5 класс Урок№6 Кицанаш, хIетал-металш.

 5 класс  Урокан цIе: Кицанаш, хIетал-металш.

Маршалла ду шуьга! РогIерчу урокехь вайн таро йу халкъан барта кхолларалла  алсам йовза а, иштта цуьнан кхин а дакъош довза . Кицанаш а, хIетал-металш а, церан маьIна довзийта.

 Слайд:

 «Кхетаме доцу дош, кица дац».

«Шен метта ца аьлла дош хезна дац».

—-Кицанаш-нохчийн барта кхоллараллин цхьа тайпа  ду.

Кицанаш  кхетам луш долу доций аларш ду. Адамийн хьекъал а, дахаран бакъдерг а гойту цара. Халкъо кицанаш кхоьллина адамийн дахарехь зеделларг гойтуш, довзуьйтуш. Кицанаша дуьйцу адамо шен дахарехь тидаме эцна, ойла йина цуьнан лаам хилла гIуллакх. Кхетам баларца цхьаьна  цара хиламан а, хIуманан а мах хадабо, жамI а до.

         Кицанаша хестайо адамийн дика амал а, гIиллакх-оьздангалла а, тешаме хилар а хестадо, адамалла йолуш къинхетаме хилар а.Иштта адамийн сакхташ а, вон амалш а йемалйо.

 Кица –къамелан туьха лоруш ду халкъалахь. Цуьнан маьIнах иштта кхета веза: туьхано кхачанан санна, шен меттехь далийначу кицано «чам бо» дуьйцучу къамелан. Кица гуттар цхьана метта далош ду, масаллина аьлла.     

     Халкъо кицанашкахь кхетам ло, диканиг хьоьху, вочух ларво.

 Шен къамелехь догIуш долчохь кица дало хаар къамелана говза хилар, шен ойла къеггина схьагайта хаар лору. Iаламат мехала хазна йу халкъан кицанаш.

 Шайн чулацаме хьаьжжина кицанаш тайп-тайпана ду:

Слайд:

  Хьекъалх, дешарх лаьцна кицанаш:

                            I   «Жимчохь Iамийна хIума тIулга тIе йаздина йоза ду»; 

                             2 «Кхоччуш хьекъал долчун къамел доца хир ду»;

                              3 «Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу».

ХIокху кицанийн маьIна иштта хир ду:

Бераллехь Iамийна а, девзина а долу хIума атта диц ца ло, дика дагахь лаьтта, цундела аьлла цунах «тIулга тIе йаздина йоза».

ШолгIачу кицано довзуьйту:

Дукхалер сакхте лору вай. ХIунда аьлча, оьшучохь а, ца оьшучохь а хьо лен валахь, цхьа гIалате дерг дала тарло, цундела олуш ду «хьекъал долчун къамел доца хир ду».

КхоалгIачу кицано хьоьху вайна:

Муьлхха а хIума дан хьо волавалале хьалха дикка ойла йан йезар,

ойла йина дина гIуллакх, юха къахьега дезаш ца хуьлу.

Слайд:

                       «КIайчу куьйгашна, наха къахьегнарг деза»;

                      «Бух боцу шелиг хих дуьзна дац»;

                       «Хьалдолчунна къечуьнгара хьал ца хаьа» 

«Доьзал дика — беркат дукха»

«Стеган дикалла собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна»

«Хьаша цавезарг нахана ца веза»

«Зулам лоьхург вонах ца ваьлла»

 ——Вай лакхахь билгал ма даккхара,  шайн кIорггерчу чулацамца кицанаша дикачу амалийн сий лакхадоккху. Иштта вочу амалийн волла, сакхтийн сийсазалла, зуламе йамартло гучуйоккху.

