1 класс УРОК №47 БУКВА П1

47-гIа урок

Мукъаза къора аз [ПI], элп ПI пI довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

— Вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

— Яханчу урокехь вайна девзира аз, элп ЦI цI, тахана вайна девзар ду керла аз а, элп а.

— ДIайоьшу вай байт.

Слайд:

Нагахь лаахь ча

Дитта кIел ган:

Хьажор бу вай

Цунна тахь

Боккха, беха… (пIелг) (суьртаца гайта)

Ца девза муьлха элп го, мулха аз хеза вайна?

Слайд:

Ахь ала сан верасе,

Вола кхана малхбасе,

Ца хьоьжуш кхин… (ПIераске)

— Муьлха элп ду цу тIехь далийнарг?

(элп ПIпI).

ПI пI элпан хIун билгалонаш го вайна?

Слайд:

Шалха, мукъаза, къора ду

— Вайна тахана девзар ду ПIпI элп а, аз а, цуьнан башхаллаш а.

— Дашна юьххьехь, юккъехь ПI элп а, аз а къасто а, деша а Iемар ду вайна хIинца.

— ХIара хIун ю? (сурт)

(ПIелг).

-Ала ПI ПIелг.

ПIелг дашна юьххьехь пI элп хеза.

Аз [ПI] мукъаза ду, иза ца лакхало.

— Аз [ПI] къора ду.

ПIелг дашехь цхьа дешдакъа ду.

— ХIара хIун ю?

ПIаьлдиг – тIоьрмиг. (сурт)

ПIаьл — диг дешехь ши дешдакъа ду.

— Аз [ПI] дешан юьххьехь хеза.

Слайд:

ПI — хIара зорбанан доккха элп ПI ду

пI —  хIара  зорбанан жима элп пI  ду.

— Тидам бе элпийн.

— ПIпI элп яздеш шина хьаьрках пайдаэцна

Слайд:

П+I

— Элп ПIпI шалха ду.

— Бераш, вай хIинца Iамор ду дешдакъош деша. 

— Вай ПIпI элпана улло дуьллу кхин цхьа элп А.

Олуш [пI] аз а ца хадош, дIадеша дешдакъа. (Бераша дIадоьшу)

— ПIА.

— Юха вай дуьллу элп Е. ДIадеша аз а ца ходуьйтуш.

ПIЕ

— ХIинца дIадеша аз а ца ходуьйтуш.

ПIаь.

5. Дешнаш дешдакъошка доькъуш, дIадоьшур ду вай хIинца

ХумпIар (тапчин ботт).

Хум — пIар дешан ши дешдакъа ду                               кобура

пIаьлдиг — пIаьл –диг

хумпIар — хум-пIар

пIераска — пIе-рас-ка

пIелг

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан ПIпI яздан.

Слайд:(Йозанан элпаш гайтар)

ПI — йозанан доккха элп ду;

пI — могIанан элп ду.

-Муьлха могIан чу яздо вай йоза?

Вай йоза яздо жимачу могIан чу

Слайд: (йозанан элп дилларан схема гайтар)

МогIанан элп пI яздо йозанан белхан могIан чохь.

Слайд:

(п) – хьалхара хьаьрк ду,

I — шолгIа хьаьрк ду. И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп пI.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

Слайд: (анимацица гойту)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп пI.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп пI. 

ПI элп доккха а, жима а хуьлу.

— Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздопредложени йолош, долахь цIерашкахь а

Слайд:

гойту доккха а, могIанан а ПI пI.

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

-ХIинца вай яздийр ду доккха элп ПI.

-Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп ПI.

Слайд: (анимацица гайтар)

:

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп ПI.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп ПI.

ПI ПI ПI ПI ПI ПI ПI ПI…. 

-Бераш, дIаязде вай хIинца  дакъошка а доькъуш, лакхахь ваьш далийна дешнаш?

ПIаьл-диг пIаьл-диг пIаьл-диг пIаьл-диг…

ПIе-рас-ка пIе-рас-ка пIе-рас-ка пIе-рас-ка…                                                                     

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп аПI пI, иштта иэлп яздан а, иза юкъахь долу дешнаш дакъошка декъа а, яздан а, деша а Iеми  вайна.

Таханалера урок кху тIехь чекхйолу, хьоме бераш. ЦIена шайн къоман мотт а хууш, оцу меттан сий дан беркате тIаьхье кхиайойла шух Дала! Iодика йойла, марша Iойла!

Пайдаэцна литература:

I.С.Э. Эдилов «Ловзуш, Iема» Соьлжа-гIала: ГУП «Книжни издательство», 2007.

ХIоттийнарг: Хаджимуратова Р.М.

Нохчийн меттан а,литературин а хьехархо.

МБОУ «СОШ №54» г.Грозный

Close
Яндекс.Метрика