1 класс УРОК №30 БУКВА КЪ

Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам Урок№30.

Тема: Мукъаза аз а, элп а Къ къ довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Тахана суна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.

ХIетал-метал хаийла шуна:

Слайд:

— Гурахь бовхачу махка дIа а ца доьду, эшар ца локху, ткъа «къар-къар–къар» – бохуш дека.

— Алий вай, хIун олхазар ду дуьйцуш дерг?

Олхазар-къиг.Нийса боху.

— Ала массара къиг.

— Муьлха аз хеза вайна къиг дашна хьалха?

Вайна хеза аз [къ] нийса ду.

— Тахана урокехь вай дуьйцур ду Къ элпах лаьцна.

-Хьовсур ду вай муха кхоллало Къ элп.

Слайд:

К+ъ=къ

К хьаьркана тIе ъ хьаьрк тоьхча кхоллало элп Къ

Къ элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

— Бераш Къ элп шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп ду?

Къ элп шалха элп ду.

— Къ элп мукъа ду я мукъаза элп ду хьовсур ду вай.

— Яккха къ элпан цIе (къ-къ-къ)

— Муха алало цуьнан аз, паргIат я хала?

Олучу хенахь багахь хIаваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлу.

— Нийса боху, Къ элп олуш багахь хIаваана дуьхьало хуьлу, цундела Къ мукъаза элп ду.

— Зорбанан Къкъ элп довзуьйтур ду вай хIинца.

Слайд:

Къ – хIара зорбанан доккха Къ ду:

къ – хIара жима зорбанан къ ду.

Къ элп юкъахь долуш дешдекъош  доьшур ду вай:

Слайд:

Къа къо къу къи къе

Акъ окъ укъ икъ екъ

— Ткъа хIинца, къ элп хьалхадолуш, дешнаш деша хьовсур ду вай:

Слайд:

Къолам, къиг, къам, къонах, къастам, къола, къурд, къовсам, къамел, къепал.

— Ткъа хIинца, къ элп юккъехь долу дешнаш доьшу вай:

Слайд:

Дакъа, мукъам, докъар, локъам, бекъа, экъа,къамкъарг, шекъа, пекъар

— ХIинца къ элп чаккхенгахь долуш дешнаш доьшу вай:

Мукъ, букъ, халкъ, лекъ, некъ, дукъ.

— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Къкъ яздан.

Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)

Къ – хIара йозанан доккха элп ду;

къ могIанан элп ду.

Слайд:

(к) – хьалхара хьаьрк ду,

ъ — шолгIа хьаьрк ду. И ши хьаьрк вовшахтесча кхоллало шалха элп къ.

МогIанан элп къ яздо йозанан белхан могIан чохь.

— ХIинца вайи элп яздан Iемар ду вай.

Цкъа хьалха хIаваэхь яздан хьовсий вай элп къ.

Слайд:

— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп къ.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп къ.

Къ элп доккха а, могIанан а хуьлу.

— Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а

Къ-

къ-

— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

Нийса боху и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.

— ХIинца вай яздийр ду доккха элп Къ.

Слайд:

(Анимацица гойту доккха а, могIанан а элпаш Къкъ.)

— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп Къ.

КъКъКъ……

Слайд:

Вай яздийр ду къ юкъахь долуш дешдакъош.

къа къо къу къи къе

акъ окъ укъ икъ екъ

— ХIинца вай далор ду къ элп юкъахь долу дешнаш?

Суьртийн цIераш яха, ала мичахь хеза вайна аз [къ] хIокху дешнашкахь:

Слайд:

Къолам бекъа моьлкъа некъ

Аз [къ]хез: къолам дашехь хьалха; бекъа, моьлкъа – юккъехь; некъ дашехь – тIехьа.

— ХIинца, шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш дакъошка доькъуш, схьаяздийр ду вай и дешнаш:                                                                                                                                                    

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Къо-лам бе-къа моьл-къа некъ

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин ацхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

— ХIокху дешдакъошца дешнаш кхолла:

Слайд:

Къа-

Къе-

Къо-

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Къакъадо, къада, къаго, къаро, къамел;

Къекъега, къеда, къежа, къемат, къера;

Къокъолам, къора, къонах, къола, къона.

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду.

Дайна элп схьакаро хьовса:

— Оцу элпана буха сиз хьакха.

Слайд:

Слайд: (нийса ишттахир ду)

Моьлкъа, букъаш, докъар, къехо, къовсам, къиг, мукъам, мукъ, бакъо.

Къиг-дош юкъахь предложени хIотта а яй, дIаязъе. Къ элпана кIел сиз хьакха.

Слайд:

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Тхуна новкъахь къиг гира.

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп Къкъ, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

— Кху тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Дудаева Ирса Хожаевна.

Close
Яндекс.Метрика