5 класс Урок№11 А.Исмаилов «Бирдолаг»

Нохчийн литература (Абулханова А., 5 кл).

Урокан цIе:  

— Де дика хуьлда шун!

— ХIокху урокехь вай дуьйцур ду Исмаилов Абун дахарх а, кхоллараллах а лаьцна. Довзуьйтур ду цуьнан «Бирдолаг» ц1е йолу  туьйра.

Слайд

(1949)

«Бакъдолчо а, дикачо а – диканиг кхуллу».

Генарчу Казахстанерчу Чимкентски областан Сас-Тюбе олучу меттехь 1949-чу шеран хьаьттан баттахь 2-чу дийнахь вина Исмаилов Абу.

— Дукха жима волуш, цуьнан шо кхаьчначу хенахь, да дIа а ваьлла, ненананас, Тоитас кхиийна и исс шо кхаччалц.

— Цул тIаьхьа ненавешица Iийна иза. Мартанчохь школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн университетехь.

— Стихаш йазйан волавелла 1963 шарахь дуьйна. Масех гуларийн агIонаш тIехь зорбане йевлла цуьнан стихаш, поэмаш, дийцарш.

— I985-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь араделира цуьнан берашна лерина долу «Бирдолаг» цIе йолу туьйра.

— Исмаилов Абун «Бирдолаг» дийцар масех декъех лаьтта. Уьш ду: «Чардакхехь», «БухIанан дийцар», «Лоьман пачхьалкх», «Берзалой-обаргаш», «Сацам», «Кура сай», «Толам».

— ДIадолорехь автора гойту кхокхарчийн, къена бухIан, бирдолагийн доьзалан Iер-дахар.

— Тишачу тхов кIелахь дехачу кхеран барт болуш а, боцуш а хан йогIура. Кхокхарчий цхьанна а новкъа дацара, амма къена бухIано мел олург даим а цхьа маьттаза, кIоршаме хуьлура.

-Дукхахьолахь Дадий, Наний Бирдолаг самадаьлча чохь ца хуьлура. И шиъ даим даьлла лелаш дара, йуъург лоьхуш. Ткъа Бирдолаг шен бабица а, бухIанца а дуьсура.

Слайд

«ГIийла хьоькхучу махо лаьмнийн басешкарчу тайп-тайпанчу бецийн, зезагийн эелла цхьа башха хаза хьожанаш схьакхоьхьура. Хезара йаккхийчу цаьпцалгийн йекар. Цхьанхьа-м гIалх деш чагIалкхаш а хуьлура. Наггахь мох тухуш тIехлелхара кхечанхьара бирдолагаш. Iалам, буьйса йоьлла аьлла, дIатийна дацара. Дахар кхехкара буса а. Оцу дахарна йукъадаха, арадала, дуьнене бIаьрг тоха а, ладогIа а сатуьйсуш дара жиманиг».

-Амма жима ду бохуш, бакхийчара ара ца долуьйту Бирдолаг.

-Кхокхано шен кIорнеш дIайийшо лоькху йиш хеза цунна.

Слайд

Дашо малх дIабижна

Лаьмнашна тIехьа,

Шен беркат дерриге

Вайна схьаделла…

-Малх хIун йу хотту Бирдолаго бабе. Цо иза лаьттана йовхо луш, массо хIума хьалайолуьйтуш йерг йу олу.

-Ткъа и малх гина ца хуьлу бабина а. КIорни а ца кхета шен цуьнга хьажа бакъо цахиларх. Дийца шена аьлла Бирдолаг тIедирзича, доккха хилчхьани хуур ду олу цо.

-Цу шинга ладоьгIуш Iаччуьра йистхуьлу бухIа:

Слайд:

…Баккъал а, ма тамашийна хIуманаш йу-кх шу. Массарна хууш а бу шуна шайна мацах цкъа боьллина сардам. ХIетте а, шайн кIорнеша хаьттича, уьш даккхий хиллалц, церан ойланаш артйаллалц, уьш шайх дIатардаллалц, бакъдерг ца дуьйцуш, IадIа шу…

-Дика ладогIалахь, жима Бирдолаг, олий, дийца йолало бухIа.

