Урок 49
Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам.
Урокан цIе: Мукъа аз а, элп а «Ёё» (йо) довзийтар, яздар.
— Маршалла ду шуьга, хьоме, дешархой!
Вай юха а дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Муьлха элп девзира вайна дIаяханчу урокехь?
Вайна девзира Е элп. Ткъа тахана вайна девзар ду керла аз а, элп а.
Слайд:
— Бераш, хIокху суьрта тIехь хIун го вайна?
Ёл-ка.
— Муьлхачу элпаца долалуш ду и дош?
( Ё элпаца долалуш ду и дош).- Ёлка дашехь маса элп ду? (диъ элп ду ё, л, к, а)
— Маса аз ду? (Й, о, л, к, а) – пхи аз ду.
— ХIунда ду пхи аз? (Ё элпо шиъ аз билгадо)
— Муьлханаш ду уьш? (Й, О)
— Маса дешдакъа ду ёлка дешан? (шиъ ду ёл-ка)
— ХIунда ду ши дешдакъа? (Цу дашехь шиъ мукъа аз ду)
— Муьлханаш ду уьш? (Уьш ду О, А)
— Муьлха аз хеза вайна ёлка бохучу дешан юьххьехь?
— Ёлка бохучу дашехь вайна хеза аз [ё].
— Ала массара а аз [ё-ё-ё], вайн пехашкара арадолу хIаваъ муха долу: паргIат я тийсало?
— Аз [ё] олуш вайн пехашкара арадолу хIаваъ паргIат арадолу, цундела аз [ё] мукъа аз ду.
ХIета — метал хаийла шуна:
— Еха гIож тIехь морса чоьш,
цIанйо цуьнца, массара цергаш.
Слайд:
Нийса боху – иза цергаш цIанйо щётка ю. Щётка бохучу дашехь мичахь хеза те вайна аз [ё].
— Нийса хии шуна щётка бохучу дашехь аз [ё] хеза дашна юккъехь.
— Вайна хIинца девзар ду зорбанан доккха а, жима а элп Ёё.
Слайд:
Ё — хIара зорбанан доккха элп ду.
ё — хIара зорбанан жима элп ду.
Слайд:
Элп ё оьрсийн маттара тIеэцначу дешнашкахь бен ца лела, ткъа нохчийн меттан дешнашкахь цуьнан метта даима (й, о) йо яздо.
Масала: йоргIа, йома, йочана.
– ХIинца дешнаш доьшур ду вай:
Слайд:
ёл-ка вер-то-лёт шо-фёр лон-тёт | тIоьрмиг оьзда гIа-ла лёт-чик |
— ХIокху суьрташ тIехь хIун го вайна, цIераш яхий вай?
Муьлхачу дешнашкахь ду вай Iамош долу элп ё?
ЦIераш яха церан.
Слайд:
Машен самолёт автобус вертолёт мотоцикл
монтёр шофёр лётчик трамвай
— ДIадеша дешнаш, ё элпан меттиг билгалъяккха.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Са-мо-лёт, вер-то-лёт, мон-тёр, шо-фёр, лёт-чик
— Монтёр электрически токан серий тосург ву.
— Лётчик хIаваан кема хохкуш верг ву.
— Шофёр машен хохкуш верг ву.
— Ткъа вайна дахарехь и говзаллаш оьшуш ю.
— ХIинца яздан Iамор ду вай йозанан доккха а, могIанан а элпаш Ёё.
— Вай Iамош долу аз [ё] билгалдо хIокху элпаца.
Слайд:
ё — хIара могIанан элп й ду;
Ё — хIара йозанан доккха элп Й ду.
— Хьовсу вай могIанан элп муьлхачу дакъойх лаьтта?
Слайд: (анимацица гайта могIанан –ё — яздаран кеп).
МогIанан элп ё яздар.
ТIадам буьллу белхан могIанан кхоалгIачу декъана лахахь, хьалавоьду тасалуриг юьллуш. Лакхарчу белхан могIанна тIе кхачале хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIане. Техкарг юьллу, цунна тIера дIа тасалуриг юьллу. ТIехула ши тIадам буьллу.
— ХIинца вай Iамор ду йозанан даккха элп яздан.
Слайд: (Анимацица гойту доккха элп Ё дилларан кеп)
ТIадам буьллу белхан, гоьнан могIанашна юккъе, аьрру агIор хьаьвзаш горга сиз яздо. Лакхарчу белхан могIанна тIехь
аьтту агIор воьду. Кхузахь лечкъарг юьллуш, хьаьвзина охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе. Кхузахь юьллу техкарг, цу тIера дIа тасалуриг. ТIехула ши тIадам буьллу.
Iамийнарг тIечIагIдеш тIедиллар кхочушде.
Суьрте а хьовсий жоьпаш ло.
— Муьлха дезде ду бераша даздийриг?
Керла шо ду бераша даздийриг.
Муха лепа ёлкина буьххьера седа?
Къегина лепа седа.
Слайд:
Схьаязъе
Схаязъе хIокху байт тIера шайца ё элп юкъахь долу предложенеш:
Слайд:
Керла шо тIедеана.
Ёлка хаза кечйина.
Боккха седа чIогIа къега.
Туьтеш массо басехь лепа.
Бераш хазахеташ ду.
Ёлка хаза кечйина.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
Ёлка хаза кечйина.
Ёлка хаза кечйина.
— Вай тахана дийцира ё элпах лаьцна. Хии ё элп тIеэцначу дешнашкахь бен цалелар, вайн маттахь цо ши аз билгалдеш хилар а. (Ё – й, о)
Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.
Шун Iодика йойла,
Марша Iойла.