1 класс УРОК №48 БУКВА Ф

48-гIа урок

Урокан цIе: Мукъа аз а, элп а Ф ф довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

Делан пурбанца вай дIахьур ю, рогIера нохчийн меттан урок.

Къоман ирс, къам кхиар, цуьнан маттаца доьзна ду.

Вайн меттан сий лардан а, и кхио а хьекъал лойла вайна

Дала!

Ловзар: «ХIетал-металш»

ХIетал-метал хаийла шуна:

Цкъа бIаьрг а таIабой,

Юьхьсибат кехат тIе доккхург? (Фотоаппарат)

Галеш чуьра Iенош санна,

Лайн чимаш а кхуьссуш,

Дарц а дохьуш хьийза мох,

Ярташ лайх юьзна.

Буса шело чIагI а луш,

Дийнахь шаш а бешаш,

Де дахделла и гуш ду,

Хаал шайна хIун бутт бу? (Февраль)

— ХIун ю уьш? (Февраль, фотоаппарат).

— ХIун Iамор ду вай тахана?

— Вайна тахана девзар ду аз, элп Ф ф. Иштта доьшур ду элп Ф ф юкъадогIу дешдакъош, дешнаш, предложенеш.

Слайд: (Суьрташ гайта)

— ХIара хIун ю? Фонарь.

— Ала ФОНАРЬ. Муьлха аз хеза ФОНАРЬ дашна юьххьехь?

Аз [Ф] хеза.

— Ала массара Ффф. Ф — аз олуш багахула арадолучу хIаваана новкъарло хуьлу,цундела иза мукъаза аз ду.

— Маса дешдакъа ду ФОНАРЬ дешан? (Шиъ ду)

— Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ФО).

— ШолгIаниг? (НАРЬ).

— ХIара хIун ю? (ШАРФ).

— Маса дешдакъа ду ШАРФ дешан? (Цхьаъ).

— Мича меттехь хеза аз [Ф]? (Дешан чаккхенгахь).

Слайд: (зорбанан доккха, жима элп Ф ф гойту)

Ф — хIара зорбанан доккха элп Ф ду;

ф — хIара зорбанан жима элп ф ду.

Вайна девзи мукъаза къора элп Фф, аз [ф].

Фариза ю школе йоьдуш,

Фартук цо цIахь йицйна.

Фатима, цуьнга хьоьжуш, йоьлу

Форма хьайн ахь хийцина?

— Муьлхачу дешнашкахь хеза аз [Ф]?

Слайд: Фариза, фартук, Фатима, форма

— Бераш, вай хIинца Iамор ду дешдакъош деша.

фафефифофу
афефифофуф

Бераш, вайна Iеми дешдакъош деша

Слайд: (ХIинца вай доьшур ду дешнаш )

Фабрика футболПарз-фарз шарфФерма форма

ДIадеша хьалхарчу бIогIамалгера дешнаш.

ХIун ю ФАБРИКА?

— ФАБРИКА хIумнаш тоьгу меттиг ю.

— Маса дешдакъа ду ФУТБОЛ дешан?

— ФУТБОЛ дешан ши дешдакъа ду.

— Хьалхара дешдакъа? (ФУТ).

— ШолгIаниг? (БОЛ).

— ДIадеша шолгIачу бIогIамалгера дешнаш.

Муха кхета шу ПАРЗ бохучу дашах?

Фарз – иза бусалбачу дино вайна тIедиллина декхар ду.

Уьш пхиъ ду, вайна гуш дерг царах цхьаъ ду (Зудчун духар).

— ДIадеша кхоалгIачу бIогIамалгера дешна.

ХIун ю ФЕРМА?

— Даьхни кхобучу меттигах ферма олу.  

— ХIун кхиамаш бехи вай?

Вайна Iеми дешнаш деша.

Элп Ф ф оьрсийн маттера тIеэцначу дешнашкахь бен ца яздо.

Слайд:

ХIинца жима дийцар доьшур ду вай:

— Фариза фабрикехь болх беш ю.

— Фабрикехь йо кофтанаш, шарфаш, кхийолу бедарш.

— Дика тегархо ю Фаризий, Фатимий.

Вайна Iеми предложенеш еша.

— ХIинца вай могIанан а, доккха а элп Ф ф  яздан Iамор ду.

Слайд

(анимацица гойту Ф ф элпан яздар)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде могIанан элп ф.

— Юха кепе а хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде могIанан элп ф.

Фффффф

Ф — элп доккха а, могIанан а хуьлу. Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.

Слайд (доккха элп Ф дилларан кеп гойту анимацица)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде йозанан доккха элп Ф.

— Юха кепе а хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Ф.

ФФФФФФ

— Вай яздийр ду ф юкъахь дешдакъош: 

Слайд

Фа    фо    фу   фи   фе; аф    оф    уф    иф  еф.  

ХIинца вай Iамийнарг тIечIагIдеш, кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду :

 Слайд (чекхдаккха дош)

Фор… (ма, точка, мула); Фи… (лософи, зика, лармони).

Слайд нийса жоп:

Форма — Философи

Форточка — физика

Формула — филармонии

Слайд: (дIаязъе хIара предложени ф элпана кIел сиз хьакха)

— Фариза фабрикехь болх беш ю.

Хьоме, дешархой, хIокху урокехь шуна девзи мукъаза, къора элп а, аз а Фф .

Везачу АллахIа шайн меттан пусар дан хьекъал а, кхетам а лойла шуна! Iодика йойла, марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика