Исмаилова Асмаъ

Исмаилова Асмаъ, Цоци-Эвлара №3 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколан, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йу.

Иза йина 1977-чу шеран бекарг беттан 1-чу дийнахь, Цоци-Эвлахь.

1995-чу шархь цо чекхйаьккхина Цоци-Эвлара йуккъера №3 йолу ишкол.

2009-чу шарахь заочно деша йахна Нохчийн Пачхьалкхан Университете филологин факультете. 2015-чу шарахь дешна йаьлла.

2010-чу шарахь балха хIоьттира ша дешначу Цоци-Эвларчу №3 йолчу йуккъера йукъардешаран ишколе. ХIетахь дуьйна цу ишколехь болх беш схьайогIуш йу, тIекхуьучу къоначу чкъурана нохчийн мотт хьехарехь а, марзбарехь а къахьегарца.

Цуьнан дешархоша жигара дакъалоцу тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь, иштта дика хаарш гайтарна толамаш баьхна меттигаш йу.

Дешархошна йезаш а, белхан накъосташа лоруш а йу, Асмаъ.

Нохчийн Респупликин Парламентас, Курчалойн кIоштан администрацино, цу кIоштан, дай-нанойн комитето, ишколин куьйгалхочо билгалбаьккхина цо бина болх сийлаллин грамоташца а, баркаллин кехаташца а.

Нохчийн меттан хьехархочун коьрта а, сийлахь а декхар ду, ницкъ ма-кхоччу дешархой маьIнах кхетош а, меттан марзо а, цуьнан хазалла а, царна йовзуьйтуш, нохчийн мотт ишколехь дика хьехар.

Close
Яндекс.Метрика