-Дукха зама хьалха хIорда йуккъехь лаьтташ хилла йоккха гIайре. Цунна гобина лаьтташ хилла бердаш. Оцу гIайре тIехь дехаш хилла акхарой а, олхазарш а. Ши пачхьалкх хилла боху оцу гIайре тIехь: акхаройн а, олхазарийн а. И ши пачхьалкхе хаза бертахь йехаш хилла.

— Олхазарш дитташ тIехь а, хиш тIехь, лаьмнашкахь а шайн баннаш а деш, тевна а доккхий, кIорнеш а кхиош дехаш хилла.

-Ткъа акхарошна лаьтта тIехь а, хьаннашкахь а меттиг шортта хилла.

-Вовшашна кIезиг зен деш хилла цара. Наггахь цхьогало, йа цициго олхазар хIума лоцуш, куьйрано, йа маккхало пхьагал хIума лоцуш меттигаш нислуш хилла. Амма шаьш вовшашлахь акхароша а, олхазарша а даима къизалла, чIир лелош хилла.

 -ГIийланиг ницкъ болчо хIаллакйеш, йуъуш хилла. Уггаре ницкъ болчу экхано шен карайерзош хилла йерриге а акхарой.

-Иштта, акхаройн паччахь Лом хилла, ткъа олхазарийн – Аьрзу хилла. Шаьш лаьцна йолу хIума Лоьмана хьалха дIакхачо йезаш хилла акхаройн.

-Даим йовхо луш хьоьжучу малхо, шовданаша а алсам буц йолуьйтуш, хьаннаш хьекъаш, дажа меттигаш шортта хилла сешна а, гезаршна а, хьакхарчашна а, пхьагалшна а. Уьш йерстина хилча шортта йуъург кхочуш хилла царна тебаш лелачу берзалошна а, кхийолчу акхарошна а, уггаре хьалха акхаройн паччахьна – Лоьмана.

-Лоьмо дIахьединера, шена ца хууш беакога экха дийна а, диъна а меттиг хаалахь могуьйтур дац аьлла. Лоьман лерехь даим зурма лоькхуш, доцуш цатерг хилла дIатарделлера цхьогал.

Слайд

… Цхьана дийнахь дара иза. Ирзу тIехь, хаза сатедина, сийна буц йуъуш, дежаш лелара сеш. Лекхочу метте а баьлла, шен гайна там беш, наггахь церг тухуй, буц а кхоллуш, сема ладоьгIуш лаьттара боккха сай. Цунна хаьара тийналла тешаме йоцийла.

…Шех тешна дуйла хаьара цунна паргIат дежаш долу и къона сеш. Цара шайн тхьамда хаьржинера иза, массарел майра а, хьекъале а, ницкъболуш а хиларе терра. Кхечу сайша Кура Сай аьлла цIе тиллинера цунна. Цхьанна а хьалха корта охьатеIо Iемина бацара сай.

-Иштта хаза дежаш дохкучу сешна тIе кхочу мацалло дарйина йогIу берзалой. Аьрхачунна карабоьду цхьа къона сай. Кура Сай мостагIашна цкъа чухьоду, амма тIом кайер йолуш цахиларна, йухаболу.

-Цул тIаьхьа генарчу ирзу тIехь гул а лой сеша шайлахь сацам бо. Кхин Iад ца Iаш, гIовтта. Сацам бинчул тIаьхьа, сеш дIасадаьржа.

-И къамел хезаш лаьттачу чагIалкхаша го бо Курачу Сайна. Сарахь рицкъа лоьхучу бирдолагна го и сурт. Иза орца даккха доьду.

-Ткъа хехан бертехь йевллачу гIовгIанаша Лом самадоккху.

Слайд:

— ХIун хилла цигахь? –резадоцуш дийкира лоьман аз.

— Хьан сийлалла, тховса ирзу тIехь массо а тоьлла сай гулбина, цара шайна тхьамда хаьржина, хьан олалла дуожо барт бина, боху.

-Барзе ша лаьцна сай чубалабе элира Лоьмо. Чубаьлла сай шек а боцуш лаьттара. ГорахIотта аьлча, шен голаш сетташ йац элира сайно.

