Ойбуева Фатима

Ойбуева (Косумова) ПетIамат йина 1980-чу шарахь, Гуьмсан кIоштан Илсхан – Йуьртахь.

Хьалакхиъна хьехархойн доьзалехь (да (Адам) — математик, нана (Тамара)- оьрсийн меттан хьехархо) шаьш дехачу йуьртахь.

1986-чу шарахь хьалхарчу классе деша йахана Илсхан-Йуьртарчу йуккъерчу №1 йолчу ишколе.

1996-чу шарахь хийцира ишкола Илсхан-Юьртара №2 йолчу ишколе яхара ПетIамат. Иза чекхйаьккхира 1998-чу шарахь.

1999-чу шарахь деша йахара Нохчийн Пачхьалкхан Университете филологин факультете къоман отделени. 2005-чу шарахь чекхйоккху цо «Оьрсийн меттан а, литературин а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо» корматалла кара а йерзош.

1999-чу шарахь Илсхан-Йуьртан йуккъерчу №2 йолчу ишколе йуьхьанцарчу классан хьехархо хилла шен белхан мур дIаболийна ПетIамата.

2000-чу шарахь 5 –чу классашкахь нохчийн мотт хьеха йолайелира оццу ишколехь.

Пет1аматан белхан корматталла лакхара йу. И лакхайаккхарехь курсаш а йаьхна ца. Тахана цуьнан къинхьегаман белхан стаж ткъе цхьа шо йу.

2015 – чу шеран «Нохчийн Республикин хьехаран белхахой» къовсадаларан толархо. 2016 шеран «Нохчийн Республикин тоьлла хьехархо» къовсадаларан толамхо». 2016 шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь хьехаран декъехь кхиамаш бахарна «Россин Федерацин йуккъерчу дешаран Сийлахь белхахо» сийлахь цIе тиллина.

Close
Яндекс.Метрика