«Уггар хьалха билгалдаккха деза нохчийн халкъан «даше» болу боккха безам а, лерам а. Дашна лерина дуккха а кицанаш ду вайн маттахь. Оцу  кицанашкахь тидам тIебохуьйту дашах лаьцна халкъан кхетам хийцалуш , кхуьуш хиларна:

Слайд:

 «Хазачу дашо лам башийна»

 «Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто (дашо) эзар вийна»

«Вон дош къорачунна а хезна»

«Аьлча дохковер волу дош ма ала»

«Дика дош сагIа лерина, вон дош къа лерина»

     —-Дика дош, оьзда къамел чIогIа лоруш хиллехь а, халкъо гуттар а аьшнаш деш хилла эрна лер, деса хабар дийцар. Цунах лаьцна ду нохчийн халкъан иштта кицанаш:

Слайд:

«Йаьсса хIума чIогIа йека»;

«Хабарал худар тоьлу»;

«Дош-доца, муш-беха»;

     —-Доцца аьллачу ,шайгахь къегина маьIна долчу дешнех лаьтташ ду кицанаш. Дукха хенахь дуьйна дахарехь зеделларг, адамо шен хьокъехь ойла йинарг, тидаме эцнарг ду вайна кицанашкахь довзуьйтург.

——

Халкъан барта кхоллараллин юкъадогIу хIетал-металш а.

Хууш ма-хиллара, хIетал-металшний,кицанашний йккъехь башхаллаш ю:

  1. ХIетал-металехь кхечу кепара алар, хIумнаш тарйина цIе йаккхарца ду, ткъа кицанехь иза довзуьйтуш гойту;
  2. ХIетал-метал шина стага олуш санна, диалоган кепара лела (хаттар-жоп), ткъа кица цхьана стага далош хуьлу.

ХIетал-металшкахь цхьа хIума кхечу хIуманехула, шен аматашца къайлах йолчуьнца, йогIучу хIуманца билгалйоккху. ХIетал-металша адамийн иэс кхиадо, цхьа хIума кхечуьнгахула йовза Iамаво. Тайп-тайпана ду хIетал-металш:  Хьекъале говза дош алар чIогIа лоруш хилла вайнаха.

Слайд:

ХIетал-метал хаийла хьуна:

            Вайн цIечу гIож тIехь Iен кIайн котамаш           (цергаш).

«Хуьл-хуьлуш  хингал , хилла даьлча  чIепалг       (бутт)

—-ХIокху  масалша гойту  вовшашца  цхьаьнайогIу  хIуманаш  йустарца а,  тарйарца  а хIиттийна  хIетал-металш  уьш хилар:

    бутт хингалх, чIепалгах тарбеш а, цергаш-гIожмаш тIе хевшинчу  котамех тарйеш а гайтар.

—ТIаьхьарчу хенахь байтийн  хьесапехь  хIиттийна  хIетал –металш  алсамо хаало  барта кхоллараллехь . Иза и жанр  ширйелла  йукъара  дIайаларан  метта  кхуьуш  хиларан билгало ю.

Слайд:

Чохь ду ши бос болу хи,

ХIун шелиг ду хаал и:

Йоцуш бертиг, лаца тIам,

Бух а боцуш ирахь Iан?         (хIоа)   

КIайн ду и, ло санна,

Амма ло дац

Мерза ду, моз санна, амма моз дац.

ТIулг санна  делахь а,

Ца лало хи,

Схьаалал хIинца ахь:

ХIун йу ткъа и?                           (шекар)       

 ЦIаро иэккхош, арабоккху,

 Махо бадош гена боккху     (КIур)

Лелабо бIе маха шеца,

Безий хьуна –хIан, дIаэца.

Текхарг цунах къаьхкаш йу,

Ала ахьа и хIун йу?                (зу)

Хала ца хоьтуьйту,

Ца лета хьох,

Амма хьо велхаво,

ДIайаккхахь коч?              ( Нитташ)

Тахана урокехь вайн йиш хили, халкъан барта кхоллараллин тайпанаш,  иштта цуьнан кхин а дакъош довза а. Кицанаш а, хIетал-металш а, церан маьIна довзийта а.

Вайн рогIера урок чекхйели.

Шун Iодикайойла, марша Iойла!  

Close
Яндекс.Метрика