5 класс Урок№8 Саидов Билалан «Майра кIант Сулима»

Нохчийн  литература    5 класс (Абулханова А.)

Урокань цIе: Саидов Билалан «Майра кIант Сулима»

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай йуха а дIахьур йу вешан  рогIера нохчийн литературин урок.

  -Тахана   урокехь вайна кхидIа а бевзар бу Саидов Билалан  «Майра  кIант  Сулима» цIе йолчу туьйранан чулацам.

Слайд  : (Саидов Б. сурт)

Слайд. (суьрташца гойту тайп-тайпана туьйранийн персонажаш)

СЛАЙД

     -Тахана вай  кхидIа дийцаре дийр ду «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйра

Слайд

-Хьуна дика дийриг,

Диканца хьо вахарг,

-Олий, доладора

Зарията хабар.

Цо иштта долийра

Тховса а шен дийцар,

Со цец цо ваьккхира,

ХIора буса а санна.

Содина шен Седа,

Йа ах шен хьолах

Сулимина дала

Дагахь а дацара.

ХIун дер-те ша аьлла,

Ойлане велира,

Тешнабехк кхин керла

Цо дагалецира.

— ШайтIанийн  махка вахийта дагалецира Содас  Сулима.Цигахь и тIепIаза вайта. Хаза дуьйцуш  йахье воккхий,  шайтIанаша  лачкъийна йигна  цхьаьна   мискачу ден-ненан хаза йоI Маьлх-Азни. Ахь деъна хи а мелла ша къонвелла. ХIусамнана а йелла Iаш ву ша, и шена йалон йеза ахьа. Цига вахча и йуха вогIур вац, я Седа цуьнга йахийта йиш а йац аьлласацам бо цо.

-Ца вахча йал схьалуш йацара Содас. Дуьйцучуьра и соцур воций хууш Сулимас сацам бо Маьлх-Азни йало ваха.

Слайд

И сийна стигланаш

Шен йургIа ва долуш,

 И Iаьржа латтанаш

КIелбуьллу мотт болуш,

Сецначохь йуьртахой

Акхарой шен йолуш,

Некъ бира Сулимас,

 Мацалла гIа дууш.


  — Тешаме  герзаш карахь долуш , седарчех дага а вуьйлуш дIакхечира кIант акхачу махка.ТIеIоттавелира тамашеначу стагана.

СЛАЙД

Зингатийн гунна тIе

Сема лерг диллина,

Церан къамеле

Тийна ла ша доьгIна,

Тамаше стаг вара

Сакъераделла Iаш.

Цец чIогIа велира

Сулима тамаш беш.

-Ассаламу Iалайкум,-

Аьлла , салам делла,

Оьздачу къамелехь

Цо цуьнга элира:

-Суна гург бакъделахь.

Боккха ницкъ бу иза.

ГIомалла хьоьхь  дацахь,

Тамаше ду иза.

Салам схьа а оьций зингатийн къамеле ладегIначо олу:

Слайд

ХIара тамаше дац,

Тамаше цхьа кхин ду:

Ву, боху, майра кIант,

Сулима цIе йолуш,

Вуьйцу и турпал кIант,

Саьрмак бийна, бохуш.

Дуьненан йистера

Стаг къонвен хи деъна,

Къонвинчу шен дена

Зуда йало лиъна,

Араваьлла, боху,

ШайтIанийн махкара

ЙоI йало дуй биъна.

-Сулимас ша хилар хоуьйту цо вуьйцург. Ши доттагI хуьлий кхин дIа некъ йуьхьарлоцу цу шимма. Эрна арахь гена топ кхуссуш, тIаьхьа а хьодий  тоьпан хIоъ схьалоцуш верг кхийтира цу шинна дуьхьал. Салам делла вистхилира иза. Ма тамашийна стаг ву хьо шега аьлча, ша вац тамашийна аьлла шен къамел долийра цо.

— Сулима цIе а йолуш  тамаше кIант ву бохуш дуьйцуш ду.«Саьрмак цо бийна, дуьненан йистера стаг къонвен хи а деъна а боху»- аьлла дийца волавелира иза.  Иштта шен дена  зуда йалон аравьлла а боху.И ахь вуьйцуш волу Сулима ша ву хьуна – элира кIанта.

-Шаьшшиммо   арабаьккхина некъ дIабийцира, кхин дIа дан дезачунна  барт бира.

