3 класс. Урок №30 «Дуьхьал маьIна долу билгалдешнаш»

3 класс

Нохчийн меттан интернет-урок.

Урок №30.

Тема: Дуьхьал маьIна долу билгалдешнаш.

Маршалла ду шуьга, хьомсара накъостий,

— Дехийла шу ирс долуш!

— Могаш-маьрша шу хилар, дийна беркат ду,

— Iилмане шу кхийдар, бух боцу совгIат ду!

— Юха а дIахьур ю вай-вешан рогIера урок. Луур дар-кха дешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла! Вай тахана дуьйцур ду дуьхьал маьIна долчу билгалдешнех лаьцна.

— ХIара ши текст вовшашца юстур ю вай:

— Дуьхьал маьIна долу билгалдешнаш цIердешнашца цхьаьна схьаязде.

Слайд.

Шийла мох хьоькху                                  Бовха мох хьоькху.

Стигалхула Iаьржа мархаш лела.              Стигалхула кIайн мархаш лела.

ДогIанан даккхийра тIадамаш                  ХIинца охьаоьгуш догIанийн

охьаэга дуьйладелира                               кегийра тIадамаш дара

— Текст тIехь дуьйцу Iаламехь догIа деанчул тIаьхьа хиллачу хийцамех лаьцна.

Нийса иштта хир ду.

Слайд.

Шийла мох – бовха мох

Iаьржа мархаш – кIайн мархаш

Даккхийра тIадамаш – кегийра тIадамаш.

Слайд.

Цхь хIума кхечу хIуманна дуьхьал хIоттайо муьлххачу а цхьана билгалонца-барамца, басца, иштта дIа кхин а:

лекха – лоха, Iаьржа – кIайн.

— МаьIница дуьхь-дуьхьал долчу дешнех антонимаш олу.

— ХIокху цIердешнашна тIехьа билгалдешнаш язде. Билгалдешнашна кIел сиз хьакха.

Слайд.

ТIулг … бу, ткъа мас … ю. Дитт … ду, ткъа синтар … ду. Iа … ду, ткъа аьхке … ю. Лампа … ю, ткъа стогар… бу.

— И дакъа дIадаьккхича вайна ца го дешнашна юккъера уьйр.

Слайд.

ТIулг беза бу, ткъа мас яй ю. Дитт доккха ду, ткъа синтар жима ду. Iа шийла ду, ткъа аьхке йовха ю. Лампа сирла ю, ткъа стогар бодане бу.

— Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

Слайд:

Гайта

Моз, бурч а – чомаца.

КIора а, мел а басца.

Эса а, етт а – доккхаллица.

— Нийса жоп иштта хир ду.

Слайд:

Мерза моз, кIон бурч;

Iаьржа кIора, кIайн мел;

Жима эса, боккха етт

— ХIинца текст — суртхIоттор бохург хIун ду хьовсур ду вай.

Слайд.

Текст – суртхIотторехь адамийн, дийнатийн, ораматийн, Iаламан хиламийн тайп-тайпанчу хIуманийн сурт хIоттадо, куц-кеп довзуьйтуш.

— ХIокху текст тIера зезагийн сурт хIотторан тидам бе. Билгалдешнашна кIел сих хьакха.

Слайд.

Нана–десте – дуьххьарлера бIаьстенан зезаг ду. Кху зезаган дашочу басахь долу кортош баппан зезагах тера ду. Ораматан гIад цIехочу пелагаша хьулдина хуьлу. ГIаш аьхкенан юккъехь довлу.ТIехулара уьш шера а, шийла а ду, бухара –кIеда а, довха а.

— Толлур ду вай.

Слайд:

БIаьстенан, дашочу, баппан, ораматан, цIехочу, шера, шийла, довха, кIеда.

— Таханлерчу урокехь вайна девзи дуьхьал маьIна долчу билгалдешнех лаьцна. Иштта хии текст – суртхIоттор бохург хIун ду а.

— Дала вешан меттан сий-лерам бан а, иза кхио а кхетам лойла вайна! Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика