тIом хиллачохь карабалийна бара уьш…

Берашна  йуккъера схьа а оьккхуш, йийсарх хьаьрчира кIант:

— Жума! –мохь а болуш.

-Ой, -олуш, воьхна кIентан коьрта тIе могаш куьг диллира Жумас.

 Цхьа салти и шиъ дIасакъасто вуьйлира. Тоьпан бух Iуьттуш, кIанте элира цо:

-Мегар дац. Йухавала!

Йуха а хьаьжна, буйнаш къевлира кIанта. БIаьргаш оьгIазе догура:

-Ма Iитта тоьпан бух, -элира цо.

в кадре —-Раевский йукъавуьйлира, хьалххе дуьйна кIанте безам бахана волу. Гергара вуй аьлла, хаттийтира цо Жумега. Жумас жоп делира:

Слайд:

-Вац. Цхьана эвлара ву. Кхуьнан да селхана тIамехь вийна. Да а,  нана а доцуш бо ду хIара хIинца.

  Дех лаьцна аьлларг хезначу кIентан бIаьргех охьахаьвдира мела хиш.Гуш дара и сатоха гIерташ хилар, амма цалабаллал беза бара тIебеана бала. Когаш тIе охьа а лахвелла, куьйгашца дIахьулйира кIанта йуьхь.Белшаш йегайора.

в кадре: Майралла чIогIа лоруш, ша а хIуманна бIо къажор боцуш хиларна и кIант везавеллера Раевскийна, майра тIемало хир ву цунах аьлла, сацийра. Цундела дара цо и харжар.

Иза кхетош-кхиор шена тIелоцу Раевскийс, хьаькамашка дехар а дой.

      Николай Николаевич Раевский  ша а  исторехь йоккха лар йитина турпалхо ву.

Раевскийс туьллу цунна Александр цIе  а, дуьненна а вевзаш волу полководец Александр Македонский санна, гIараваьлла тIемало и хиларе дог дохуш.

Слайд:

КIантана цIе хIун туьллур йара-те бохуш, ойла йора Раевскийс. Хийла цIераш дагайаьхкира, амма цхьа а  тIе ца ийцира. КIантана кхета аттаниг, дагахь лаьттайерг лоьхура. «Iали, Iали, хIун цIе туьллур ЙАра хьуна?-бохура цо ша-шега йух-йуха. ЦIаьххьана нур даьгча санна, коьрта чу хьевзира. –Ой, аса лелориг хIун ду? ЦIе-м цуьнан шен а йолуш ма йу-Iали. И оьрсийн маттахь йаьккхичахьана, чекх ма долу дерриг а, Александр. Хаза цIе а йу. Македонскийн а ма хилла цIе Александр. ХIара а хир ву, суна хIума хаахь, гIараваьлла  тIемало»…

-Александр Николаевич Чеченский ву хьо!

Иштта йеха шен цIе йаккхарх дозалла дира кIанта. Тайра цунна шена тиллина цIе.

в кадре:—- Росси  дIавигначултIаьхьа, РаевскигIеран  доьзалехь хьалакхиъна Iали. ТIеман гIуллакхашкахь шегара хьуьнарш, доьналла а гайтарна дуккха а совгIаташ дарца а, мидалш йаларца а билгалваьлла хилла иза, инарла-майоран дарже а кхочу и тIаьххьара.

—- Тахана вайна девзи Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Иштта вай дийцаре ди цуьнан  «Кегий йийсарш» повестан дакъа а.

Кхоллараллин таронаш йаккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Цуьнан кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала йара.

Кху тIехь вешан урок йерзор йу.

Iодика йойла!

Марша Iойла шу!

Тест

I. Мила ву нохчийн литературехь леррина берашна йазйечу йаздархойх хьалхарниг?

I. Мамакаев I.               3. Гайсултаноа I.

2. Арсанукаев Ш.           4. Бадуев С.

2.  Iумар Гайсултанов вина… .

I. I9I5 шарахь, БухIан-Йуьртахь.            3. I9I4 шарахь, МахкатIехь

2. I920 шарахь, ГIойтIахь                        4. I920 шарахь, Шелахь.

3. Гайсултанов Iумаран  литературе шовкъ кхоьллинарг?

I. Нана                  3. Денана

2. Да                      4. Деда

4. Гайсултанов Iумаран дуьххьара муьлха книга арайьлла?

I. “Сема лергаш”   3. “Къийсаманновкъахь”

2. “Болат-ГIала йожар”   4. “ТешамедоттагI

5.  ХIара  произведени Гайсултанов Iумарс язйина

I. «ЦIен маьхьси»                  3.  «Зайнди»

2. «Баппа»   4.  «Александр Чеченский»

Close
Яндекс.Метрика