1 класс УРОК №28 БУКВА ХЬ

I класс.

Урок 28.

Мукъаза аз а, элп а хь довзийтар, яздар.

— Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!

— Тахана вай цхьаьна дIахьур ю рогIера беркате урок.

— Бераш, хIетал-метал алий вай

Бешшехь аьчгах бина со,

Когаш, куьйгаш ца дина.

Коьрте кхаччалц аннех бетта,

Къа ца хеташ, жIов тIеетта. (Хьостам).

— Муьлха аз хеза хьостам дашна хьалха? (Хь) хеза

— Вайна тахана девзар ду мукъаза аз а, элп а Хь хь.

— Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь деша а, яздан а.

Слайд.

Суьрташка хьовса:

— ХIун ю суьрта тIехь вайна гуш ерг? (Хьайба ю)

— ХЬАЙБА дешан юьххьехь хеза аз — Хь

— Аз (Хь) мукъаза ду.

— ХIунда аьлча и аз (Хь) лакха ца ло

— ХЬАЙБА дешан ши дешдакъа ду. — Хьалхара дешдакъа- хьай

— ШолгIаниг — ба

Слайд.

— Хьовсал суьрта тIехь гуш ерг буьхьиг ю

— БУЬХЬИГ дешан ши дешдакъа ду

— Хьалхара дешдакъа – буь

— ШолгIаниг — хьиг

— Мича меттехь хеза аз (ХЬ) БУЬХЬИГ дашехь? (Дешан юккъехь)

Слайд. (элпан сурт Хь)  

(Хь — хь)

ХIара зорбанан доккха элп Хь ду

 ХIара зорбанан жима элп хь ду.

——-

       Слайд.

Хь — йозанан доккха элп ду

хь — йозанан жима элп.

— Тидам бе вай элпийн. И ши элп цхьатерра ду, амма жима элп шен барамца лохо ду.

— Элп Хь хь шалха элп ду, хIунда аьлча и яздеш пайдаоьцу шина хьаьрках.

Слайд.

Х + Ь

— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.

— Цкъа хьалха хIаваэхь яздо вай элп хь.

— ХIинца схеме хьовсуш тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан а, доккха а элп хь Хь.

Слайд.

— Доккха элп Хь яздо боккхачу могIанан юккъера. Хьалхара хьаьрк

доккха элп — Х

— шолгIа хьаьрк — ь. (кIеда хьаьрк)

— И ши хьаьрк вовшах тесча хуьлу доккха элп — Хь.

— Шуна хIинца Iеми хь элп дилла.

— Хь элп юкъахь долуш дешдакъош а, дешнаш а яздай вай.

Слайд.

Хьа, хьо, хьу, хье

Хьач, хьоза, хьун, хьер.

— Тидамца ойла а яй, маьIница догIу дош дало хьовса тIадамийн метта.

Слайд.

Дитта тIехь ца волуш лач,

Ас схьабоккху  хьаьрса… (хьач)

Слайд.

Тхан лулахо жима Мовла

Даъал дукха дезаш ву… (хьовла)

(суьрташца гойту: хьач, хьовла)

— Вайна тахана девзира мукъаза аз (ХЬ). Иштта жима а, доккха а элп хь яздан.

— Хьоме доттагIий! Кху тIехь чекхйолу вайн таханлера урок.

— Хаддаза къахьега деза вай вешан маттахь яздан а, деша а. Дала аьтто бойла шу!

— Iодика йойла! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика