ДIадолор.
Де дика хуьлда шун!
Таханлера вайн урок хир йу XX-чу бIешеран 60-чу шерашкахь йаздан буьйлабеллачу поэтийн могIарера волчу Гацаев СаьIидан кхоллараллех а,
иштта дийцаре дийр ду цуьнан берашна лерина долу туьйра «Чкъоьрдиг».
Слайд:
«Хьоме Даймохк! Дагна деза
И хьан сийна нана-лаьмнаш,
Аьзнийн цкъарца йисттех йуьзна
Зевне техка тийна хьаннаш…»
(«Хьоме Даймохк»)
— Гацаев СаьIид вина I938 шарахь Веданан районерчу Дишни-Ведана йуххерчу кIотарахь ахархочун доьзалехь. Атта ца хилла цуьнан дахаран некъ. Генарчу махкахь, Казахстанехь, дIайахна цуьнан бераллин хан.
Жима волуш дуьйна халкъан барта кхолларалле а, школехь доьшуш исбаьхьаллин литературе а баханчу безамо вайн махкахь вевзаш волу поэт хила таро хилийтира СаьIидан.
Школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа цо дийшира Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь. Школехь берашна хьоьхуш бинчу балхо цунна доккха гIо дира берийн гIиллакхаш, амалш дика йовза.
Гацаев СаьIидан дукхахйолу стихаш уггар вайна дукхабезачу Даймахках, Iаламах лаьцна ю.
Ирс — иза шен Нохчийчохь вахар ду, шен халкъаца дика а, вон а доькъуш. И ойла шен кхоллараллица чIагIйо поэта:
Слайд:
Со-м хьан варий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан йарий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан деган шовкъ йарий,
Сан марзонах кеп йарий…
(«Со-м хьан варий, Нохчийчоь»)
— Берийн дахар, церан амалш дика йевзаш волчу поэта царна лерина арахецна «Мекара цициг» цIе йолу книга. Цу йукъа дахна «Чкъоьрдиг» цIе йолу туьйра а.
Тахана вай дийцаре дийр ду Гацаев СаьIидан «Чкъоьрдиг» цIе йолу туьйра. Стихашкахь долу хIара туьйра автора халкъан «ЧIоьнчIилггий, Йешаппий» цIе йолчу туьйранан буха тIехь кхоьллина ду. Шина а туьйранахь цхьа турпалхой бу, цIерш а йу шина кIентан цхьатера йогIуш, къовсам а Йешапца бу цу шиннан, амалш а йу тера.
Йуьхьанца вайна го Чкъоьрдиг чIогIа кхоьруш ву, буса аравала ца ваьхьа иза:
Слайд:
Мох бедча а
Меллаша,
Йа и моза
Меттаххьайча,
Корах ара бIарлагIа
Йайча,
Вегош хилла
Иза, пекъар,
Кхин ца хилла
Цуьнан хьекъал…
— Ткъа цкъа буьйсанна Чкъоьрдиг кхеравелча, нанас бехк боккху кIанте:
Слайд:
— ЭхI, ма кIант ву
Ас кхиийнарг!
ДIавалахьа
Сиха, кIилло!
КIант – цIе, иштта
Кхоьруш хуьлу?
Къуй баьхкинехь, хIинца хецна,
ДIагIур бара
Со а эцна,
ХIара ков-керт
Дерриг хорцуш,
Орцахвала
Да а воцуш,
Хьо кIилло а витина,
Кхерош, неI а йиттина.
Эхь ду! Эхь ду!
Стогаллех дерг хьоьгахь гIехь ду!
— Нанас и къамел шега дича, эхь хета кIантана. Цо нене шена гечдар доьху, гойтур ду, ша майра вуй, осал воций. Иштта шен накъосташца хьуьнах мерза комарш йаъа а, ловза а воьду Чкъоьрдиг. Бераш ловзуш лелаш малх чубузу, амма иза воьхна вац, «буйнахь лестош тур ду цьнан». Iаьржа бода хIутту, некъах туьлу, кIадло бераш. Гучуйаьллачу серлонна тIе оьху накъостий, иза цхьа хьех хуьлу:
Слайд:
Хьалха лаьтташ хьех а йу,
Цу чохь йогуш товха йу.
