Хасаров Рамзан

Хасаров Рамзан — Соьлжа-ГIалин №54 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
2002-чу шарахь дуьйна цу школехь болх беш, схьавогIуш ву.
Тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь жигара дакъалаьцна цуьнан дешархоша, тоьлла хаарш гайтарна толаман меттигаш а баьхна.
Ненан маттаний, дахарехь лардан дезачу гIиллакхашний юкъахь йолу дийна зIе йовзийтар коьрта лору цо дешархошна хьехарехь.
Бераш кхетош — кхиорехь Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а билгалбаьккхина цо бина болх Нохчийн Республикан Парламенто а, Соьлжа-гIалин дешаран департаменто а, дешаран Iилманан министерство а.
2009 шеран 27-чу майхь Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тIедилларца «Нохчийн республикан Хьакъволу хьехархо» ц1е тиллина.
Рамзан автор ву 8 — чу а,11 — чу а классийн нохчийн литературин хьехархошна гIоьнна язйинчу методически пособин а, белхан тетрадан а.
Иштта, Хасаров Рамзан экзаменашкахь а, олимпиадашкахь а берашна гойтучу хаарийн мах хадочу экспертийн тобанца болх беш а ву.
2015 шарахь дуьйна интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан тобанан декъашхо, 2017-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ву. 

Close