5 класс Урок№32 Сулаев Мохьмад «ТIехтохар»

 

 

 Урокан цIе: Сулаев Мохьмад «ТIехтохар». ( Дешархошна шаьш йеша произведенеш).

  — Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

  — Вай йуха а дIахьур йу вешан рогIера нохчийн литературин урок!

  — Тахана вайн классал арахьара дешаран урок хир йу.

  — Сулаев Мохьмадан «ТIехтохар» цIе йолу туьйра доьшур ду вай.

Слайд:

                      (I920-I992)

 — Кхул хьалхарчу урокашкахь Сулаев Мохьмадах лаьцна вай дийцира, иштта Iамийра цуьнан «Ламанан хи» цIе йолу стихотворени а.

-Сулаев Мохьмад вина I920-чу шарахь, товбецан беттан 20-чу дийнахь, ГIойтIахь.

-Деша ваххалц йолу бераллин хан цигахь йаьккхина цо.

— Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу   I6-гIа лоьмар йолчу  ишколехь I928-чу шарахь долийна дешар дIахьо цо Iалхан-Йуьртахь.

 -I933-чу шарахь Сулаев Мохьмад деша вахара Баку-ГIала. Цигахь педагогически рабфакехь дешна ваьлча, цо I94I-чу шарахь чекхйоккху Бакура медицински институт.

— Оцу хенахь дуьйна схьа лоьралла а, литературни болх а дIакхоьхьу цо.

— Дуьххьара шен байташ I935-чу шарахь йазйина цо.

 -I958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолуш, керла поэтически сборник арайаларца дIаболало цуьнан кхоллараллин шолгIа мур.

-Цо арахоьцу поэзин а, прозин а киншкаш. Кестта, цхьаъ вукхунна тIаьххье арайовлура цуьнан поэзин керла сборникаш.

-Тахана вай дуьйцур ду «ТIехтохар» цIе йолу туьйра.

-Эвла йисте бижинчу саьрмакна хIун дийр дара ца хууш,  майданахь гулбеллачу нахе лен велира гIодайуккъе кхаччалц охьайогIуш шурула-кIайн маж йолу йуьртан къано:

Слайд:

— ЛадогIал, нах! Кхо бутт а сов хан йели вайн эвлан йисте саьрмак боьссина, цо вай даха ца дуьту. Жа а, бажа а дIалахка йиш йоцуш, божалашкахь, керташкахь лаьтта. Саьрмако, хIора тоьллачу доьзалх цхьацца воккхуш, нисвелла ткъех кIант а дIаваьхьна. ХIинца оцунах а тоам ца беш, шена йацо цхьа йоI а йоьху йерриг а йуьртан цIарах. И ца лахь, эвлан йистера дIагIур бац ша, боху, лахь, дIагIур бу, боху… ХIун де вай? Теша вай цунах йа ма теша? – хаттар деш, нахе дIасахьаьжира къано. – Ткъа вуй цхьа а вайх реза йоI дIайала? Йа и саьрмак хIаллакбан тIелоцург? ДIахьовсал дIо!

  Шегара Iаса сихха эвлан йистехьа хьажийра цо: цигахьа рагI йина хьаладахначу лекхачу таьллашна тIехула а схьагора маьлхан зIенаршлахь стелаIодах тера лепа Iодан кепехь саттийна саьрмакан букъ. Саьрмакан горга, веда корта а бара стигалара йуьрта чу хьоьжуш, гIаттийначу багара схьа йеха цIеран асанаш а туьйсуш.

 -Ойлане бахана, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, вовшашка хьовса эхь хеташ, лаьттара йуьртахой: саьрмак хIаллакбан тIелоцург ца волура цхьа а.

 -Нах, гIар йайна, Iадда Iара: кхузахь лаьттачех наггахь бен вацара цхьацца вахьаза.

 -Эххар а цхьа къена воккха стаг Датта вистхилира:

Слайд:

 Саьрмак хIаллакбан ницкъ сан хир бац. Иштта хьуьнаре а вац со. Амма йуьртан дуьхьа, тхешан цIен тIехь  массо а велла йисина сайн цхьаъ бен йоцу йоI дIайала реза ву со, — элира хьалхахьа а таьIна цхьана векъначу стага.

-ЭхI-хIай!-аьлла, аттачу бовларан а, тIе цхьабосса йоIах къахетаран а гIара йелира нехан: саьрмакна дIайала тIех кхоам болуш, хIинцца бераллера йаьлла, тайна кхиъна йоI йара Сапият.

-Баркалла, доккха баркалла хьуна, ва Датта!- бохура, ца кIордош, наха.

-ЙоI дIайеллачул тIаьхьа, гондахьа дерриг а хийцаделира: стигалан анайист Iаьржачу кIуьрзах дIацIанлуш хьаьъначу морзин басахь къегира, эвла чу схьаеттало саьнгалан хьожа а, тамашийна гIовгIа а тийра – бежанаш, уьстагIий, олхазарш самукъане дека дуьйладелира, урамашкахь берийн гIара гIаьттира: саьрмак дIабахнера, шен йийсар а эцна.

