5 класс Урок№7 Саидов Билалан кхолларалла. «Майра кIант Сулима» туьйра.

Нохчийн  литература    5 класс (Абулханова Аза)

Урокан цIе: Саидов Билалан кхолларалла. «Майра кIант Сулима» туьйра.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай йуха а дIахьур йу вешан  рогIера нохчийн литературин урок.

— Таханлера  вайн  урок  лерина  йу нохчийн  йаздархочун  Саидов Билалан дахарх а, кхоллараллех  а лаьцна. Иштта вай дийцаре дийр ду цуьнан «Майра кIант Сулима» цIе йолу туьйран хьалхара дакъа а.

Слайд  :(Саидов Б.сурт)

(I9I4-I994)

«Сийлахь — боккха Даймохк ларбеш,

Са а, дегI а кхоор дац вай,

Йамарт мостагI дера кегвеш,

Ницкъ а, герз а кхоор дац вай».

-I9I4-чу шарахь гуобаьккхина   Iаламо  хазйинчу  ламанан  уггар  ширачех  йолчу   МахкатIе  цIе  йолчу  йуьртахь вина а, кхиъна а  вара   Саидов   Билал.

— Жима  волуш  дуьйна   вайнехан  барта  дуьйцу  туьйранаш  а, олу  иллеш  а, шира  хьалхалера  дийцарш  а  чIогIа  самукъадолуш, леррина  ладугIуш  тIеоьцура  Билала.

— Денанас  Заретас  йелла  цунна  нохчийн  халкъан  барта  кхолларалле  йолу  марзо. Дуккха  а  туьйранаш   хууш  а,  ладугIучеран    самукъадолуш,  уьш  дуьйцуш  хилла  цо. Дененан   тамашийначу   туьйранашка   ладегIаро   йоккха  лар   йитина  хинволчу   йаздархочун    дахарехь. Туьйранашкахула  йовза  йолайелла     Билалана   адамийн   дика  амалш:

Слайд

Догдикалла, къонахалла, майралла, шен мохк а, халкъ а дезаш хилар, уьш вонах кIелхьардаха кийча хилар.

— Оцу туьйранашка ладоьгIуш йевзина Билалана халкъан меттан хазалла а, говзалла а, исбаьхьалла а.

— Цундела  Саидов  Билалан   кхоллараллехь     халкъан  васташ   а,  халкъан  мотт  а, дахаран  амал  а  гучуйолу.

— Дуккха  а  шерашкахь   лелийна  шен  дагчохь  Билала  туьйранашка   болу  безам. Иза  вайна  хаалур ду  цо  йаздинчу  «Майра     кIант  Сулима», «Сулимин   цIархо»  цIераш  йолчу   туьйранашкахь. Халкъан   туьйранийн  буха  тIехь,  стихотворенин  кепехь  йаздархочо  ша  йаздина  ду  и.

 — Нохчийн литература кхиорехь дуккха а шерашкахь хьанал къахьегна Саидов Билала.

— Аш  тидам бина хир бу туьйранаш муха дуьйцу. Цхьа  башхачу  дешнашца  долор хуьлу-кх  туьйранийн.  Дешнаш а хуьлу  царна чохь цхьа бозбуанчалла долуш, декар а хуьлу церан исбаьхьа. 

(Масаллина гайта мегар ду туьйранан кийсак  йа туьйранахь йолу ша-тайпана гIовгIа хазийта мегар ду.)

Слайд:

Туьйра — халкъан барта кхоллараллин произведени йу.

-Ткъа туьйранаш муьлхачу дешнашца  долало хьовсий вай?

Слайд:

I-ра туьйранан йуьхь йолориг

1. Дукхе — дукха хьалха заманчохь, цхьана генарчу махкахь йина йоккха дашо гIала  хилла.

2. Йа цхьана йуьртахь вехаш цхьа стаг хилла, ткъа цуьнан кхо йоI хилла, цхьаъ вукхунал хаза а йолуш.

Халкъан туьйранийн буха тIехь стихотворенин кепехь кхоьллина туьйранан йуьхь дукхахьолахь иштта йолало:

Слайд:

3. Шуна дика дийцарг, диканца шу дахарш.

— Ткъа вайн барта кхоллараллехь а, нохчийн йаздархоша йаздина дуккха а ду туьйранаш. ХIора туьйранахь билгалдоккху дика а, вон а.  Туьйранийн турпалхой бекъало шина тобане.  Уьш  хуьлу дика а, вон а.

 -Йаздархочо, Саидов Билала дуккха а шерашкахь  лелийна шен дагчохь туьйранашка болу безам. Иза вайна хаало цуьнан  туьйранаш дешча.

