5 класс Урок№18 Сулейманов А. «Борз йу угIуш»

 Бектемирова-5кл.

ТЕМА: Сулейманов А. «Борз йу угIуш»

в кадре: Де дика хуьлда шун!

Тахана вайн урок лерина йу нохчийн поэтана, илланчана, гочдархочунна, хьехархочунна, фольклористана  Сулейманов Ахьмадан дахарна а, кхоллараллина а. Иштта вай хIокху урокехь йовзуьйтур йу Сулейманов Ахьмадан «Борз йу угIуш» стихотворении а.

Слайд:

годы его на слайде

в кадре: ——ХХ-чу бIешаран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис йаздина Сулейманов Ахьмадах лаьцна:

Слайд:

 «…И поэт вара шен амалца, и поэт вара шен дуьнене хьежарца. И поэт вара адамашка, Iаламе болчу безамах дуьзначу шен тем боцчу деган дàггарца.   Йерриге а цуьнан поэзи йоьзна йу вайн чолхечу, карзахечу заманан лазамех, адаман дахаран маьIнех, адаман сийлаллех а, цуьнан жоьпаллех а лаьцна йолчу ойланех. Поэта балха бо шен тем боцу деган лаамаш, сатийсамаш».

в кадре: ——Сулейманов Ахьмад вина I922-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу, Олхазар-КIотарахь

   Сулейманов Ахьмадан поэтически кхолларалла эвсараллица кхиа йолайелла I960-чу шерашкахь.

  «Безаммий, шаьлтий» арайаьлла  I967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна йовза йолало поэтан цIе.

Хьахо деза, Сулейманов Ахьмада дина гочдарш. Цо нохчийн матте йаьхна А.С. Пушкинан,  М.Ю. Лермонтовн  а,  Муса Джалилан  а   произведенеш. 

   Цо болх бина нохчийн халкъан барта произведенеш лохуш а, уьш дIайазйеш а. Пхьарматах долу шира дийцар дуьххьара дIайаздинраг а ву иза. 

слайд: Машарехьа, адамаллин оьздангаллехьа йиллина кхойкхуш, Даймахкехьа болу безам дешархойн дегнашкахь гIиттош йу поэтан стихаш. Йоккха адамалла йолуш, догцIена йахь йолу къонаха ву цуьнан поэзин коьрта турпалхо.

Жимчохь дуьйна вайн мохк толлуш, гIаш лелла Сулейманов Ахьмад. Вайн махкахь иза хилаза а, цо таллаза йитина а, бахархошца церан йартийн исторех лаьцна къамелаш даза а йисина  меттиг йац. Иза эрна ца дайна: цо вайнехан исторехь дуьххьара арахецна «Нохч-ГIалгIайн топоними».

в кадре:— Сулейманов Ахьмадан  дахар а, кхолларалла а вайн къоман хазна йу.

 Цо  йазйина «Борз йу угIуш» аьлла йолу Мамакаев Мохьмадана лерина йазйина стихотворени йийцаре йеш,

Цуьнан исбаьхьаллин башхаллаш йовзуьйтуш кхидIа болх бийр бу вай.

—-Стихотворени йеша а, шех кхета а атта йу. Цуьнан композици, исбаьхьаллин сурт кхолларан гIирсаш, мотт, ритм, интонаци – и дерриге авторо  Iалашо кхочушйаре хьажийна ду, цуьнан ойла къеггина  билгалйаккхарехь гIодеш ду.

Слайд:

Борз йу угIуш дера-дера.
Дарцо тIаьхьара лоькху йиш.
Дiа-схьа лестош, дитташ тIера
Цо, каетташ, доху гIаш.

Стигал йатIош йели гIовгIа:
Туьйхи буьрса, сирла ткъес.
Инзар баьлла саьрмак богIу
Моьтту, лестош алун кхес.

в кадре: -Стихотворени дIайолалуш поэта кхоьллина буьрсачу,   карзахдаьллачу Iаламан сурт. Оцу исбаьхьа кхоьллинчу Iаламан суьрташкахула поэта гучудоккху кхузахь лирически турпалхочун васт.