-Генна некъ эцна дIабоьлхуш кхарна дуьхьал кхийтира кхин цхьа тамашена стаг.

Слайд

И Iара сакъоьруш,

Хийистехь садоIуш,

Пондарах пIелг туьйсуш

ТIулгаш хелхадохуш.

ТIаьхьара мукъам беш,

Олхазарш гулдина,

Сулима хеставеш,

Акхарой Iадийна.

-Ассалуму Iалайкум,-

Олуш, салам делла,

Цецбовлар хоуьйтуш,

Кхара хаттар дира:

-Тхуна гург бакъделахь,

И доккха хIума ду:

Чохь са доцу тIулгаш

Хьо хелхадохуш ву.

Йиш хаза олхазарш

Ду хьоьга ладоьгIуш.

Дог дера акхарой

Йу хьуна хьесталуш.

Iалам ахь Iадийна,

Хьайна муьтIахь дина:

Кхин хуьлийла доцуш,

Тамаше стаг ву хьо.

-Салам делла, шайна гуш долчух цецбевлла лаьтташ бара уьш. Чохь  са   доцуш болу тIулг бара хелха боккхуш.

-Со  вац тамашена,  тIулг хелхабаьккхина волу. Кхин цхьаъ ву тамашена, дуьне цецдаьккхина. Стаг къонвен хи деъна, шен да къонвина волу  Сулима ву тамашена.

 -Ша ву ахь вуьйцург,  элира кIанта.  – со а ву хьан накъост элира къонахчо. Иштта доттагIийн тоба стамйелира. ШайтIанийн  махкара йоI йалор сацийра.

-Иштта  дIабоьлхуш   кIотара кхечира накъостий. Даккхий  йаьш  ихкина каде хьийзаш вара кIотархо.  Салам – маршалла  а  луш тIебахара накъостий. Уллохь накъостий боцуш,  гонаха цIа а доцуш, пана кIотарахь ша Iаш вара иза.

Слайд

Тилийна шен стерчий

Гарсаш тIе оьхкина,

Лекхачу гажарш тIехь

Даккхий йаьш ихкина,

Гараш вовшаха хьекхош,

ЦIе марса йохуш,

Каде хьийзаш вара

КIотархо цу дийнахь.

-Салам маршалла а делла, хьо стенна кечлуш ву, хIун деза де ду-те  ахь тахана даздеш дерг ? Гарсех кхозуш исс сту ма бу хьан. Мила варе хьоьжуш ву хьо  кху шуьне? –аьлла хаттар дира накъосташа  кIотархочуьнга.

Слайд

-Шу марша догIийла,

Маьрша а лелийла.

Деза де ас цкъа а

Дац хIинццалц даздина.

Цкъа охьахиъча ас , исс

Сту буу гуттар а,

Мегаш ву со тIаккха,

Исс баттахь ца йиъча.

— «Цкъа охьахиъча исс сту бууш, цул тIаьхьа исс баттахь ца йиъча хьо мегаш велахь, ма доккха тамаше хIума  ду иза», -олу накъосташа кIотархочуьнга. -Иза дац доккха  хIума. Дуьненахь ву  боху  майра кIант Сулима. И хеставо Iаламо. Иштта къамел цо дича, Сулимас  элира: 

— Ахь вуьйцург ша ву.  ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо реза велахь дIавола шайца.

Иштта и буьйса цхьаьна а йаьккхина новкъабевлира доттагIий.

-ДIабоьлхуш уьш кхечира хIордан йисте. Цу йистехь Iаш цхьа стаг вара.

Слайд

ХIинца гинарг дара

Доллучул тамаше:

ХIордан йистехь Iара

Цхьа стаг Iаламате.

Ах хIорд дIамолура,

И охьабуттура.

ТIаккха чу хIуп-олий,

ХIорд ловзабоккхура.

-Шайгахьчул   тIех  хьуьнар дуьненахь дац моьттуш болу накъостий   цунах   цецбевлла   хьоьжура.

-Юха тIебахана  салам  а делла , шаьш чIогIа цецдевлла кху балхах аьлла  цуьнга бистхилира. Ша дийриг доккха хIама дац , ткъа Содин кIант Сулимас, ца деш хIума дац  аьлла къамел дIадолийра  хIордан йистехь Iаш волчо. Ткъа шу хIунда лела? Шегара хIун гIо хир дара техьа шуна олу цо.