 -Ткъа хIинца туьйранийн махка хьошалгIа гIур ду вай?      

Слайд. (суьрташца гойту тайп-тайпана туьйранийн персонажаш)  

 -Шуна  туьйранаш хазахеташ хир ду аьлла хета суна!  ХIинца шуна  бевзар бу Саидов Билалан  «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйранан чулацам.

— Халкъан туьйранийн буха тIехь стихотворенин кепехь кхоьллина ду хIара туьйра йаздархочо.

Слайд

— Шуна дика дийриг,

Диканца шу дахарш,

Аганара, Элан

Бер а ма гIоттийла,

Iуьргара цу берзан

КIеза а ма долийла, —

Иштта доладора

Зарията туьйра. —

Мацах цхьана хенахь,

Хийла зама хьалха,

Цхьа къен кIант Сулима

Араваьлла хилла.

Ламанаш хедадеш,

Аренаш ша цоьстуш,

Хийла зама идош

Лелла и тем боцуш,

Къоьлло кIелдитина,

Шен къена да-нана

Кхаба шена лаар

Дара лаьцнарг йуьхьар.

Шена бан болх лоьхуш,

Къахьегар марзделла,

Майра кIант лийлира,

КIадвалар ца девзаш.

— Хьаглуш, мацлуш бехха некъ бича кхечира иза Теркан тогIешка хьалдолу  Сода вехачу :

Слайд:

Эрзалахь- эмкалаш ,

ТогIешкахь – реманаш,

РаьгIнашкахь жа дежаш

Вара Сода вехаш.

ГIолехь дерг ца карош,

Содас хаза дуьйцуш,

Сулима тIеверзош,

Бира барт, йалхо веш.

Харцо йан Iеминчу

Содас йал йиллира,

Тешнабехк бан дагахь,

Комаьрша велира.

Шарахь кхо къахьегахь,

Кхо говр лур йу, элира,

Тешаме и хилахь,

 Кхин кхоъ цо йиллира.

Балха тIехь кадолуш а, харцо йоцуш а, хьанал къахьоьгуш вара Сулима. Цунна моьттура Содас шега   дийцинарг      бакъду. ХIилланца  хьаста а хьаьстина  кIант хила шен аьлла,  дийхира Содас. Амма кIанта цуьнга шен да а, нана а ду аьлла доцца къамел хадийра.

Слайд:

Вацавеш Сулима,

Беттанаш ихира.

КIантана йал ло хан

ТIекхочуш лаьттара.

Ца йала дог хилла,

Ша гуттар ма- дарра,

Содас шен ойланехь

Дан хIилла лоьхура.

«Къена стаг къонвен хи

Дохьуш хьо цIа вагIахь,

Бахамах ах дакъа

Хьуна дIакъастор ду.

Шел хазаниг кхин йоцу

Сайн йоI ас лур йу,-

Аьлла аьшпаш ботта

Шен дагахь сацийра.

Йа, гIуллакх ца хуьлуш,

ЙуьхьIаьржа вогIур ву,

Йа, ванне ца вогIуш,

ТIепаза и вовра ву.

Йа, аьтто нисбелла,

И маьрша цIа вагIахь,

Цул халчу йуха а

Ас чехка хьажор ву.

Доцуш йилбазалла,

Сов майра хиларна,

И хьехош кIордийна,

Шен собар кхачорна,

Вахаза и Iийр вац

Ца бевзачу махка.

Йуха а вогIур вац

Ваханчуьра маьрша».

-Шен бахаме бIаьргбетташ, кертахула лелаш, Сулима тIехветташ, йалхой чехабора Содас. Цо цаьрга бартхеттар кIордийна Сулимас сацам бира стаг къонвен хи дан ваха. Седа  тIекхиира  шен ден йамартлонна. Сулиме безам болчу Седас шен ден герзаш ло цуьнга и новкъаволуш.

Слайд:

Сайн дадех лачкъийна,

Герзаш ло ас хьоьга.

Кху герзал ницкъболу

Сан безам бу хьоьга.

Цо хьуна гIо дийр ду.

Хуьлда хьан некъ дика!

ВогIийла цIа маьрша!-

Цо цуьнга элира.

-СадаIар доцуш, генна некъ бира Сулимас. Акхаройх  ларлуш, буьйса  тIейеъначохь  буьйса ша йоккхуш, дуккха а аренаш цистира Сулимас.

