5 класс Урок№9 М. Мусаев ЦIен маьхьси

ДIадолор.

Де дика хуьлда шун!

Таханлера вай урок лерина йу нохчийн исбаьхьаллин литературехь шена йогIу меттиг дIалоцучу нохчийн йаздархочун Мусаев Мохьмадан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийца. Иштта дийцаре дийр ду цуьнан туьйра «ЦIен маьхьси».

Нохчийн ширчу БухIан-Юьртахь I9I5-чу шарахь ахархочун доьзалехь вина Мусаев Мохьмад. Цунна исбаьхьаллин литература  марзйинарш,  цо ша ма-баххара, кхоьлинчу деношкахь а, Iаьнан йехачу буьйсанашкахь а шен нийсархошца  цхьаьна цо ца Iебаш ладегIна хьекъале туьйранашший, шира хабаршший, дийцаршший, хилларшший дара. Хинволчу йаздархочо атта некъ ца хиржина шен дахарехь. Йуьртахь дешна ваьллачул тIаьхьа грозненски сийлахьчу мехдаьттин белхалойн  могIарехь болх бина цо. Амма литература дукхайезарна I938 шарахь Нохч-ГIалгIайн радио вахара Мусаев. Цкъа а йицлур йац шена, боху йаздархочо, шен дуьххьарлерчу «Дашо гуьйре» дийцарх радиос хIетахь йиначу передаче ша ладегIна суьйре.

Халкъаца уьйр чIогIа хиларна, йоккха таро хилла Мохьмадан кхолларалла кхиарехь. Цо йазйина дуккха а произведенеш: дийцарш, повесташ, романаш. Йоккха лар йитина цо драматургехь а. Цо йазйина пьесаш дуккха а шерашкахь хIиттийна къоман театрехь. Мохьмадна дика девза адамийн дахаран гIиллакхаш а, амалш а. Шен произведенешца коьртачу хаттарна жоп дала гIерта йаздархо: «ХIунда веха стаг лаьтта тIехь? Диканна йа вонна?»

 —Тахана вай шуна довзуьйтур ду Мусаев Мохьмадан » ЦIен маьхьси » цIе йолу туьйра.

Туьйранаш,  вайна  ма-хаъара, шина кепара хуьлу: халкъан туьйра а, авторски туьйра а. ХIинца вай доьшур долу туьйра муьлхарниг ду, шуна хетарехь?

Иза авторски туьйра ду.

Билггал шен автор волчу туьйранах авторски туьйра олу.

Шуна дагадогIий, цкъа мацах Iай, цхьогало Iехийна, чIерашна доьгIначохь берзан цIога даьккхина? Борз Iехо дагадеанчу цхьогало, чIерий лоьцуш ду ша аьлла, шен метта борз охьа а хаийна, ша дIадахна. ЦIога хи чу а тесна, цу тIе хIинций-хIинций чIара богIу бохуш, хина ша баллалц Iийна борз. Iуьйранна хи тIе богIучу зударшна гина иза. Шайн карахь долу Iожмаш а лестош, маьхьарий детташ, чухьаьвдда уьш цунна. Кхерайелла борз, ах цIога ша йуккъехь а дуьтуш, йедда кIелхьарайаьлла. ХIетахь дуьйна цхьогална дIадекха аьтто лоьхура цо.

Иштта цкъа жижиган талх хьочу лечанна тIаьхьахьаьддачохь корта бойна лоьман, акхарой паччахьан. Дуьне Iадо санна, цIогIа тоьхна лоьмо, массо а акхарошка маса шена тIекхойкхуш. Схьагулделлачу акхарошка лоьмо олу:

 «Шена хIара дуьне даа луучо сан коьртана молха-дарба лаха деза».

Цигахь дагаеана барзана, ша хьалхе дуьйна лелош йолу гамо, дагадеана бекхам бан. Цо элира лоьме:

Слайд:

«Цхьогал ма дара дарбанийн корматалла йолушший, уьш дика девзашший».

— Ахь баккъал бах?! – там хилла серлавелира къорачу хьаннийн, Iаннийн дажал.

— Цо аьлларг дича дарба-м хуьлу, и хилла меттигаш хаьа суна, — уьншарахь дуьйна ша IаIо питана Iетто йолайелира беркат доцу борз-лежиг.

— Ой, и ду-кх тIаккха вайна оьшург. Же, диканиг, схьакхайкхалахь цу дуьнедааре! – гIеххьа кIадделира кIоршаме лом.