Товха — инзар –инзар йоккха,
Цу тIехь йай бу цул а боккха,
Товха йогуш, дIа ца йойъуш,
Ши-кхо ведар хи тIе ойъуш,
ДIачубахча, цIерга хиъна,
ХIинцца, йоттуш, гомаш йиъна,
Ши- кхо сту а кхехкабеш,
Iаш йешап ду, наб а еш.
Са мел доIу дIасалеста
КIомсарш — аьчкан, мIараш цIеста
ЦIарехь сирла къегаш йу,
И цIе хилла йогуш йу.
ДегIа тIехь а мода йу.
Йешап ирча зуда йу.
— Йешапо дика тIеоьцу бераш, шен дагахь уьш Iехош, дIадийшинчул тIаьхьа уьш даа дагахь. Амма Чкъоьрдиг сема ву, Йешапца дIахьош къийсам бу. ХIилланца толам баккха гIерта Чкъоьрдиг.
Слайд:
Йешап доллу шен гIам-гIим деш,
Урс ду цуьнгахь хIинца ирдеш,
ТIулгах хьоькхуш, дитт а тодеш,
Бераш дайъа, кхин ца хьадеш,
ДIа ма- дийшши, тIаккха мерза
ЦIергахь датта, цIергахь кхарза.
Урс ирдина дели и.
СхьатIехIоьтти, деъна и:
«Вижна мила ву? Вижаза мила ву?
Меца мила ву? Вуьзна мила ву?»
Цо жоп лардо, тIе а хIуттий,
Бераш набйеш, «хар» деш дохку,
Куьг а, ког а хецна Iохку.
— Вижаза а со, Чкъоьрдиг, ву,
КIеззиг меца а со, Чкъоьрдиг, ву, —
КIанта цунна жоп ло тIаккха.
Шайн аьттонна меттиг баккха,
Цо шен хIилла доладо,
Амма хабар кхин ца до.
-Вузор ву-кха ткъа! – олу вукхо. –
Жижиг ду вайн датта, кхехко.
…- ХIан-хIа, — олий, тIаккха кIанта
И сацадо, — нанас суна
ЧIепалг дора.
И даадой, вижавора.
Наб а муха кхетар йу:
И дан нана генахь йу.
…Йешап сиха тохало,
Цу минотехь чIепалг до…
Чкъоьрдиг, метта охьахиъна,
Воллу, лаххьош, иза диъна.
И ма дара цуьнан хIилла.
— Йешапца дIахьочу къийсамехь кхин дIа а Чкъоьрдига ша лийча а войтий, хьогах ву ша олий, йешапе шена нанас цецахь дохьий маладора хи олу. Йешап цецан чохь хи дан йохуьйтий, иза шен накъосташца воду. Иштта ша майра хилар, цхьана а хIуманах кхералуш цахилар гойту Чкъоьрдига.
Гацаев СаьIидан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш бевзи, иштта стихашкахь йаздина «Чкъоьрдиг» цIе йолу туьйра а довзийти.
Iодика йойла шун, марша Iойла!
2-гIа дакъа.
Хаарш – зер (тренажер)
нийсаниг харжа
1. Маца, мичахь вина Гацаев СаьIид?
а) 1938 шарахь, Дишни-Веданахь
б) 1936 шарахь, Веданахь
в) 1946 шарахь, Казахстанехь
г) 1915 шарахь, БухIан-юьртахь
2. Стенах лаьцна йу Гацаев СаьIидан стихаш?
а) Ненах, Iаламах.
б) Даймахках, Iаламах.
в) Къинхьегамах, Даймахка
г) Iаламах, бераллех.
3. ХIун цIе йолуш йара цуьнан берашна лерина книга?
а) «Чкъоьрдиг «.
б) «Генара хьаша».
в) «Мекара цициг».
г) «Дашо гуьйре».
4. «Чкъоьрдиг» туьйра халкъан муьлхачу туьйрана буха тIехь кхоьллина ду?
а) «ЧIоьнчIилггий, Йешаппий».
б) «Чкъоьрдиг, цуьнан накъостий».
в) «Чкъоьрдиган хьуьнарш».
г) «ЧIоьнчIилг».
5. ТIаьххьара муха толам боккху Чкъоьрдиго Йешапна тIехь?
а) Йешапе чIепалгаш дойту.
б) Йешапе ша лийчавойту Чкъоьрдиго.
в) Цацанчохь хи доуьйту Йешапе Чкъоьрдиго.
г) Йешапе йиш локхуьйту.