— Ахь вуьйцург ша ву.  ШайтIанан махкара йоI йалон гIуш ду тхо. Хьо а вола тхоьца , доттагIий хир ду   вай.  Иштта барт хилла новкъа бевлира уьш.   Стамлуш схьайогIуш йара накъостийн тоба. Бехха новкъа дIаихира уьш. Шаьш кхача безачу дIа а кхечира. 

— Царна дуьхьала шайтIанаш девлира, шайн гIуллакх цаьрга дIа а дийцира.  Шу тахана тхан хьеший ду аьлла къамел долийра  . Аш деанчу гIуллакхах даккхийчарах   цхьаъ   ду.

-Шайн махкахь шу доцург адам хилла а дац, аш беънарг генна некъ а бу. Делахь а , шай иштта йоI дIайала йиш яц. Хьуьнарш  къовса  деза  вай-олу шайтIанаша. 

-Шу толахь йуьгур йу , амма ца толахь шу тхуна децаш Iийр ду.

-ДIаболийра   хьалхара шайн къовсам.  Топ кхийса велира шайтIанийн иччархо. Кхузза а кхоьссира.  Амма  хьешаша цу къовсамехь а толам баьккхира. Шаьш эшна аьлла шайтIанаш къера  хилира.

-ШолгIа а къевсира ведда , хьалхаваларх,  кхоалгIа  къевсира хIума дукха йаъарх.  Шайлахь  цара сутарверг   хьаьржира.   Цхьацца   сту   бара   баъа  охьабиллинарг, исс    сту    буучо  и   шиъ  дIакхаьллира. Сутарниг   цецваьлла   висира.   ТIаьххьара   къовсам   хилийта   аьлла  дийхира.

СЛАЙД

ШайтIанийн сутарниг

Цецваьлла висира.

Ца хууш дан дезарг,

ШайтIанаш дисира.

Къайлах кхел хаийна,

Уьш дагабевлира.

Цхьа хьуьнар тIаьххьара

Къовсар а дийхира.

 — Цхьаьна   хьунар  тIехь  мукъа  а толам  хила  лууш долчу шайтIанаша, стигала кхача  лекха  лами хIоттинера. Цу тIе а ваьлла , хье юккъе хIоттийна  стака гал   ца доккхуш, хи тIадам ца Iанош , йуха   чувоьссинарг   тоьлла   лоруш   вара  царалахь.   Цу лами   тIе   хьалаваьлча   Сулимана гира  шен да-нана сагIа доьхуш лелаш. Цуьнан бIаьргех хи даьллера, и тIадамаш  хи ду моьттуш, самукъадаьлла хьийзара шайтIанаш.    Ша  охьавоьссича  кIанта  дийцира  шена  гинчух  лаьцна.Ца тешнера и бIаьргийн хи хиларх, тIаккха бIаьргийн хи дуьра хилар билгалдаьккхира.Чам баьккхича хи дуьра дара.  ШайтIанаш  ийшира.

— Къайлаха кхин цхьа  тешнабехк бара кечбина.   Шина  тайпана хьолтIамаш йара йина. Цхьаьна шуьнахь йерш дIовш   тоьхнарш,   вукха   шуьнахь йерш  дIовш   тохаза. 

Слайд

ДIовш тоьхний, тохазий

Ши тайпа хьолтIамаш,

Ши йай а оьллина,

Йийр йу шаьш, элира.

Цхьана текха схьайаьхна,

ДIовш тоьхнарш -цаьргахьа,

Тохазниш-шайгахьа

Йохкур йу элира.

Зингатийн къамеле

ЛадугIуш волчунна

Йацара и къайле,

Цунна и хезира.

Тешнабехк и бинчех

Бахийта сацийра,

Шайн пондур локхучух

ХIорш дагабевлира.

ХьолтIамаш схьайаьхна

Текх хьалха хIоттийна.

Пондар локхуш волчо

Мерзех пIелг тесира.

Шаьш халхайевлира

Текхара хьолтIамаш,

Хьаьвзаш гобаьккхина,

Уьш хийцаелира.

-Амма и тешнабехк а шайх  бахара. ХьолтIам  кхаьл -кхаьллинарг  леш, ца кхаьллинарг вуьсуш.  И сурт гуш бухахь  бисанарш холчу хIиттинера.

-Йуха шайтIанашна дагадогIу аьчкан цIа чу а боьхкина доттагIий баго.