Слайд:

— Ша арабаьккхина некъ Сулимас дIабийцира. Сайно Сулиме элира:  «Хьо  воьдучу  новкъа  дукха  нах  ихна, амма дийна йуха наггахь бен ца веъна. Ткъа гIуллакх нисделла ванне а ца веъна. Малхбалехьа генна дIавахча, уггар хьалха оьгIазе гIам-гIим деш  йолчу  бабина тIекхочур ву хьо.

Слайд

-(жоьра-бабин сурт)

Малхехь шен букъ бохбеш,

Багахь кIозарш Iуьйшуш,

ОьгIазе гIам-гIимаш

Гуьйриг тIе хиъна деш,

Хье йуккъера шен бIаьрг,

ЦIе санна керчабеш,

Карор йу баба Iаш,

Айдина сема лерг.

Лакхара шен балда

Стигалах а гIортийна,

Лахара шен балда

Лаьттах а гIортийна,

Цо бага гIаттор йу,

Хьо шена схьагушшехь.

Бага жижиг кхосса,

Цо иза дешшехь.

Цо тIаккха цигара

Хьо новкъа воккхур ву.

Воьдуш хьо дIакхаьчча,

Саьрмак бен дезар ду.

Амма цул хьо эшахь,

Дакъа доцуш вовра ву.

ТIаьххьара дош олуш,

Сай кхоссабелира.

БIаьрг кхиъна балале,

И къайлабелира.

Цунна тIаьххье кIорни

Бердашкахь дIайайра.

Ойла йеш кIант лаьтташ,

Буьйса тIейеара.

-Сахиллалц садаьIна, экхан жижиг диъна, хьогаллина шовда мелла, дийнна цхьа хьакхин чарх шен таьлсаш чу а йиллина, дIавоьдуш кхечира Сулима дийцинчу цу цIен тIе.

Слайд

Даккхийра и пепнаш

Пенашна доьттина,

Чохь йина пеш йоцуш,

Поппарца хьахаза,

Лаьттара лаппагIа

Малхехьа йирзина.

Iаш йара баба а,

КIозарш а охкийна.

Цо бага гIаттийра

КIант кхалла дог хилла.

Кхо жижиг кхоьссира

ГIаьттинчу цу бага.

Айъа маллу йолу

Йоккха жижиган талх

Цо чоьхьайаьккхира.

Ца хьайеш шен къамкъарг.

Мацйалар лахделла,

Даръялар дIадаьлча,

Лерина дIахьаьжча,

Хазаллех цецйаьлла,

Бабас хаттар дира,

Сулимас дийцира.

Майраллех бIобоьлла,

Цо гIо дан сацийра.

— Цо дийцира  стаг къонвеш долу шовда мичахь  ду а, и лардеш леча хиларх лаьцна. Шина бердах чекхавлар атта доцийла хиира  Сулимина.

Бабин Iодика а йина, кхин дIа  а вахара кIант. Йуха а аренаш цеста йийзира Сулимин.

-ДIакхечира Сулима бабас йийцинчу дуьненан йисте. Гира цунна бабас дийцина Iаьржа леча, тамашена ши берд а.

-Шийла   мохь  хьоькхуш доьхна хьийзара шен  бенах  бIаьрг кхетча тIам Iаьржа леча. Сулиме шен бала балхийра цо.

   -ХIора шарахь шен кIорнеш саьрмако дIайуъу.   Шен детта кхин са а дац аьлла  балхийра  бала, тIаккха вахара Сулима  саьрмакан майдане.

Слайд

КIорнеш йиъна буьзна,

Малхо ша бохбина,

Шен дIаьвше буьрса дегI,

 ХIоз санна хьарчийна,

Iуьллура и ирча,

Набаро са даьхьна,

Улло тIевахара,

И кхин ца гIаттийта.

КIанта тур шех детташ,

Лечано зIок йетташ,

БIаьрга чохь даш догуш,

Бац аьтто дIовш тоха.

ТIех буьрса хьийзарна,

 ГIелбелла богIура.

Сулимас тIаьххьара

Тохар дан сацийра.

-Шен  болчу ницкъаца а, лечанан гIоьнца а саьрмак   иэшийра  майрачу  кIанта. Леча гIаддаханера ша маьрша даларна. КIентан марахьаьрчина, цуьнгара сурил шен когах йехкийтина, тIам тоьхна чекхъиккхира бердашна. Шен дика нисбеллачу некъах воккхавеш, цIехьа бан безачу некъан хIара ойлайеш Iашшехь, леча схьадеара сурил йуьззина чохь стаг къонвен хи а дохьуш.

Слайд

Сулимас сурил

Сихха схьаийцира,

Хастаме баркалла

Даггара элира.

Къастаран миноташ

ТIекхаьчна йевлира,

Iодика вовшийн йеш,

ХIорш вовшахкъаьстира.

