1 класс УРОК №29 БУКВА КХ

Нохчийнметтан интернет урокан хIоттам.

Урок №29.

Мукъазааз а, элп а Кх кх довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Тахана сунна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.

ХIетал-метал хаийла шуна:

олхазар-пошталелориг?

Олхазар-пошталелориг (почтальон) шу кхеттехь кхокха бу.

Слайд:

— Ала массара кхокха.

— Муьлха аз хеза вайна кхокха дашна хьалха?

— Вайна хеза аз [кх ]

— Тахана урокехь вай дуьйцур ду Кх элпах лаьцна.

— Муха кхоллало Кх элп хьовсур ду вай хIинца.

Слайд:

К+х=кх

К —хьаьркана тIе х-хьаьрк тоьхча кхоллало элп Кх.

Кх элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

— Бераш, Кх элп шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп ду?

Кх шалха элп ду, нийса боху.

Кх элп мукъа ду я мукъаза элп ду?

— Яккха кх элпан цIе [кх ]

— Муха алало цуьнан аз, паргIат я хала?

Олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу.

— Нийса боху, кх элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела кх мукъаза элп ду.

— Зорбанан Кх элп довзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

Кх — хIара зорбанан доккха Кх ду;

кх — хIара жима зорбанан кх ду.

Кх элп юкъахь долуш дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

Кха   кхо   кху   кхи    кхе

Акх    окх  укх   икх     екх

— Ткъа хIинца, Кх элп хьалха долуш, дешнаш деша хьовсур вай:

Слайд:

Кхокха, кхаж, кхор, кхаба, кхача, кхоьш, кхаъ, кхоллам, кхаллар.

— Ткъа хIинца Кх элп юккъехь долуш:

Слайд:

Алкханч, хьокхам, экха, текхарг, чаккхе, кхакха, тукхам,бекхам.

— ХIинца Кх элп чаккхенгахь долуш:

Слайд:

ГIутакх, пачхьалкх, гIиллакх, йовлакх, мукх, гIабакх, дакх.

ЦIераш яха суьртийн, муьлха сурт ду совнаха? ХIунда?

Слайд:

Кхоьш                           гIабакх                 саьрамсекх

Диг                      кхокха                      кхор

Нийса боху, диг дашехь аз [кх] дац.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Кх кх яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

Кх хIара йозанан доккха элп ду;

кх могIанан элп ду.

Слайд:

(к) – хьалхара хьаьрк ду,

х — шолгIа хьаьрк ду.

И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп кх.

МогIанан элп кх яздо йозанан белхан могIан чохь.

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп кх.

Слайд: (Анимацица йозанан элп дилларан схема гайтар)

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп кх.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп кх. 

Кхэлп доккха а, могIанан а хуьлу.

-Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а

Кх-

кх-

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

Нийса боху и ши элп вовшехкъаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.

— ХIинца вай яздийрду доккха элп Кх.

Слайд:

(Анимацица гойту доккха а, могIанан а элпаш Кх.)

— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп Кх.

КхКхКх……

Слайд: анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар.

Вай яздийр ду кх юкъахь долуш дешдакъош.

кха   кхо   кху  кхи  кхе

акх  окх   укх   икх  екх

— Бераш, шуна девзий кх элп юкъахь долу дешнаш?

Далор ду вай уьш.

Слайд:

Кхор кхаба кхоьш мекха кхокха кхакха гIабакх

— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка доькъуш, дIаяздийр ду вай:

Слайд:

Кха-ба ме-кха кхо-кха кха-кха гIа-бакх

Лакхахь вай яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени язъе:

— Шайна юкъахь кх элп долчу дешнашна буха сиз хьакха.

Слайд:

Нийса жоп.

Слайд:

1. Нанас кхаба ийцира.

2. Кокхина кхокха гира.

3. Оха гIабакх кхехкийра.

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду.

ХIокху дешнийн цхьа элп а хуьйцуш кхолла керла дешнаш:

Слайд:

Кхор -…

Кхел -…

Кхакха -…

Кхокха -…

— Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Кхор – кор – лор -мор;

Кхел – бел –мел – цел – тел;

Кхакха – лакха — кхаба;

Кхокха – мокха

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп Кхкх, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Дудаева Ирса Хожаевна.

Close
Яндекс.Метрика