Слайд

Цара аьчках дира

беа кога тIехь цIа.

ХIорш цу чу боьхкина,

Баго барт бинера.

Хьовса буьгу аьлла,

Цу чоьхьа а баьхна,

НеI чехка тIечIаьгIна,

ЦIа чохь уьш битира.

Амма хьалхе дара

Даккхийдер шайтIанаш:

Зингатийн къамелаш

Ша хезаш волчунна

И къайле йацара

Ца хууш йисина.

ХIорш цIа чу бахара,

Цаьрга дог диллийта.

Кхеран накъост вара-

Кийрахь ах хIорд бара.

Йовхо Iаткъа йоьлча,

ЦIа чу хи хоьцура.

Луьйчуш мелчу хи чохь,

ХIорш паргIат Iаш бара.

ШайтIанех шайн дагахь,

Ца бешаш, боьлура.

-Шаьш   динчух   даккхийдеш, шайтIанаш тешна  дара шаьш дагалаьцнарг кхочуш хилла аьлла. Амма уьш  чухьевсича доттагIий бийлабелира.  ШайтIанаш къовсамехь ийишира. Маьлха- Аьзни сиха кечйина схьайелира.

-Сулимигара а, цуьнан доттагIашкара а дийлинчу хьуьнарех а шийла кхаъ хезна, дог иккхина Сода велира. Шен бахамах а, шен йоIах а вала дезар ла ца делира цуьнга.

-Иштта массо а халонаш,  баланаш эшийна Сода ваьхначу керта кхечира майра  кIант Сулима.

-Шен да-нана лехна схьадалийра, йайначу йоьIан  да-нана схьакарийра. Ткъа Содин бахам мискачу  нахана  нисса  дIабийкъира. Дезаш   долу Сулима а, Седа а вовшахкхийтира. Содин кертахь доккха ловзар- той хилира.

-Тойнехь   дакъалоцуш  адамаш, хьайбанаш, акхарой, олхазарш дара. И той кхаа баттахь лаьттира.

Слайд:

Сурила — готта бертиг йолу кхаба

ГIайре-  гондахьа хи долу лаьттан дакъа

ХIуьрлаIан мехкарша — йалсаманехь хуьлу боху мехкарий

ГIомалла — цхьа   бозбуанчалла

Йийсар — нуьцкъала лаьцна дигна латтош долу адам

Слайд

-Туьйранехь мел дерг кхоьллина ду. Цуьнан турпалхой цхьана шатайпанарчу заманахь бехаш бу, амма туьйранчийн говзачу матто и зама, таханлерчу, хIинцца гуш дIайоьдучу заманан герга йалайо, йа вай, туьйране ладугIуш дерш, оьций дIадуьгу- туьйранан инзаре- башхачу заманна чу. Вайн туьйранашкахь карабо адамийн ирсе болу сатийсамаш, девза инзаре-башха хIуманаш: адамийн мотт хуу дийнаташ, лаьтта бухара дуьне, адам дендеш, къондеш долу хи, иштта кхиндолу хIуманаш а.

ХIетте а, шу кхета деза и тайпа хIуманаш туьйранашкахь бен хуьлуш доцийла, мел уьш дахарехь хуьлуш –нислуш долчух чIогIа тера  делахь а.

-Кху тIехь вай урок йерзор йу!

-Iодика йойла, марша Iойла!

Тест

I. Оцу туьйранехь олхазаро хIунда ца дора эланний, цуьнан оьзданашний Адам цамгарх тодеш а, къондеш а долу Iежаш?
а) Эло нах хьийзабо дела
б) Эла дика стаг волу дела
в) шена ца лаьа дела

2. «Кхо ваша» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) туьханан тIулгах дай чурт догIа 
б) шен чурт ларде
в) шен чурт долчехь буьйсанаш йаха 

3. «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу туьйранех , Iахарий цхьана меттехь муха нисделла хилла?
а) тилладелла лелаш
б) сакъоьруш лелаш
в) борз лоьхуш лелаш


4. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) ширачу новкъа ма гIо аьлла
б) ширачу новкъахь хIун ду хьажа аьлла
в) ширачу новкъа гIо аьлла

5. Мила ву автор  «Майра кIант Сулима»  цIе  йолчу  туьйран ?

а) Сулейманов А.С.

б) Саидов Б. С.

в) Рашидов Ш.Р.

г) Айдамиров А.А.

Close
Яндекс.Метрика