-Седа а йара Сулимах хилларг хIун ду  ца хууш сингаттамехь. И дийна хилар дагахь а дацара йоIана. Цуьнан даго кхин бохура.

Слайд

«Муьлхачу экхано

И къиза вийна-те?

Мичарчу латтано,

ДаьIахкаш хуьйди-те?

Дааза, малаза,

Хи буха вахана,

ТIепаза вайна-те?»

Бохуш, ойла йора

КIант дукхавезачо,

Хьерайолуш йоллура,

Гатйина гIайгIано.

-Иштта кIентан да-нана а дара сагатдеш. Дацара церан цул дезаш кхин хIума.

Реза дара и шиъ къоьлла лан а, Сулимин син дуьхьа.

— Цул тIаьхьа, кхин хьовзам ца хуьлуш, дарбанан хи дохьуш, воьссира Сулима Содин хIусаме. Веъна кIант схьакхаьчча  Сода цецваьллера. Стаг къонвен хи мелла иза къонвелира. Дуьненахь массанхьа, тамашена хьуьнарш долу Содин кIант Сулима аьлла, даьржира.

-Цу тIехь туьйранан хьалхара дакъа чекхдолу, тIейогIучу урокехь вайна бевзар бу шолгIачу декъан чулацам.

Слайд

Йал  — хьоладас шен йалхочунна къахьегарна луш болу мах

Йилбазалла —  хIилла доцуш хилар

Варш —  хьуьнан луьста,   йуькъа  коьллаш,  дитташ  долу меттиг

Талх-   тилийначул тIаьхьа дохоза жижиг

ЛаппагIа —  Iалаш ца деш, тишделла цIенош, гIишло

Мокхазан —  тIехчIогIа тIулг

ТIепаза-   лаха меттиг йоцуш, лар йоцуш

-Тахана вайна девзи Саидов Билалин дахар а, кхолларалла а.

-Иштта дийцаре ди цуьнан «Майра кIант Сулима» цIе йолчу туьйранан хьалхара дакъа.

-Аттачех ца хилла  нохчийн къоман гIарбевллачу йаздархойн дахар. ХIетте а              доьналла а, собар а, ийман а, адамалла а хилла цаьргахь.Маьрша некъ царна бихкина  хиллехь а, адамийн марзонца, Даймахке болчу безамца, шайн тешаме , майрачу   деган некъ схьакховдийна  вайна нохчийн къома хьакъ болчу йаздархоша. Адамашна  серло  луш , лазамна дарба а  деш , доьналлин  ницкъ луш дехаш   ду   церан похIмалла . Дела реза хуьлда царна!

 Саидов Билалан «Майра кIант Сулима» туьйранехь вайна го: харцо  йан Iеминчу Содас, нах шена баца  а бой, царна йогIу йал дIалуш ца хилар, уьш лебеш, Iехош хилар. Оцу Iалашонца хаза дуьйцуш Сулима шена тIеверзош барт бо Содас кIантаца.

-ДогцIена, дагахь хIума доцуш, тешаме, йахь йолуш, да-нана лоруш кIант ву Сулима.  Оцу шен амалшца акхарой,  дийнаташ, адамаш шена тIе  ийзадо цо.  Иза ву-кх кху туьйран коьрта турпалхо — Сулима.

-КхидIа майрачу Сулимас кхочушдинчу хьуьнарех лаьцна тIейогIучу урокехь дуьйцур ду вай.

-Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

-Iодика йойла шун!

-Марша Iойла!

2-гIа дакъа

Тесташ.

I. Муьлхачу шарахь вина Саидов Б.С.

а) I940 ш
б) I9I4 ш
в) I928 ш                             г)  I982 ш

2. «Доьшуш хилла кIант» цIе йолчу туьйранехь кIанта шена гина гIан ца дийцар хIун бахьана хилла?
а) «Далий, маликаший диканиг дойла» ца алар 
б) КIантана ца лаар
в) Моллина ца лаа

3. Оцу туьйранехь шина гIароло кIантана хIун дина?
а) вийна
б) дIахецна
в) хьуьнхахь кхаьбна

5. Оцу туьйранехь паччахьан хIиллане хаттаршна жоьпаш муха делла хьекъал долчу кIанта?
а) нийса делла 
б) нийса ца делла
в) дала а ца дела


5. Мичахь вина Саидов Б.С.

а) Дишни-Веданахь                                                                                                                                     б) Мескатахь                                                                                                                                               в) Соьлжа-гIалахь                                                                                                                                                            г) МахкатIехь

Close
Яндекс.Метрика