Слайд:

в кадре: -Нохчийн къомо акхарошна йуккъехь майралла, доьналла долуш хиларца къастийна йу борз, ткъа дитташна йуккъехь онда, чIогIа хиларца къастийна наж. Мамакаев  Мохьмада леринчу кху стихотворенехь, борз, наж далор ларамза дац.  Поэта билгалйаьхна йолу турпалчу ножан амалшца цхьаьна йогIу иллешкахь бийцинчу «йахь йолчу дика кIентийн» амалшца. Царах ву Мамакаев Мохьмад.

Слайд:

Алсамйуьйлуш оьгIазалла,

Дарцо хьоькху шийла мох.
Стелахаьштиг дIогахь, хьуьллахь
Кхерста, йетташ цIеран йорт.

Турпал наж ткъа ирахь гора,
Шена гонах хьийзаш дарц,
ХIотто дагахь шена гора.
Амма иза-м хир ма харц!

Синтарш лардеш, стелахаьштиг
Уьйзура цо шена тIе…
Метта кхетта, отуш бIаьштиг,
Ножах латий сийна цIе.

в кадре: -МогIанаш дIадоьшуш вайна го лирически турпалхочо гIийлачуьнгахьа гIо лоцуш, шен са ца кхоош, стогалла, йахь, къонахалла гайтар,

Слайд:

Даьгна, кхарзаделла латта,
Стигла кховдац хьaлхха га.
Къона синтарш-м дисна лаьттахь,
Кийчча хеца маргIал гIа.

Комаьршонца Iалам хьоьстуш,
Малхо зIаьнарш хийци схьа.
Турпал ножан хьуьнар хестош,
ГIийла йекаш аттйокх Iа.

Гондахьарачарна маршо йаккха,
Хьуьнар долчо хало лов.
Дахар иштта дебац тIаккха?
Хиллий толам, йоцуш чов?

в кадре: Ницкъ, хьал цуьнан хиларца ца хада бо поэта  къонахчун мах. Сулейманов Ахьмада къонах лору  тешам, къинхетам, адамалла, собар, къонахалла шеца йерг, поэта къонах лору кхерамна дуьхьал гIаьттинарг. Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш а. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, Iожалла тIеэца а кийча ву поэтан лирически турпалхо.

Исбаьхьа эпитеташ, метафораш цхьа шатайпана цхьаьна ийна ду стихотворенехь, цаьргахула ножан васт гайтина ца Iаш, къоман дахаран битамаш  кхуллу автора.

слайд:

Дошам

Дера — дера-оьгIазе (злой, гневный);

дарц-мох (ветер, пурга);

ткъес-нур (молния);

алу-цIе (пламя);

кхес-месаш(грива);

наж (дуб);

стелахьаьштиг (молния);

кхерста (бродяжничать)

йорт (рыскать)

маргIал гIа (молодые побеги)

аттйокх-(кукушка)

в кадре: Дахаро хьистина вац Мамакаев Мохьмад. Ша мел холчухIоттарх, шега мел харцо кховдайарх бакъонна тIера ца ваьлла и.

Дашна говза ву Сулейманов Ахьмад, цуьнан поэзин мотт шеца лаккхара исбаьхьалла йолуш бу. Ша гойтучу хIуманца догIуш долу исбаьхьаллин дош карадо цунна. Кхечара далоза долу  эпитет йа метафора йало а хаьа цунна. Поэтически сурт кхуллуш Iаламера хIума, адаман хьесапе даладой,  исбаьхьа йуьхье дерзадо цо. Цуьнан исбаьхьаллин васт шеца чолхалла йоцуш, аьхна, даге кхочуш, милла а кхетар волуш хуьлу.

Слайд:

…Гондахьарачарна маршо йаккха
Хьуьнар долчо хало лов.
Дахар иштта дебац тIаккха?
Хиллий толам, йоцуш чов?

в кадре: Стихотворенин цу тIаьххьарчу могIанехь йу турпалхочун гIайгIанечу синхаамийн кIорге, цуьнца билгалдолу произведенин коьрта маьIна а. 

Тахана вайна девзи Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а. Иштта цуьнан «Борз йу угIуш» стихотворенин чулацам а.

Кху тIехь  урок йерзор йу вай.

Шун Iодика йойла!

Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика