Тозабаева Тамара

Тозабаева Тамара, йина 1975-чу шарахь чиллан беттан 7-чу дийнахь Энгель-йуьртахь.

1981-чу шарахь Энгель-йуьртан йуккъерчу ишколан хьалхарчу классе деша йахара Тамара. Меттигера ишкол чекхйаьккхира 1992-чу шарахь.

1993-1999-чуй шерашкахь дешна Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультетехь.

2002-чу шарахь дуьйна, Дадагова Данин ц1арах йолчу №3 Гимназехь болх беш йу, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш.

2015-чу шарахь дакъалаьцна, Республикерчу нохчийн меттан хьехархошна йукъахь дIадаьхьначу, «2015-чу шеран нохчийн метан тоьлла хьехархо» аьлла долчу къовсадаларехь.

Бинчу белхан мах хадош, совгIаташ дина:

Нохчийн Республикин Парламентан Грамотица, 2008-г1а шо.

Гуьмса кIоштан Администрацин Куьйлахочун грамотица, 2010-г1а шо.

Нохчийн Республикин Парламента Баркаллин Кехатца, 2013-г1а шо.

Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствон Грамотица, 2015-г1а шо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Парламентан Администрацино Сийлаллин грамотица, 2018-г1а шо.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон грамотица, 2020-г1а шо.

Дешаран урхаллин, Гимназин грамоташца.

Close
Яндекс.Метрика