Слайд

— Ой, хьо бу, ма боху, сан олалла дожо гIерташ? ХIара дуьне долийчхьана схьадогIуш долу олалла, — элира Лоьмо.

— Дожор ду, — онда элира Сено.

-Кура Сай чагIалкхаша лаьцна дIабигна аьлла болу бирдолаган хаам сиха баьржира махкахула. Сай кIелхьара баккха сацам бира сеша, Лоьман олалла а дожош.

— Цхьогална, шега Лоьмо «ДIадала, тешам бац шух. Сан олалла дожо гIерташ цхьаберш хьийзаш, мичахь дара хьо?» аьлча, хIилла дан дагадеара. Дицделлера Лоьмана цхьогало шена дина гIуллакх.

-Лоьмана бекхам беш, цхьогало дIахоьцу Кура Сай. Цул тIехьа арз до «Ахь лерина лелийначу барзо дIахецна хьан уггар а луьра мостагI-Кура Сай», олий.

Слайд:

— ХIа-а-ан? — пенаш декош, Iаьхира Лом. — Мичахь йу иза? Схьалаций, йалайе кхуза.

— ХIинца, хIинца! — бохуш, араиккхира цхьогал.

— Аса айсса са доккхур ду цуьнан, -аьлла, араиккхира Лом.

Цунна тIаьхьахьаьдира чагIалкхаш а. ГIовгIа йелира цу чохь. ЧагIалкхех кескаш а йохуш, схьаиккхина йогIу борз Лоьман карайахара. Кхин бартхаттар доцуш, лаг а лаьцна хьакхийна, аьтта дIайахийтира Лоьмо шена тешаме хилларг.

— ЦIеххьана пен санна тIебогIуш бара бIо. ДIалилхира чагIалкхаш, берзалой, цхьогал. Ирачу маIашна тIедуьйжира Лом. Дуьйжира Лоьман олалла.

-Оцу буса майраллица леташ ийгира дукха сеш.

— Мичара дели ца хууш акхарошна йукъахь ун даьржира. Цу лазарна дарба лохуш арадаьллера массо а экха.

-Дехкийн тайпана долу бирдолагаш а ца дисира лазар хьакхадалаза. Олхазарийн пачхьалкхехь даха хевшира уьш.

-Аьрзуно омра дира: цхьана а олхазарна, мацалла леш хилахь а, деллачу экханах зIок тоха мегар дац аьлла.

Ткъа акхарой шайн бала токхуш йара.

-ГIайренан тхьамда хаьржира Кура Сай. Берриг бала, гIайгIа шена тIеийзош Iачу, кхунна хезира цхьогало олуш: Iин чохь дехкан лерг олуш цхьа буц йу боху, цунах дарба хила мегара массарна а.

-Бирдолагашка схьакхайкхар дийхира Сено. Амма уьш лазарх девдда, шаьш олхазарш ду аьлла, лаьтта охьа а ца дуьссуш, лелаш дара.

-Маймало кIоргачу Iин чуьра йеара и буц. Цунах дарба хилира. Лазарх кIелхьарайевлира акхарой.

-Цул тIаьхьа цхьана къорзачу къийго йеллачу хьакхийн жижигах зIок а тоьхна, олхазаршна йукъахь даьржира и ун.

-Олхазаршна йукъахь  Iахь шаьш хIаллакьхир ду аьлла, бирдолагаш лаьтта диссира.

-Маймало хьийхира олхазаршна а дарба. Уьш а кIелхьарадевлира.

-Акхарой гулйелира гуьйренан зовкхан де даздан. Цигахь маймало коьртах даьхна бирдолагаш лахкар сацийра акхароша.

Слайд

Акхароша шайна йукъара лаьхкина бирдолагаш йуха олхазаршна йукъа даха дагахь гIевттира. Амма олхазарша а лаьхкира уьш.

— ХIокху маьлхан дуьненахь меттиг ма бита царна! — омра дира Аьрзуно

— Къайладовла буьйсанан кийрахь!