-Амма цул тIаьхьа, мелла а цхьа хан йаьлча, эвлан йистехь кхашна дуьллу хи доькъучохь, дош дашера а даьлла, Даттина тIехтуьйхира саьрмакна дIайелла цхьаъ бен йоцу йоI цуьнан лулахочо НедаргIас.

-Цу дешнаша дог Iовжийна, гIодайуккъе шаьлта а йихкина, белшах пхерчийн тIоьрмигца цхьаьна секхаIад тесна, кара ножан коьжалг лаьцна, дуй биъна, саьрмакера йоI схьайаьккхиний бен йуха ца верза, новкъавелира Датта.

-Бехха некъ бира цо, акха олхазарийн буьйда жижиг дууш, тIенисвелча шовданан хи а молуш. ХIун дер те аьлла, иза холчухIоьттинчохь,  йаъа-мала йоцуш, Датта висча, коьжалг лерехь хезира:

Слайд

— Ма воха… ахьа кхузза со лаьттах Iоьт-Iоьттинчохь хIоразза а мала хин къурд а, баа орам-стом  а карор бу хьуна!

 -Иштта шен-шен хенахь коьжалго напха а латтош, дIаоьхура иза.

-Эххар а кхечира сийна аре кхачалучу йисте. Лачкъа IиндагI а доцуш, малхо йеттинчу арахула дIавахалур воцуш, бIарзвелира Датта. Кхузахь а орцах йелира коьжалг. Цо элира:

Слайд:

— Воха ма воха! Цу Наж-дитто гIо дийр ду! И сан нана йу! ТIе а хилий, кхузза со цуьнан гIодах тоха!

 Даттас кхузза Наж-диттан гIодах туьйхира коьжалг. Наж-дитт, цIаьххьана ша лаьттачуьра бухдаьлла, шен ондачу орамаш тIе, когаш тIе санна, ирахIоьттина, Даттина хьалхаделира.

 — Вало суна кIел! Ас гIо дийр ду хьуна!

-Наж-дитто маьлхан алу тIе ца кхочуьйтуш, саьрмакан лорах дIавигира Датта. Цу лорах дIаоьхуш, и шиъ тIеIоттаделира хьаьдда догIучу даьржинчу хина.

-Хи саьрмако шен доза лардайта хецна дара. Иза дIаьвше дара. Наж-дитто гIо а деш цу хих велира Датта.

-Хил дехьа а бевлла, хIорш дIабоьлхуш, цIаьххьана инзаре гIовгIанца, мичара йели ца хууш, кхарна лакхара схьа чухьаьдира цхьа йоккха аьчкан аьрзу.

Слайд:

 — Сихха сан гIодах хьарча! Саьрмакан махка тIе кхочуш лаьтта вай. И цуьнан гIарол ду!

 — Ларор дуй вайша? – хаьттира Даттас.

 — Ларор ду, ший а дика хьовзахь, — цо аларца, аьчкан аьрзу йоккхачу гIовгIанца лакхара чухьаьдира Наж-диттана.

-Наж-диттан гIодах хьаьрчина Датта а волуш, вовшахтасаделира и шиъ.

Даттин тидам хилира аьрзунан болатан мIараш йолу и ког настарх дIахIотталучохь гуш йолчу цIечу моханан, цу метте шен шаьлта туьйхира Даттас. Ирчачу цIогIанца ша йолччохь охьадуьйжира делла аьрзу. Иза цигахь а дитина, хиллачу толамах баккхийбеш, каде дIаоьхура хIорш.

 — Саьрмакан махка кхаьчча, Наж-дитт кхин дIадаха йиш ца хилла сецира оцу аренан йистехь.

— ХIинца хIун дер-те? – аьлла, холчухIоьттира Датта. ЦIаьххьана цунна хьалхха тIулга тIехь мичара дели ца хууш, шурула-кIайн тобалкх-зезаг гучуделира. Цо дела а къежна, элира:

Слайд:

 — Ма воха, оха гIо дийр ду хьуна. ДIахьажал дIо! Хьан йоIа ша новкъа йоьдуш бIаьрхиш охьаIенийначу девлла ду уьш, царах некъ бевзар бу хьуна!

Церан лорах дIаоьхура Датта. Эххар кхечира ирачу тIулгийн Iаьржа лаьмнаш кхачаделлачу йисте. Хьалхахьа гора тамашийна, оцу лаьмнел а лекха хьалабахна мокхаз-торха тIе доьдуш готто болатан тIай . Амма и цхьа а шена тIехула дехьавалалур воцуш, цIечу басахь догура.

 — Ойлане ваханчу Даттина орцах деара цIирцIир хьоза. Сапиятан геланча хилла олхазар. Цуьнан гIоьнца майра гIопа чу велира Датта.