— Ваттал хьан, хIокху сохьта, тхан доцуш цатерг, хIокху сохьта! – бIаьрга дан ца дезачу цхьогалх хIинца шен дог Iаба доллу аьлла хетта борз, ког лаьттах ца кхеташ, дIахьаьдира.

— Берзан ойла хилира, хIуъа дина а, лоьмана дIаьвше молха лело берта дало деза ша, хIара мекара цхьогал, тIаккха акхаройн эла а хилла, шен бекхамаш беш Iийр йу ша аьлла, хьаькамалле безам бахара берзан. «Басна а, куьцана а сан хIун оьшу лоьмачул? Хьажал, суо ма-дарра лом ду-кх!» — куц дохуш, ша-шега бохуш, йахана месийн меттахь Iуьллу цхьогал долчу дIакхаьчна борз.

Слайд:

— Суна кхаъ, суна кхаъ! – йамарт хьастайелира шега хьаьжжинчохь дисначу цхьогална.

— ХIун хилла, хIун хилла?! – йуткъа бат ирхйахара цецдаьллачу вукхуьнан.

— ХIинца дика хьовзахь, жолам, аьлла, лом боху и къиза дажал шен кхеле а доьрзуш, вай марша довлу сахьт хIоьттина-кх.

— Муха?

— Лом, и Дала дIаэцарг, чIогIа корта лозуш, цомгуш ду, — долийра барзо, цхьогална и ца хаьа шена моьттучуха. – Вайн ирсана, цхьаммо-м хастийначу хьан говзаллех чIогIа тешна иза. Шена дарбанаш лело хьоьга кхойкху. ХIинца гIуллакх хьан карахь ду.

— Айхьа аьллачух теша кийчча Iен лом дIаьвше дарба а лелийна дехь, аса хьох сайн гIоьнча дийр ду. Ткъа йелла дIайаллалц гIоьнча хила аьлла долу со лоьман метта вайн паччахь хир йу! Вай хIун, лоьман когашкара хедийна ду?…

Жимма хьо лохо хиларрий бен, шала дича санна цхьа тера вайша товш хирду: со – элий, хьо – сан гIоьнчий! – кIажйахана, йела а йелла: — Же, хьо, гIой, вайн корта хьаьхна эла эхарта хьажавай дола, хьайн тешаме паччахь дарже хIотта кечлушшехь!

Кура, йаьIна а саттош, кеп лецира дог ловза дуьйлучу барзо.

— Делахь, со гIой дола хIета? Ма-тов ца хилча, ма-торру аьлла! – цхьогал лом долчу даха новкъаделира.

— Дала мукъ лахь, лоьман когаметта хIутту йолу со шеца тарах ца тешаш, сан дикане сатуьйсучу кху Iовдало цунна дIовш даъор ду. Ткъа кху буьртиган кхел ас сайн муьтIахьчу чагIалкхе йойтур йу. Эла вац со? – цхьогалан метта дегала дIатаьIира гила-борз.

Амма берзан тешнабехках кхиъначу цхьогало йуха а шен хIилла до. Лоьме олу цо:

Слайд:

Лозучу коьртана берзан тIехьарчу настаран тIамарал дарбане молха кху малх кхетачу дуьненахь дац.

— Ахьа баккъал бах? — гIаддахана, цкъа декха а делла, йуха кхоьлинчу лоьмо:

— Байттамал-йаI, аса барзе ца аьлла, йухайола! — тIетуьйхира, ша доллучохь айъалуш, дIаса а доьрзуш.

— Цунна дагахьбаллам ма хилалахь, и-м аса хIокху сохьта схьайоуьйтур йу, ахьа чехка тIекхиа боху аьлла, — дIаэккха кечделира цхьогал…

— Деана дIакхаьчначу цхьогало, гIенах акхаройн эла а хилла месийн меттахь тIекIелйаьлла Iуьллучу барзана муьшка йира:

Слайд:

Эла, ва эла!

МуцIа боьлла бIаьргаш боьллушехь, хаьттира барзо:

— ХIун хили хьан?

— Ахьа тIе а диллина, аса арадаьккхинчух ца хуьлу гIуллакх?

— Хьо тIекхачале дIадала а мегаш, сауьйзуш Iуьллу хьуна и къиза экха.

Шен метта йуьсучу хьоьга дан весет ду, боху цо. Къийгашка бен бойтучул, хIун хаьа, шен коьртара таж хьуна йала доллий а.

— Йахана борз дIакхаьчча, лом дан а дара даладоьжна, сауьйзуш, «ахIи» декъе дахана доллуш.

