3 класс. Урок №31 «Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш»

Нохчийн мотт.

3 класс.

Урок №31

Урокан цIе: Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.

— Маршалла ду шуьга,хьоме дешархой!

— Вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Бераш, вайна девзар ду лааме а, лаамаза а билгалдешнаш. Iемар ду уьш вовшех къасто.

— Дешнаш дIа а деший, ала хIун хаттарш хIиттор дара вай царна.

Слайд:

Воккха стаг                         воккханиг

Можа йовлакх                      можаниг

Лекха лам                             лекханиг

Уьш билгалдешнаш ду. Церан хаттарш ду: муха? муханиг?

— Билгалдешнаш хуьлу ламе а, лаамаза.  

Лаамазчу билгалдашо муха, мухачу хаттаршна жоп ло.

Иза цIердешнашца лела: цIен байракх, бехачу ураме.

— Дешнаш дIа а деший, схьаязде лаамаза билгалдешнаш.

Слайд:

Жима кIант – жиманиг, хаза туьйра – хазаниг, сийна буц – сийнаниг, можа хьоза – можаниг, лекха лам – лекханиг, дика кIант – диканиг.

Слайд:

Нийса иштта хир ду:

жима кIант

хаза туьйра

сийна буц

можа хьоза

лекха лам

дика кIант

— Билгалдешнаш, вай ма-аллара лаамаза а, лааме а хуьлу.

Лаамечу билгалдашо муханиг? хаттарна жоп ло.  

Иза ша лела: хазаниг, диканиг.

— Схьаязде: лаамаза билгалдешнаш цхьана бIогIамалге, лааменаш — шолгIачу бIогIамалге.

Слайд:

Жима эса, горга буьрка, диканиг, месала куй, къораниг, чIогIаниг, хьоме хьаша, дашониг, стомманиг, шира илли, къена хьун, сийнаниг.

Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Жима эса                     диканиг

горга буьрка                 къораниг

месала куй                   чIогIаниг

хьоме хьаша                дашониг

шира илли                            стомманиг

къена хьун                   сийнаниг

Лаамазчу билгалдешнех лааменаш а деш дIаязде.

— Тидам бе лааме билгалдешнийн кхолладаларан?

Слайд:

Хаза бIаьсте —

Тийна суьйре —

Сирла буьйса —

Сийна стигал —

Шийла шовда —

Баьццара бай —

Хьоме юрт —

Мерза Iаж —

Слайд: Нийса иштта хир ду:

хазаниг

тийнаниг

сирланиг

сийнаниг

шийланиг

баьццарниг

хьомениг

мерзаниг

— Муха кхоллало лааме билгалдешнаш?

Слайд:

Лааме билгалдош кхоллало лаамазчу билгалдашна тIе суффикс -ниг — кхетарца.

— Лаамаза билгалдош цIердашца цхьаьна хуьлу, иза цIердош долчу дожарехь, терахьехь хуьлу.

-ХIокху цIердешнашца догIу билгалдешнаш даладе.

Лаамазчу билгалдешнех лааменаш де.

Слайд:

КIалд-

Iаж-

Малх-

Нийса иштта хир ду:

Слайд:

КIалд — дуьра, теза, шира;           дуьраниг, тезаниг, шираниг;

Iаж — мерза, муьста, сийна;                  мерзаниг, муьстаниг, сийнаниг;

Малх — бовха, сирла, дашо.           бовханиг, сирланиг, дашониг.

— ХIетал-метал хаийла шуна:

Мохал чехканиг?  

Воккхачу дадин доьхка.

— ХIокху хIетал-металшкарчу билгалдешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд: Нийса иштта хир ду:

Мохал чехканиг? — БIаьрг

Воккхачу дадин доьхка? — ТIай

— Хьоме дешархой, тахана вай дийци лаамаза а, лааме а билгалдешнех лаьцна.

— Iеми лаамазчу билгалдешнех лааменаш кхолла а, къасто а.

— Цу тIехь вайн таханлера урок ерзор ю.

Iодика йойла! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика