ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР
(1920 – 1980)
Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделении. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Шен цIарах книга йолу повесть а, дийцарш а ду цу тIехь зорбатоьхна. Шира хенахьлерчу нохчийн дахарера гуллакхаш ду “Болат-ГIала йожар” повестан чулацамехь. Дика тIеийцира книгашъешархоша Гайсултанов Iумаран хьалхара книга. Яздархочун кхиам лерира иза критико а. 1960 шарахь араяьлла яздархочун шолгIа книга “Кавказан лаьмнашкахь”. Дийцарш дара цу тIехь зорбатоьхна. Кхин ши шо даьлча зорбатоьхна “Сема лергаш” цIе йолу дийцарийн книга. Царна тIаьххье араевлла керла книгаш “Къийсаман новкъахь” (1963), “Керлачу дахаре”(1964), “Тешаме доттагI” (1965). Нохчийн Республикин тайнигин театрехь еххачу хенахь кхиамца х1иттийна яздархочун пьесаш «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа». 1974 шарахь зорбанера араяьлла Гайсултанов Iумара исторехь хиллачийн буха тIехь язйина повесть “Александр Чеченский”.
Повестан хиламаш 1816 шарца чекхбовлу, амма эпилогехь автора хаийтина шен турпалхочун кхидIа хиллачу дахарх дерг а.
Нохчийн исторически прозехь дикачарах ю “Александр Чеченский” повесть. Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Яздархочун кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала яра. Цуьнан произведенеш хIинца а школашкахь, вузашкахьа Iамош ю.
Гайсултанов Iумар кхелхина 1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.