Слайд

ГIопа чу а ваьлла Датта дIасахьожжушехь, цунна дайнарг инзаре сурт дара: аьтту а, аьрру а агIорхьа нийссачу магIаршца лаьттара куьйса Iаьржа дитташ, шайна тIехь наггахь бен соьналла а ца хаалуш. ХIора дитта тIехь, го бина, ткъаткъа кегийрхойн декъий кхозура, шайна йукъахь диттан гIодах цхьацца йоI а кхозуш. Церан массеран а гуш йолу йаххьаш а, меженаш а цхьа тамашийна, кира санна, йара. Цецваьлла, вегийра Датта.

— Датта, хьалхадаьлла олхазар а долуш, шолгIачу гIопа тIе кхечира. Цигахь цунна дайра тамашийна сурт: оцу тоьлана тIехьа долчу дитташ кIел могIа бина Iохкура набаран тар чохь бахкош болу кегийрхой. Царна хIор-хIоранна тIейоьдий, сурилица газан шура мийлош лела шен йоI Сепият а  гира Даттина.

-Шен шаьлта хьалайаьккхина, дIахьада вуьйлира Датта, амма хьозано, сих ма ло, хьо иштта атта царна тIекхачалур вац аьлла, сацийра.

-Кестта, цхьана лекхачу кхоалгIачу гу тIе кхаьчча, цунна тIе а девлла, севцира. Хьозано элира саьрмакан шина бIаьрга йуккъера цхьа можа кхаакIов томмагIа цуьнан салаьтта меттиг йу. Цига кхетчий бен саьрмакан са дер долуш дац.

Слайд

-Даттас ша леррина ларбеш лелийна болу тIаьххьара пха секхаIода биллира. Ницкъ маббу озийна, нийса хьажийна, дIахийцира Даттас ира беха пха. Оцу томмагIнехула нийсса чубахана и пха, коьртах чекх а баьлла, йуккъелц лаьттах а бахна, саьрмакан и корта лаьттах дIатаIош, бай-й бегийра. ХIетте а саьрмако, бала ца туьгуш, тоьли чохь дисина дегI чIагарш йухаийзош дIасадеттарна, тоьлин пенех а, тхевнах а схьа а дуьйлуш, даккхийра мокхаз тIулгаш генахула дIасаоьхура. Царах шен йоIана а, кегийрхошна а цхьа зулам даларна кхоьруш, Даттас маса тIехьаьдда, йуххе а хилла, шаьлтанца саьрмакан корта дегIах къастийра.

 И шиъ тIехьаьдира йоI а, кегийрхой а болчу.

 — Дай, йоIIий вовшахкхийтира, цул тIаьхьа цIирцIирхьозано кхузза йуткъа шок тоьхна, кегийрхой, самабехира.

— ХIинца суна тIаьхьахIитта массо а! Вай цкъа арадовла деза кхузара сихха, бийначу саьрмакан дIовш даржале, — элира хьозано.

-Сихонца тIай тIехула дехьа а бевлла, цIехьа буьйлабелира хIорш.

-Эххар а кхечира шайн эвла йисте. Некъана уллехь галгIожмех ловзучу берашна вевзира Датта. Царах воккхахволу Куьйра:

 — Марша догIийла шу, Датта! – аьлла, йуьрта хьаьдира, кхаъ баккха.

-Дерриг адам схьагулделира сихха. Даттас ша мел лелийнарг дIадийцира. Йуьртахоша доггаха баркалла элира Даттина.

-Ткъа цунна тIехтохам бина волу лулахо НедаргIа, адаман суьртахь, тIулган чурт хилла лаьттара. Цо бобераш кхобуш йисинчу РабIатана цуьнан къоьлла тIехтоьхна хиллера.

— Ой-й! Хьо тамаш! Ма къа ду цуьнан! – гIийла корта ластийна, вистхилира Датта.

Слайд:

Сепията, шен дех къахетта, элира:

 — Дада, хIара-м аса хIокху сохьта цIирцIир хьозане, кхузза шок а тохийтина, йуха ден войтур ву.

 — ХIан-хIа! ХIан-хIа!… ТIехтохар дика дац!.. ТIехтохар дика дац! – аьлла, маса дIадедира стигалхула цIирцIир хьоза, кхин йуха а ца дан, Наж-дитт долчухьа Iалашо а лаьцна.

 Ткъа хIетахь дуьйна и адаман суьртехь болу тIулг иштта лаьтташ бу, бах, оцу арахь.

ХIокху туьйрано вайна гойту дуьненчохь вехачу хенахь цхьана а адамна тIехтохам бан мегар ца хилар. Шега далучу барамехь стагана гIуллакх дар тIехь ду массарна а. Датта майра а, къонахалла йолуш хилар билгалдолу кхузахь. Иштта хила а беза къонахий!

 — Кху тIехь вайн урок чекхйолу.

 — Iодика йойла шун, марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика