Исакова Бирлант

Исакова Бирлант — Соьлжа-ГIалин №8 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
Шен къинхьегаман некъ цо дIаболийна 1989-чу шарахь.
Шен болх дукхабезаш, доггаха дешархошна ненан мотт Iаморехь къахьоьгуш, цу тIехь баккхий кхиамаш болуш схьайогIуш ю Бирлант. Дешархойн хаарш тIедузарехь дIахьо классал арахьара болх.
Берашна лаккхара хаарш даларал сов, берашкахь дика, а, тоьллачех лара хьакъйолу амалш кхиоран болх бо цо. Традиционни хилла дIахIиттина цуьнан библиотекехь дIахьуш йолу тематически мероприятиш. Республикан къовсамашкахь толамаш боху Бирлантин дешархоша. Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбаьхна бу цуьнан а, берийн а белхаш. Бирлант автор ю 11-чу классан нохчийн литературин хьехархошна гIоьнна леринчу методически пособин а, белхан тетрадан а.
2019 –чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо.
2019-чу шарахь дакъалаьцна: Москвахь Ерригроссин Iилманан-практически конференцехь а, Элистахь региональни конференцехь а.
2018 – чу шарахь дуьйна интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, хIара шо доладеллачу дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.

Close