Слайд:

Дависа шен, лом, жимма а гIоле ца хета хьуна? – ца Iебачу дагара хаьттира барзо хIиллане.

 — ХIан-хIа, хIан-хIа. Сан дерг дIадаьлла. Вайн тукхамца кIеда-мерза хилалахь, со дIаэккхахь, сан метта хIотта там бу хьо. Варийлахь, кура ма йалалахь, тидаме хилалахь…

 — Цхьогал а башха доггах хьаьвзинчух тера дац, — лоьман дош хадийра барзо…

Дехха дийцинчул тIаьхьа: «Кхечунна кIел даьккхинчу ор чу ша ца ваха амал дац бохург ду тIаьххьара а хьох гIондерг», — аьлла, шен къамел чекх а даьккхина, катоьхна борз схьалецира дарбанна сихделлачу лоьмо…

—Лоьмана хиира, шегахьчул хьекъал долчу цхьогалца борз дагахь гома йуйла, иза шега хIаллакдайта йоллуш хIара хиллий а.

ТIаккха цо, шена дарбанна, кхин а къиза саттийна йойра тIехьара ност. Цу чуьра тIум а мелла, дIахийцира иза. Хьерах кIелхьара йаьлча санна, астагIа а лелхаш йоьдучу берзан кагбелла охьакхозу ког цIеша буьзна бара. И гинчу цхьогало олу: «Ца догIург дийцинарг цIен маьхьси а йухий воьду».

—Цу туьйранан маьIна билгалдоккхуш, дагадогIу кица «Кхечунна даьккхинчу ор чу ша оьккху». Цундела, цхьанна а тешнабехк бан мегар дац, хIунда аьлча хьо нахана вон болх бан гIертахь, хьуна иза йуха доьрзу. Дала лардойла тешам боцчу нахах!

—Шуна ца девзаш хила тарлучу дешнийн маьIна довзуьтур ду вай:

Леча — ламан доккха олхазар — (сокол)

Талх — жижиган дакъа.

Мекара — хIиллане- (хитрый).

Маьхьси (маьхьсеш) — кавказские легкие сапоги без каблуков

Эла — хьалдолу стаг

—-Иштта цхьа литературни термин йу аллегори, къаьсттина туьйранашкахь, туьйра –кицанашкахь билгал йолуш :

Слайд:

Аллегори (грекийн дош) – кхидерг алар. Исбаьхьаллин произведенин йукъара маьIна билггал долу васт кхолларца, къеггина гуш долчу хIуманехула гучу даккхар. Аллегори къаьсттана билгалйолу туьйранашкахь, баснешкахь. Адамийн амалш дийнатийн, акхаройн васташкахула билгалйоху: сий-оьздангалла, зингат – къинхьегам, цхьогал – хIилла, иштта дIа кхин а.

Тахана вайна девзи Мусаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а. Дийцаре ди цуьнан туьйра «ЦIен маьхьси».

 Iодика йойла шун, марша Iойла!

2-гIа дакъа.

Хаарш–зеер (тренажер)

Нийсаниг харжа

I. Маца, мичахь вина Мусаев М.?

а) I929 шарахь, Соьлжа-гIалахь

аь) I9I5 шарахь, БухIан-юьртахь

б) I9I0 шарахь, ТIехьа-МартантIехь

в) I9I8шарахь, Лаха-Неврехь

2. ХIун цIе йолуш дара Мусаев М. дуьххьарлерадийцар?

а) «Дашосай»

 аь) «ЦIен маьхьси»

б) «Дашогуьйре»

 в) «Гуьйренансуьйре»

 3. Цуьнанмуьлхачудийцарна радиопередача кечйинера?

а) «ЦIен маьхьси»

аь)«Дашогуьйре»

б)«Анзор»

в)«Дашо седа»

4. Мусаев М. «ЦIен маьхьси» туьйранандакъалархойбу:

а) Лом, пхьагал, цхьогал

аь) Лом, цхьогал, нIаьна

б) Борз, цхьогал, Iахар

в) Лом, борз, цхьогал

5.Муьлха кица догIу «ЦIен маьхьси» туьйрананчулацамца?

а) «Кхечуннадаьккхинчу ор чу шаоьккху»

аь) «Хазалла-сарралц, дикалла-валлалц»

б) «Сихаллосадаьккхина, собаро лам баьккхина»

в) «Ира мотт –совгIат, бехамотт- таIзар»

Close
Яндекс.Метрика