— Массо а экха, олхазар дIатийначул тIаьхьа бен, арадовла йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш, дисира бирдолагаш. БIе эзар шо хьалха хилла бохуш, дуьйцуш хезна-кх суна и хIума,- чекхдаьккхира шен къамел бухIано.

Кестта гучубер бу дашо малх. Амма хьан йиш йац и ган, цуьнан йовхонах, серлонах пайда эца. Хьо Бирдолаг ду, -аьлла, тIетуьйхира БухIано.

— Шен бехк бац элира Бирдолаго, бIе эзар шо хьалха бирдолагашкара ледарло йаьлла хиларх. Ша хьожур бу малхе аьлча, дас човхийра, бабас дIадижа элира, ткъа нанас кхана цхьаъ дийр ахь, хIинца дIадижа элира.

-Малх схьакхеттачух тера дара, ткъа кхунна хаьара ша хIинца дIадижча, йуха малх къайлабаьлчий бен, самадер доцийла.

-Бирдолаг, баккхийчарна жимма наб а озайайтина, шен дегIерчу а, тIемашкарчу а, гIоране ла а доьгIна, шен шуьйра тIемаш хIаваах дузуш, дуьххьара тхов кIелара араделира…

Ткъа хIинца цхаьа кIеззиг дешнаш довзуьйтуш болх бийр бу вай.

Дешнаш тIехь болх.

Бирдолаг – летучая мышь

Сай – олень

ХIорд – море

Бора – бурый

ЧагIалкх – шакал

Ирзу – засеянная, лесная поляна, место, подготовленное к пахоте

Олалла – властвовать

Аьрзу – орел

Ун – зараза, инфекция

-Туьйра дуьне долийчхьана адамийн хьекъало, кхетамо кхоьллинчу синхаамийн мехаллина йукъахь уггар а йеза хазна йу. Туьйранийн дуьне шатайпана ду. Боккхачу ницкъах а, оьздачу доттагIаллех а лаьцна дуьйцу автора.

-Барт болуш, цхьаьна хилчий бен, толам баккха йиш цахилар гойту цо. Барт бу массо хIуманна а, гIуллакхна а тIехь оьшуш берг. Барт болчу доьзалехь хуьлуш ду ийман а, беркат а, ирс а.

 — Абу Исмаиловс шен туьйра йаздина къоргерчу меттан говзаллица. Цо къобалйо шен туьйранахь персожнажийн амалш: майралла, барт, гIо-накъосталла.

-Туьйранан турпалхошка а хьожуш, дахарехь нисдала там болчу зуламашна дуьхьал муха къийсам латто беза а, дахаран новкъахула дIа муха ваха веза а гойту йаздархочо.

-Хьоме бераш, тахана вайна девзи Исмаилов Абун дахар а , кхолларалла а. Дийцаре ди цуьнан туьйра «Бирдолаг».

-Iодика йойла шун! Марша Iойла!

2-гIа дакъа.

 Хаарш –зер (тренажер)

 нийсаниг харжа

I. Мила ву Казахстанерчу Чимкентски областан Сас-Тюбехь винарг ?

а) Сатуев Хь.

б) Ошаев Х.

в) Исмаилов А.

г) Гадаев М.-Сь.

2. Мичахь дешна Абу Исмаиловс?

а) Рабфак

б Нох-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь

в) Малхбалехьара къинхьегамхойн Коммунистически университет.

г) Литертурни институтехь

3. Исмаилов Абус йаздина туьйра билгадаккха.

а) «Толам».

б) «Алун шераш».

в) «Ирсан орам».

г) «Зеламха».

4. Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш билгалйаха.

а) «ТIаьххьара зама», «Дуьненан бохь», «Куьзга», «Ненан дог», «Ненан мотт», «Даймохк».

б) «Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч», «Хингал» , «Совдаттий, Дауддий», «Бож-Iела».

в) «Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш», «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Дагчуьра суйнаш».

г «Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе», «Ламанийн хьостанаш», «Симфония гор» , «Даймехкан некъаш», «Цхьа-ши дош».

5. Исмаилов Абус арахецна дошам муьлхарг йу?

а) Русско-Чеченский словарь

 б) Чечено-русский словарь

в) Дош

г ) Орфографически словарь

Close
Яндекс.Метрика